ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечунна аьхкинчу ор чу ша вужуш а нисло...


Даккхий зуламаш дина аьлла, меттигерачу полисхошна дуьхьала доьдучу гIуллакхан таллам дIабирзина ГIалгIайн махкахь. Уьш бехкебо стаг верна а, дIалаьцначарна тIехь къизаллаш лелорна а, нахера кхерамаш а туьйсуш, ахчанаш дахарна а, иштта кхин а цхьа могIа кхечу зуламашна а.

ДIалаьцнарг ву 8 полисхо. Уггаре а лаккхара даржехь верг - экстремизмаца къийсам латточу декъан куьйгалхо Хамхоев Тимур а, кхиъ 7 цуьнца болх беш хилла белхахо а. Царна тIекхойкхуш ву, уьш бахьанехь цхьацца хенашкахь зен а хилла, Iазап а лайна 10 стаг.

Цхьаболчу эксперташа гIалгIайн полисхошна дуьхьал и гIуллакх дола ма диннехь, кхайкхош дара хIинца литтарш дуьйладелла аьлла. Амма цуьнах дегайовхо яц бакъонашларъярхойн.

"Машр" цIе йолчу организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада иштта мах хадийра оцу гIуллакхан: "Цхьа горгали бу-кх иза. Башха доккха хIума а дац иза. Вайна хууш ма дай,и санна хIуманаш дуккха а дуйла. Кху махкахь а, Нохчийчохь а дуккха а нах бу байна, мичахь бу а ца хууш. Iедалан белхахой уьш барна бехкехиларан тоьшаллаш а ду. ХIара 5-6 стаг бен вац-кх дIалаьцна".

Хамхоевна а, цуьнан белхан накъосташна а дуьхьала долийна гIуллакх, кхиъ шуьйра хир дара, цхьаболчара шайн кийтарлонаш юха ца эцнехьара. Церан гергарчу наха Iаткъам бинера цхьаболчарна. Шена а юьхь-дуьххьал кхерам теснера гуран чохь валлочу Хамхоевс ша вуьйр, ву бохуш, элира Муцольгов Мохьмада: "Суна а тийсира цо кхерамаш. И санна зуламаш цхьа тIаьхьалонаш доцуш ца хуьлу.

Ас арз дира сайна кхерам тесна аьлла. Дала тIе ма доийтийла, цхьа хIума хилахь, штта къамел деш хилча, оцу стага жоп дала деза цуьнах. Иштта ламасташ ма ду вайн. И санначу меттигех кIелхьара ца волу и стаг".

2016-чу шеран аьхка ГIалгIайн махкахь Сунжан кIоштехь банк яхьнера цхьана стага. Иза чу а вахна, кассехь шегахь граната ю аьлла, цу чуьра зуда кхера а йина, ахча даьхьнера цо.

Талламхоша меттигера вахархо Далиев Мохьмад а, цуьнан зуда Марьям, оцу банкехь болх беш йолу, дIа а лаьцна, хьийзинера полисхоша. Далиев Мохьмад веллера и къизаллаш ца лайна. Зудчунна а йиттинера. Ша мукъяьккхича, иза къар ца луш, цо кхачийна и гIуллакх кху тIегIане.

Иштта дIа листа доладелча, къаьстина оцу полисхоша кIоршамечу барамехь зуламаш деш хилар. ТIекхойкхучарна юкъахь Азербайджанан цхьа вахархо а ву. Цуьнгара а машен схьа а яьккхина, цуьнах ахча доьхуш хилла полисхоша.

Шена ца хета боху бакъонашляръярхочо Муцольгов Мохьмада и гIуллакх кхеле кхаьчча, оцу хиллачу полисхошна доггIу таIзар дийр ду аьлла: "Суна ца хета царна доггIу таIазар хир ду аьлла. Барам болуш иза хир ду аьлла а ца хета суна. Дукхачу хIуманна кIелхьара бевлла уьш. Суна хетарехь, таллам а кхоччуш ца бина. Нах юхабевлча доггIу таIзар ца хуьлу цуьнах. ХIетте а цхьа гайтаме процесс ю иза".

Хамхоевн а, кхечеран а гIуллакх хIинца прокуратуре хьажош ду. Цигахь низамашца догIуш хиларна, теллича, иза кхеле кхачор ду.

XS
SM
MD
LG