ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маутхаузенехь а карийна нохчий...


Австри, Маутхаузенера набахти
Австри, Маутхаузенера набахти

Австрехь концлагерехь байинчарлахь нохчийн цIераш хааелла.

Австрерчу Маутхаузен цIе йолчу концлагерехь байинчарна юккъехь нохчийн, гIалгIайн къаьмнех нах хиллийла хIинцалц схьа цкъа а цхьаммо а цхьанхьа а хьахош дацара. Цу байинчийн Нохчийчохь бисинчу гергарчу нахана уьш цхьанхьа Австрехь я Германехь лийцина хилар тусаделлехь а, амма цу нехан кхолламаш цхьаммо а хIинцалц схьа теллина бац.

Маршо Радион кадаьлла, цу нахех цхьаболчеран цIераш а, уьш цIера мичара хилла а, церан мел хенаш хилла а къастон.

100 эзар сов цу лагерехь вийначу я веллачу адамна юккъехь нохчий, гIалгIай массо а кароран болх чекхбаьлла бац хIинца а. Амма цкъачунна билгалъевллачу вайнехан цIераша а гойту, тIом беш чевнаш йина я гобина мостагIчунна карабахначу советийн эскархошна юккъехь нацистийн Германино кхоьллинчарех уггаре а йоккхаха а, къизаха а ларалуш хиллачу лагерехь бала Iевжинчаьрца вайнах а кIеззиг ца хиллийла.

Мержоев Дамилхан хилла царех цхьаъ. Бумтара тIамтIе вигина волу и жимстаг муьлхачу меттехь немцойн каравахна билгал хууш дац. Цуьнан гергарчарна иза Австрехь цхьанхьа лагере кхаьчна аьлла хазар бен, кхин цуьнан кхолламах хIуммаъ хууш ца хилла.

Австрехь вехаш волчу Дамилханан гергарчу стагана Мержоев Iисанна а ца хаара цунах иза цу махка фашистийн тутмакх санна кхачар бен хIуммаъ. Иза ша нохчийн студентийн тобанах а кхетта Маутхазенерчу концлагер хиллачу меттехь йинчу музей ваххалц: "Сан девежарша соьга иза схьалаха бохуш дукха хан яра. Тхан ден шича ву иза. Айса иза муха мичахь лохур ву ца хууш вара со, цкъа мацца а иза лаха гIуртур ву-кх со, бохуш. Делан къинхетамца, Венерчу нохчийн студенташца цига экскурсе ваха аьтто белира сан.

Тхо цига дIакхаьчча чIогIа тамашийна хIума дара цигахь тхуна гинарг. 100 000 сов нах бу цигахь белла дIабоьхкина, тайп-тайпанчу кхаьмнех. Царна юккъехь карийра тхуна тхайн гергара стаг а".

Австри, Маутхаузенера тептарш
Австри, Маутхаузенера тептарш

Шен гергара стаг схьакарорах Мержоевн воккхавер вуно доккха ду. ЦIерачаьрга хаам банза ву ша хIинца а боху цо, Венерчу архивехь Маутхаузенехь дIавоьллинчу Мержоев Дамилханах йолу массо а информаци теллинчул тIаьхьа дIахоуьйтур ду ша цунах дерг: "Цкъачунна хаийтина дац ас мел йолу информаци схьагулйина со валлалца. Иза вевзаш дагавогIуш болу баккхийнах а бу хIинца дийна. Боккха кхаъ хир бу царна цунах. Тезет а хIоттийна, сагIа а доккхуш хIума дийр ду цара".

Маутхаузенерчу лагерехь иттанаш тайп-тайпанчу къаьмнех тутмакхаш белла я байина. Керистанаш а, жуьгтий а, амма иштта бIеннашкахь бусалба нах а бу царна юккъехь.

И лагерь хиллачу масех чакхарма йоккхачу мемориалан копмлексехь массо а аьлча санна шайн къомах нах беллачу пачхьалкхаша хIиттийна хIолламаш бу. Мержоевс дуьйцу: "Дукха бусулба нах бу цигахь дIабоьхкина. Туркой а, албанхой а, вайнах а, казахаш а, узбекаш а. Ткъа иштта жуьгтий, оьрсий а, украинхой а, гуьржий а, эрмлой а, кхинберш а".

Мержоев Дамилхан хилла ца Iа вайнахах Маутхаузенерчу концлагерехь велларг. ХIинцале а масех стаг цIарца билгаваккха кадаьлла Маршо Радион Венерчу нохчийн студентийн тобанца цхьаьна.

Набахтен архив
Набахтен архив

Церан хIоранна а кхоллам а, ткъа иштта цигахь хила там болчу кхечу вайнехан цIераш а, кхолламаш а толлур бу Маршо Радионо гергарчу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG