ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къизаллаш лелийна Путин хIинца вазво..."


"Уггаре а тамашийна меттиг Соьлжа-гIала яра со хиллачех. И гIала, Путин дарже валоран тIом дIаболучу муьрехь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн юкъаралло дуьненчохь уггаре а йохийна гIала ю аьлла, билгалъяьккхина яра.

Мила ву и хууш? Соьлжа-гIалина тIехула тIаьхьара ши тIом чекхбаьлла ца Iа. Цул хьалха а, масала, Кавказ къаръян гIертаран къизаллаш лайна цу гIалано, оьрсийн паччахьийн заманахь дуьйна. Цу къизаллашца дуьстича Францино Алжирехь лелийнарг цхьа жима кхоссар санна хетало. Владикавказ гIалин цIе оьрсийн маттера гочдина "Кавказ олалле ялор" санна хуьлу.

ТIеман императивах гIалин цIе яр – цо тIом бахьаш баьхкинчарна а, тIом ловчарна а бина тIеIаткъам совбоккха бу. БIеннаш шерашкахь, Лев Толстойс а шен заманчохь яздина а, далхийна а ду иза – нохчийн а, кхечу Кавказерчу къаьмнийн а Оьрсийчоьне болу цабезам. Бакъду, Толстойс цу цабезамах ешархой дика кхетачу кепара яздора иза. Путинца доладелла дац дерриге а. Нохчийчуьра къизалла хIинцалерчу тIамел хьалха хиллачу мел кIезга а 15 тIамера дуьйна схьайогIуш ю.

Ткъа суна Соьлжа-гIалахь массанхьа а урамашкахь гуш Путинан портреташ дара. Иза бохург ду – къизалла лелийнарг хIинца сийначу стигал ваьккхина вазван везаш а ву цо хьийзинчара" - иштта яздо немцойн вайнзаманахьлерчу яздархойх уггаре вевзаш а, сийдолуш а волчу яздархочо Кермани Навида шен керлачу книги тIехь.

ТIаьхьарчу шина шерачохь тIемаш а, кризисе хьелаш а хиллачу меттигашкахула некъаш а дина, цу некъашкахь шена гинчух лаьцна дуьйцу Керманис шен керлачу тептарехь. "Чартийн дахалла" аьлла, гочъян йиш ю цуьнан немцойн маттахь "Entlang den Gräben" олучу жайнин цIе.

И киншка Австрерчу ешархошна йовзийта веанера Кермани кхаарин сарахь Вене. Меттигерчу Бургтеатрехь цхьа а меттиг мукъа ца буьсуш юьзначу зала чохь Керманин книгин кийсакаш йийшира Бургтеатран тоьллачех артисто ХIаус Филиппс.

Цхьаьна кхечу вевзаш волчу немцойн яздархочуьнца Блум Филиппца къамел даран хьесапехь хIоттийначу литературан суьйренехь, Керманис дийцира, книга язъян шена дагадарах а, ша динчу некъехь, шена цу некъаша бинчу тIеIаткъамех а.

Ша вина а, кхиина а йолчу Германерчу Келн гIалара дIаволавелла Шема а, Либе а, Украине а, Кавказе а, ГIажарийчу а, Иракъе а, кхин а иттех мехкашкахула ша чекхволучу хенахь уггаре а чIогIа ша цецваьккхинчу меттигах цхьаъ Нохчийчоь а, Соьлжа-гIала а яра элира яздархочо.

«Соьлжа-гIаларчу Нохчийчоьнан къоман музей чохь тIаьхьарчу шерашкахь хиллачу шина тIамах лаьцна дуьйцуш хIуммаъ дацара», - элира цо, шен истори хьавха, шен хIинца ган а гуш, бIаьргашна хьалхахула дахна дIадаьлларг дагалацар дихкина долу къам хиндолчух хадор санна ду, аьлла. Амма шена цигахь гина долу адамаш, шайн дегнашца мунаш долуш а, шайна хетачунний, шайн дийца бакъо йолчунний юккъерчу башхалло сахьийзош делахь а, хIетте а, царна ницкъ луш берг сатийсам бара бохуш дийцира яздархочо. Изза сатийсам ша а шен гIала Келне шеца юхабеара, оццал гена а, оццал хийра, оццал халонаш лайна йолу меттигаш толлуш лелла ша юхавирзича аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG