ТIекхочийла долу линкаш

 
Мехкан куьйгалхочун Администрацино акци йолийна "Со харжамашка гIур ву" аьлла
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкан куьйгалхочун Администрацино акци йолийна "Со харжамашка гIур ву" аьлла


Оьрсийчоьнан президентан харжамаш герга кхочучу юкъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Администрацино эстафета кхайкхийна #сохаржамашкагIурву аьлла. Mylistory-н агIонерчу урхаллан официалан пена тIехь бина и хаам.

Эстафетехь уггар хьалха дакъалаьцна Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира. Социалан машанехь шен сурт оьллина цо "Со харжамашка гIур ву" аьлла, тIе а яздина.

Акци йолийна шинарийдийнахь. Амма хIинцале цу юкъахь шайн позици дIахаийтина иттанашкахь махкарчу хьаькамаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG