Нохчийн мухIажарийн доьзалерчу берех лаьцна кино яккха кечамаш бу Венехь дIабоьлхуш. «Лиллий, Оскарий» цIе йолчу австрихойн берийн яздархочун Хелфер Моникин романан бух тIехь язъина ю филман сценарий.
Кхиамечу меттигерчу телевизионан филмаш йохучу режиссеро Риахи Арашс цу романан сюжет дикка хийцина, керла коьрта турпалхой а кхуллуш.
Нохчийн йиший, ваший ду филман ши турпалхо. И шиъ тIехь да воцуш кхиош хиллачу ненера Австрерчу берашна Iуналла даран хьукмато дIадоккху сценарийца. ТIаккха, вовшах къаста а дой, шина тайп-тайпанчу доьзалшка дIало и шиъ. Цу шиммо вовше лехар а, и шиъ цхьаьна дадар а гойтуш хир ю и кино.
Маршо Радионе филм йоккхучу тобанан декъашхочо бинчу хаамца, кху деношкахь дIайолалуш ю нохчийн берашна юккъехь коьрта турпалхойн ролаш ловзорхой лохуш йолу кастинг.