ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат- Аренана" юьстах


СаIудахойн футболисташ Соьлж-ГIала баха дагахь бара, амма цхьана хIумано новкъарло йинчух тера ду царна.

2018-чу шеран дуьненаюкъарчу футболан чемпионатна кечамаш беш ю Оьрсийчоь. Матч дIаяхьа билгалъяьккхина 11 Европан декъан гIала, иттанаш шахьараш футболан тобанхошна кечамаш бан дIатаръечу меттигийн тептаре нисъелла. Муьлха клуб муьлхачу гIала гIур ю къастор хьешашна тIехь дара.

Нохчийчоьнна дагахь доццург хилла – ларбеш Iарбой бара, ткъа богIурш Мисаран футболхой бу.

Стохка аьхка Соьлж-ГIала дуьненаюкъарчу футболан федерацин (ФИФА) тептаре яккхар, дуккхаъчарна дагахьдоцург дара.

ХIунда аьлча, оццу хеначохь цхьа могIа пачхьалкхаша шайн бахарошка кхайкхам бира, Нохчийчуьрчу Iедалехь болчара адаминй бакъонаш ларъеш яц, цига даха ма гIерталаш аьлла.

ХIетахь кхолладелира хаттар: муьлхачу тобано къастор ю Соьлж-ГIала?

СаIуда Iарбийчоьнан футболан Федерацино гурахь дIахьедира, цкъачунна шаьш Соьлж-ГIалахь куп тоха дагахь хиларх, амма бина баьлла шайн сацам шаьш Лахьан-беттан тIаьххьарчу деношкахь бовзуьйтур хиларх, чемпионатан финал хилале кхаж тосучу хенахь.

"СаIуда Iаьрбийчоьнан спортхошна климатца а, динлелорца а товш ю Нохчийчоь, амма делахь а, тIаьххьара шайн хиллачу бертах кхаж таса масех де дисинчу заманчохь дIахоуьйтур ду шаьш", - аьлла, хаамбира ТАСС агенталле федерацин пресс-гIуллакхоша.

ГIуран-беттан хьалхарчу дийнахь Оьрсийчоьнан вице-премьера тIечIагIдира, СаIуда Iаьрбийчоьно Соьлж-ГIала къастийна аьлла. Амма шаьш саIудхоша дош ца элира.

"Фараонаш" бахкар

ЦIеххьана ГIуран-бутт бовш хеза Нохчийчу йогIург Мисарара футболан тоба ю аьлла.

"Массо а гIаланаш вовшах тера ю, амма цхьана соьлж-ГIалахь бен яц олимпикан стадион "Ихмад-арена", - иштта кхетийра цара шайн харжамах, ("Ахматан" метта Iарбойн хаамийн egypt-today.com гIирсо "Ихмад" дашах пайдаэцна кхузахь, Барановн дошамехь "ихмад" - "дIаяйъар", "догдалар" бохург ду.

Иштта гIоле хета "фараонаш" шайх олучу Мисарара футболистийн векала Фаиз Махьмуда бахарехь, стадионна уллохь отел хилар а, шина минотехь дIакхочу хьешан хIусаме, Iаламат дика спортзалехь мел оьшу гIирс хилар а.

Тобан директора Лахита Ихаба Соьлж-ГIалара стадион къасторан кхи бахьанаш довзийтина yallakora.com. гIирсана еллачу интервьюхь: къовсадаларш дIахьондолчу гIаланашна герга хилар Соьлж-ГIала, хенан хIоттам шайна товш хилар, оцу махкахь бехарш бусулбанаш хилар, хIунда аьлча, чемпионат йолалучу хенахь болало мархийн бутт а, шайн спортхошна атта хир ду аьлла хета цунна, динлелор цхьатерра долчу къомаца.

Мисарарчу футболан фанаташна хетарехь, кхи цхьа бахьана а ду цигахь - нохчийн мехкарийн хазалла.

"Ахматал" а гIоле Азов хетча

Ткъа хIун до саIудхоша? Нохчийчоьнан коьрта стадион дIалоцу Мисаран тобано, тамаш бу хьанна а реза хилахь паччахьалла.

Цкъачунна СаIуда Iаьрбийчоьно латтош ю интрига, цхьана а кепара дIахьедарш а ца деш.

Оцу юкъанна, Ростовн кIоштарчу Азовн бахархоша Лакомовн цIарахчу стадионехь тидам бина СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьаллин векалийн.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, шайна хIиттийначу хьелашна Iаламат чIогIа реза а хилла футболан тоба.

ХIинцале а Оьрсийчоьнан футболан фанаташа тобанийн кечамаш бечу базийн карта вовшахтесна. Ростов гIалина герггахь билгалъяьккхина СаIуда Iаьрбийчоь, ткъа Соьлж-ГIалахь – Мисара.

Дагадоуьйту, дуьненаюкъара футболан чемпионат дIахьош ю кху аьхка, Мангал-беттан 14-чу дийнахь йолийна, Товбеца-беттан 15-чу кхаччалц.

Чемпионат схьайоьллучу цхьана тобане нисъелла Мисара а, СаIуда Iаьрбийчоь а, Оьрсийчоь а, Уругвай а. Матчашна оцу группан гурашкахь къастийна ю Москох, Екатеринбург, Петарбух, Ростов, Самара, Волгоград.

Хьалхара матч "Лужники" стадионехь хир йолуш ю, Оьрсийчоьнна а, СаIуда Iаьрбийчоьнна а юкъахь.

Хаамийн championat.com гIирсан информацица, дуьххьара ду ФИФА-н рейтингехь уггар а ледара лоручу командашна тIедиллар дуьненан чемпионат схьаеллар.

XS
SM
MD
LG