ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Болх а хилча, жоьжахатех кхерош а ца хилча..."


Фейсбукерчу шен агIон тIехь Нохчийчуьрчу цхьана вахархочо Европехь вехачу шена накъостан цигарчу бахархошца даьккхина сурт хIоттийна, Самукъане, ирсе, сирла яххьаш, диллина хьажар го оцу сурта тIехь болчийн.

Авторо яздо: "Хьовсийша, Европан бахархой ма баккхийбоь шайн дахарх.

ХIокху сурта тIерачу сан доттагIчо боху, шога, оьгIазе нах шена гина а бац Малхбузехь. Массо а къажа а къежна ву. Ас хоьтту, хьо цхьана синкъераме кхаьчначух тера ду. ХIан-хIа, жоп ло цо суна, кхузахь кхеран дела де а ду самукъане.

ГIайгIане вожий со-м... ХьастагIа сайн луларчу юьртахь веха доттагI волчу вахна со хьошалгIа. Кевнаш къевлина ду. ЦIахь бац хIорш аьлла, юхавоьрзучу суна хезий корера схьа меллаша, суна бен ца хазийта сан "собарде, ас схьадоьллу ков" аьлла, аз. Кевнал чоьхьа ваьллачу ас хоьтту резавацарца, дийнан делккъахь ков къевлина, лурвоьлларг санна стенна Iаш ву хьо?

Цо боху, газах, тоьках ахча доьхуш лелачех хьулвелла со. КIордийна суна уьш. Сан пенси юучунна а, молханашна а бен тоьаш дац. Иштта хан йоккхуш ду-кх тхо!" аьлла, дерзадо цо шен къа-бала далхор.

Ткъа хаамийн гIирсаша зорбанашкахь ма дуьйцу Нохчийчоь уггар а ирсечу регионийн тептаре яьккхина бохуш. ТIаьххьарчу шерашкахь масийттозза "ирсан" кхаж баьллера вайн мехкан. Стохка ду-кх, тIаьххьара талламчийн "Медиалогия" компанино зорбане яьккхича, шаьш динчу ирсан зерийн статистика.

Цул совнах, уггар а ирсе пенсионераш Нохчийчохь хилар а къаьстира.

"Оьрсийчоьнан пенсионер" цIе йолчу информацион-аналитикан центро дира цу кепара дIахьедар.

Маршо Радионо зIе лехира Фейсбукерчу шен пена тIехь лакхахь ас далийна дешнаш дитинчу авторца. Иза хиллера Шела-кIоштарчу цхьана эвлахь веха Тасаев Ризван.

Цо дийцира тхуна масех бахьанашкахь, адам стенна реза дац а, республикехь дечу мехалчу гIуллакхех а, шен къам кхоччуш резадан Iедало дан дезачух а, шаьш сатуьйчучух а.

"Самукъа ца долу къаьсттина кегийчийн. Iаламат дика болх бу маьждигаш дар а, некъаш дахкар а, зезагийн сквер еллар а… Массо а агIор и дика болх бечо оцу юккъехула белхан меттигаш нисъяхьара, цуьнах самукъа дер дара аьлла хета суна нехан.

Тахана дукха нах бу-кх Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а белхан меттигаш ца тоьаш. Балха ваха аьтто хилча, самукъа а дер дара, зуламаш дар а лахлур дара. ХIинца биржа ю Соьлж-ГIалахь, иза-м Советан заманахь дуьйнна а яра, и хилар а вуон ду. Хьайна оьшшу говзанча валаво ахь цигара хьайн цIентIехь болх бан. Хуьлийла и слесарь я дечиган пхьар, я таксхо я парикмахкер, дIа ладоьгIча лаккхара дешна, шен карахь диплом а долуш хуьлу-кх хьуна иза.

ХIуммаъ вайн махкахь деш дац аьлча, и харц хир ду. ГIала а, ярташ а къагош ю, спортан комплексаш ю схьайоьллуш, Ведучи а, кхи а, кхи а, дуккха а ду диканиг ду-кх махкахь деш", - аьлла, далхийра Ризвана.

Шен махкахь мел ден дика гIуллакхаш гуш хиларе терра, ца гуш ца дуьсу Ризванна сакхташ а.

Самукъа ца долу агIонаш кхи а дуккха а ю бохуш, кхи дIа а дийца волавелира иза, масалш а далош.

"Машенахь хьо воьдучу заманчохь, цу чу газ йотта дагахь, тIевоьдучу хенахь, кехат хир ду-кх хьуна кхозуш "Стопроцентный долив" аьлла, тIеязйина. Ой, юьззина ца йоьттина хIун дийр ду цо! Ша иэшош яц ма боху цо. Дог даьтIа-кх хьан тIаккха а. Ой, газ ерг а, кхи ерг а кхачо йоллуш йоьттина хила езаш яц?"

Иштта маьждигашкахь шаьш цхьаболчу Iеламчаша гулбеллачарна бечу тIеIаткъамах а дийцира Шела-кIоштан вахархочо.

"Кхи цхьа хIума ала а лаьара суна. Молланаш буй, уьш ца хилча йиш яц, цхьана агIор. Вуьшта, шаьш хьехам бечу хенахь, и жоьжахати юьйцуш, цуьнца кхерамаш туьйсуш, са дуу цара адамийн. Масала, тхан шича Европера цIа веанчу хенахь, дуьйцу цо, ша цецваьллачух. Германехь немцо ву бахара бусулба дин тIе а эцна, хьехамаш беш маьждигехь. Ялсаманен хазалла юьйцуш, чекхвелира боху цо иза. Чохь мел верг серлаваьлла, самукъадаьлла вара боху цо бинчу хьехамна. Ткъа кхузахь, и жоьжахати юьйцуш, жоьжахати гIур ву, бохуш, дог таIадо"- бохуш, дийцира Ризвана.

ТIаьххьарчу шерашкахь дуккха а кеп-кепара гIишлош схьайиллина Нохчийчохь - маьждигаш, школаш, спортан хIусамаш, садаIаран меттигаш, фонтанаш, сквераш… И дерриге а Iаламат дика ду, муьлхачу пачхьалкхна оьшуш а ду, боху Тасаев Ризвана, амма бахархойн кхи а тIех самукъа дер дара, оцу меттигашкахула лела шайн таро йича. Юха а юьйцург ю белхазалла.

"Масала, телехьожийлехь хаамбо, самукъадоккхийла схьайиллина олий, реклама а еш. Нагахь, цунна тIаьххье олуш хилча, хаийта лаьа шуна, махкахой, хIоккхул-оццул белхан меттигаш хилийтина шаьш. ХIара завод, фабрика схьайиллина олуш хилча, мел чIогIа самукъадер дара адамийн", - аьлла, сатийсамца дерзийра шен къамел цо.

Нохчийчуьрчу официалан дIахьедаршца, тIаьххьарчу итт шерачохь белхазалла 76 процентера 9 -нна тIе охьаяьккхина.

Ткъа муха аьтто хилла Нохчийчуьрчу Iедалан оцу йоццачу хенахь, Малхбузерчу пачхьалкхашкарчу хьелашка ерзо республика?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG