ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Халкъан мостагIашна" тIехь карьера йо кадыровцаша


Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакхах адвокатца Новиков Ильяца интервью.

Къилбаседа Кавказерчу бакъонашларъяран "Мемориална" Iаламат чолхе беара байна бутт. Дечкен-беттан 17-чохь Назранера организацин офисах цIе тесира, цул тIаьхьа ши де даьлча Соьлж-ГIаларчу центрех хьоьвсира полисхой, ткъа кхи а кхо де тIаьхьа ХIинжа-ГIалахь бакъонашларъярхойн машен ягийра.

Оццу беттан 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна латтош ву Соьлж-ГIаларчу "Меморриалан" декъан куьйгалхо Титиев Аюб. Цуьнан машенчохь наркотикаш карийна боху.

Титиевна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхан трагикомедин деталех къамел хилира Титиевн адвокатца Новиков Ильяца "Кавказ.Реалиин" корреспондентан.

- Илья, хьо Москохара адвокат ву, хIунда гIерта хьо оцу гIуллакхна юкъа?

- "Мемориало" дехар динера соьга, ткъа царна дуьхьало йойла дац. Титиевн адвокат юьхьанца дуьйнна Заикин Петр вара. Iаламат интересе стаг ву иза. 2000-чу шерашкахь федералан агIонца Нохчийчохь хилла ву иза. Шела кIоштахь йинчу кIелоне а нисбелла, тIемаш бина цара. Тахана Заикина гIуллакх тIелоьцурш, дукха хьолахь, мацах цуьнца цхьаьна тIемаш бина нах бу. Цундела тахана кхечуьнан йоцу бакъонаш ю цуьнан.

"Мемориалехь" хаьттина хилла цуьнга, мила оьшу хьуна гIоьнна аьлла, тIаккха цо сан а, кхин цхьана сийдолчу зудчун цIераш яьхнера. Цкъачунна ца лаьа суна оцу зудчун цIе йовзийта.

Меттигерчу адвокатийн цигахь болх бойла а дац, царна тIеIаткъамаш бо.

- Хала дуй Нохчийчохь болх бан?

- Нохчашна сан ала хIума дац я цхьа а претензеш яц цаьрга. Массо а гIиллакхехь, оьзда бу.

- Титиев лацар муха нисделла?

- Де хьалха ша машен йилинера боху Аюба, цундела хаьа шена машен чохь совнах хIуммаъ ца хиллийла. Цу дийнахь Iуьйранна машенца цIера араволу иза балха ваха дагахь.

Иза даим тIехвуьйлучу тIай тIехь иза ларвеш хиллера Куьрчала кIоштан полисхойн тоба. Машенан неIарш, багажник схьаелла, кехаташ гайта, травматан тапча лело бакъо а гайта аьлла, тIебирзина хилла уьш цунна.

Полисхойх цхьахверг гина Аюбна хьалхарчу аьтту агIорчу неIаре а хIоьттина, шен терго еш, амма шолгIачо багажник хьалха шен тIормиг чу хьожучу хенахь, уллехь хила аьлла,тIекхайкхийра боху. Цхьа минот хан яьллачу хенахь хьалхарчу аьтту агIорчу гIента бухара анаша чохь жима тIоьрмиг баьккхина полисхочо.

Кхечу меттигехь и нисделлехь, тарлора цунна патронаш кхийса а, я патармашца наркотикаш а. Ткъа Нохчийчохь велла Iуьллучунна туьйсу патармаш, хIунда аьлча, меттигерчеран кхетамца, наркотикаш лелор эхье хIума ду, къаьсттина 60 шо долчунна. Нагахь хьан герз хиллехь, хьо дика кIант ву.

- И тайпа машенах хьийсар низамашца догIуш ду я дац?

- Федералан стандарташца, нийса дац дера, уллехь тешаш боцуш муххале а. Делахь а, хIара Нохийчоь ма ю. Цигахь даим а цхьа спецопераци хуьлу-кх, иза дIаяхьарх хьуна тIаьхьа а хууш.

Цул тIаьхьа Аюб полисхойн декъе дIавуьгу, цигахь цхьана сахьтехь гергга ницкъахоша а, меттигерчу зуламан гIуллакхаш толлучу хьукматан куьйгалхо ву ша аьлла, вовзийтинчу Денис а, цкъа дуьххьара кIеда, юха кхерамашца, боьха, маьттаза къамелаш а деш, церан ден хенара стаг иза воллушехь, бехк тIелаца бохуш, ницкъбина цунна.

Хьан герагрчийн проблемаш хир ю, кIант 208-чу артиклца чувуллур ву шаьш а баьхна. Полисхой тешаш хилла, Титиевс бехк тIелоцур бу аьлла. Шена кхерамаш тийсича, цо аьлла хилла: "Делахь, тхайн цIенца чохь дохкур ду-кх тхо". ТIаккха Денин а, цуьнан компанин а импровизаци лело дезна. Аюбан цхьайолу хIуманаш а, ерриш дIа ца елла, масала, офисан догIанаш ца делла. Масех де даьллачул тIаьхьа оцу офисах ма хьоьвсира полисхой, балкон тIехь ийзина анаш юьзна цигаьркаш а "карийра".

Цул тIаьхьа дагахь а доцург до цара. Полисхойн декъера ара а воккхий, шен машенан хьалха хааво. Улло цхьа полисхо а хуий, уьш Аюб дуьххьара сацийначу меттиге боьлху.

Цигахь некъан инспекторо совцабо хIорш. Полисхо машенчуьра араволу, кхи гучу а ца волу, ткъа некъан инспекторна юха а изза анашах буьзна жима тIормиг карабо-кх Аюбан машен чохь.

Эцца тIевогIу тешаш цхьана а болуш, талламхо. Титиевн машенах а хьовсий, юха хIетахь виггинчу полисхойн декъе дIавуьгу иза.

Кхузахь коьртаниг хIун ду, дуьххьара иза лацар полисхойн видеокамераша дIаяздина хилар. Оха цаьрга хеттарш дина.

- ТIаккха, видео еллий шуьга?

- Цкъачунна ца елла. ДIаяйина хир ю аьлла хета суна цара видео. Делахь а, талламан комитето схьаехна и видео дIаяйина хиларо а жоьпаш ма ло дуккхаъчу хеттаршна.

Кхи дIа гIуллакх хьийзо даьккхина. Нохчийчоьнан Лакхарчу кххело Титиев лаца везар тIачIагIдира. Болх муха бо хьуна аьлча, мукъа де а доцуш. Схьахетарехь, цIанбала гIерташ бу уьш.

Талламчийн тобанехь ву хIинца цхьа нохчо а, Адыгейн республикера кхайкхина валийна цхьаъ а, важа оьрси а.

Юьхьанца дуьйнна и гIуллакх листа волавелла талламча сихонца юкъара велира.

Вовзаран процедура яра дIахьош. Оьрсийчохь цхьа наггахь бен аьтто боцуш хуьлуш ма бац и тайпа барамаш, нагахь санна и талламча кино чуьра Анискин санна нийсо лелош велахь, сурт гойту, хIара вевзий хьуна олий. Титиевн хьокъехь тешхIоьттинчун кийтарлонех тхуна хууш дац. Таллам бина баллалц тхуна уьш гайта бакъо яц церан.

Со тешна ву, я ша Титиевгара наркотикаш эцнера, я цо юхкуш гина шена я узуш гина цо аьлла хир ду.

Заикина бахарехь, ша и накъост тамашен ву. ЭттIа мачаш ю когахь, боьха хьожа а ю цунах етталуш, оцу тIехула тIе лелош езачех куртка а ю. Тера ду, цхьанахьа лармичуьра хьала ваьккхина ву иза цара, нехан бедарш тIе а йоьхна.

Заикина тидам бина хиллера, Аюбна тIехь СИЗО-н кIархаш хилла, статисташна тIаьхь массара а лелочу кепара мачаш.

Талламхочун дезна шен мачаш Титиевга тIейохийта. Схьавалийна теш, вист ца хуьлу, вовза а ца вевза. Протоколехь а иштта ду дIаяздина. И екккъа ЧП ма ю балха тIехь.

Кхи дIа а ду изза. Масала, Аюбан месаш яьхьна хилла цо нароктикаш лелайо, ца йо экспертиза ян. Адвокаташ дукха чIогIа реза хилла цунна а. ТIаккха гучудолу- кх цуьнан цхьа мас марихуана чохь йолчу тIоьрмигах хьарчийначу скотчех летта хилар.

И тайпа цхьана цадогIурш мел дукха ду. Дика сатоьхна ву Титиев. Путине а дахьийтина цо кехат, ша бехке цахилар а дуьйцуш, нагахь ша бехк тIелацахь, шена тIехь лелочу Iазапна тоха са а ца хилла, тIелаьцнийла хаалахь, аьлла. Махкара дIавахана цуьнан кIант.

ХIинца ницкъ ца бо Аюбана тIехь.

Цхьа проблема ю цуьнан, чомахь хIума яа йиш йоцуш. Цу дийнахь цергаш яра цуьнан тIеяхкийта езаш.

- ХIун стратеги ю адвокатийн?

- Тхан Iалашо ю, массо а хьаькамашна дIахаийтар, Куьрчаларчу полисхоша бина болх ледара буйла, скандал ца иккхича ер яц кхузахь.

Дени цIе йолчу накъосте дан дуккха а хеттарш хила деза аьлла хета суна. Уьш марзбелла, тIаьхь латтош контрол а йоцуш болх бан. Царна хаьа, кхело цхьа сацам бен тIеоьцур боцийла, хIуъа а хилахь а. Нохчийчохь ишта нислуш а ма ду. Кадыров шен ницкъахошна тIехIутту.

Ткъа федералаш, тIехула тIе харжамаш тIекхочучу муьрехь къаьсттина, кхечу агIор хьовса тарло оцу гIуллакхе. И тайпа истори царна оьшуш ма яц.

- Даим Нохчийчохь лелочу харцонна бIаьргаш хьулбо Москоха. ХIинца хIунда къовлур бацара цара уьш?

- Оха пайдаэца беза хIора а шансех. Хиндерг, гурд у-кх вайна.

Къаьстина цхьаъ ду – Титиевна дуьхьал долийна гIуллакх дIакъовла массо а процессуалан баххаш долуш ду. ЛартIахьчу ситуацехь гIуллакх сацаме а дер дацара, кхеле-м муххале а.

XS
SM
MD
LG