ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхи хезар дац Усманов Iимранан керла иллеш...


Нохчийн халкъан иллиалархо Усманов Iимран,2017
Нохчийн халкъан иллиалархо Усманов Iимран,2017

Усманов Iимранан - 65 шо кхочур дара.

Усманов Iимран вина де ду тахана. 65 шо кхочур дара, нохчийн културехь йоккха лар йитина дIаваханчу цуьнан.

Стохка аьхка дIахедира Iимранан дахар. Амма халкъан кхоллараллийн хазнехь а, уггар а коьртаниг - адамийн дегнашкахь а дисина цуьнан иллеш а, байташ а, забарш а.

Иза дагалоцу цуьнан белхан накъосташа. Йишлакххархо Ахтаева Фатима Iимранца Шуьйтахь културан цIийнехь болх бина ю. Цуьгаг дуккха а дара Iимранах дийца: "Массаьрца нийса дIа волуш, велавелла-векхавелла вара иза. Цунна оьгIаз ваха хаа а хаарий теша? Суна гина вацара иза цкъа а оьгIаз вахна. Iимранна сан доттагI езаеллера хIетахь. Иза Шуьйта шен гергара нах болчу йогIура. И шиъ вовшахтоха гIерташ, лелара со.

Цунна даьккхинера цо "Хьо тхо долчу ма ца йогIу" цIе йолу илли. И илли чIогIа дезаделлера нахана. Iимранан цхьа а илли бух боцуш дацара. Иза илланча хилла Iаш вацара, иза тоьлла композитор, юморист, критик, сатирик, байтанча вара. Дукха корматаллаш яра цуьнгахь".

Махмудов Абубакар тахана махкахь а, дозанал арахь а вевзаш пондарча ву. Iимран дуьненахь а гIараваьлла композитор хила хьакъ долуш хиларал сов, цуьнан адамаллийн амал дика яра, элира цо: "Массаьрца дика хила гIерташ, массеран а дог хьаста гIерташ вара иза. Меттахь Iуьллучунна сатийсам бала хаьара цунна. Иза веъча, баккхийчеран а, кегийчеран а самукъадолура. Иза дIавахча цо аьлларг, цуьнан хаза хабарш а дагалоьцуш Iара.

Замано гойтур ду Iимран дуьненаюккъерачу композиторшна юккъахь вуйла а, цуьнан философи а иштта юйла. Боккха эшам бу вайн културехь иза дIавалар".

Усманов Iимранах ала дош доцуш цхьа а стаг хир вац, цуьнца цхьа жимма хан яьккхина, я цуьнан кхолларалла евзаш хилча.

Цо аьлла дешнаш забар а хилла лела тахана а. Масала, таханалерачу нохчийн эстрадан мах хадош "Хьалха хуучо олура илли, хIинца луучо олу" аьллера цо.

Усманов Iимранца деххачу шерашкахь болх бинчу актеро Аюбов Мусас бахарехь, цуьнан забаршка сатуьйсура цара хIора дийнахь: "Дика стеган амал а, юььхь-сибат а дуьхьал хIутту. Тахана иза вайна юккъахь вацахь а, йоккха лар а йитина дIавахна иза, тIаьхьа ала шортта диканиг а долуш.

Iуьйрана балха даьхкича, Iимран схьа ца вогIу теша бохуш, ша хьогахчо хине санна сатуьйсура оха цуьнга. Ша чоьхьаволлушехь забарш тIера волалора иза. ХIора дийнахь керла хуьлура уьш а, цкъа а дийцина хезна а доцу".

Усманов Iимранан бераллера доттагIий а бу тахана а, цунна хьакъдолу сий-ларам бина иза дIа ца вахна бохуш. Кхоллараллехь иза дIаволалуш теш хиллачу Нажин-юртарчу вахархочо Дельмурзаев Висмирзас иштта элира: "Иза хьалхе вахара эскаре а, со цул а цхьа бутт тIаьхьа вахара. Нажин-юртан автостанцехь автобусан корехула мохь туьйхира соьга Iимрана. Ша эскаре ваха ваьлла ву элира цо. Соьга ахь хIумма а ма ца аьллера, бохуш гIента тIе а хиъна Iаш вара тхойшиъ.

Висмирза, элира цо, ша даьккхина илли хезар ду хьуна кестолгIа. Ша Эльмурзаев Бекана делла иза, элира цо. "Малика" цIе йолуш ду хьуна иза. ХIинца а, тIаккха а Малика аьлла цIе яьккхича а, Iимран дага а вогIуш Iаш ву-кх со. Уггаре а хьалха суна а, цуьнан сий дан а, тIалам бан а ца хии".

Усманов Iимранца тIаьххьара сан къамел хилира 2017-гIа шо доьрзучу масех де дисинчу хенахь. Шен цIахь хьошалла дира цо суна. Дехха къамелаш а дира. ХIетахь цо аьлла дешнаш тахана доллчу къоме бина кхайкхам санна хетало.

Усманов Iимранан аз: "Адам дуьненчохь даха кхоьллина ду. Дика хьега кхоьллина ду. Цундела вониш ца гуш, дала диканца вовшашца бертахь а долуш, сий а деш, вовшийн дезарца, Дала бертахь дахар хуьлда-кх массеран а. Доьзалехь барт, балха тIехь кхиамаш, дахарехь аьтто а, ирс а лойла вайна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG