ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арсамаковгара схьаяьккхина "Гранд-Парк" Нохчийчоьнан Iедало


Дукха хан йоццуш Нохчийчурчу Iедалша бизнесхочун Арсамаков Абубакаран долара дIаяьккхина "Гранд-парк" олу самукъадаккхаран центр. Бизнесхочо кехатна куьгяздина куьг яздина цуьнан долара волуш. ХIетталц цуьнах йолу ах са шена схьаоьцуш вара иза. И хаам бина Маршо Радиога шен цIе ца йоккхучу Iедалерчу хьостано.

Арсамаковн ахчанех йина а, болх бан йолаялийтина а яра и комплекс, Советан заманахь дуьйнна дIатесна лаьттина хилла йолу. Иштта Арсамаковс шен чоьтах хьалайина Соьлж-ГIалара 30 гIаттах лаьтта, Грозный-сити комплексна юкъайоьду гIишло а. 2013-чу шарахь иза цIе а яьлла егира.

ХIусамаш юха а меттахIоттийра Арсамаковн ахчанах.

ХIинццалц "Олимп" хилла цIе а хийцира цуьнан "Феникс" аьлла.

XS
SM
MD
LG