ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема а, ворхI шаре бирзина тIом а...


2011-чу шеран бIаьстенан юьххьехь Шемарчу ДараIа олучу цхьана жимчу гIалахь масех кхиазхоша шаьш доьшучу ишколан пеношна тIе графиттица урхаллин критика еш йозанаш яздинера.

Полисхоша тIаккха и бераш лаьцна шайн декъе дIа а дигина, царна къиза таIзарш динера. Иттанаш шерашкахь дуьхьало а ца еш Асадан режим а, Баас партин харцонаш а ловш Iийна меттигера бахархой дуьххьара урамашка бевлира тIаккха.

Iедалхоша и дуьхьалонан акци цIийла карчийра. ДараIахь митинге арабевлларш лийцира. Масех стаг вийра, чевнаш а йира дуккхаъчарна. Социалан машанашкахула хилларг даьржинчул тIаьхьа цу гIалин бахархошца солидаралла гайта йоллучу Шемахь а гIаланашка бевлира маьрша бахархой Зазадоккху-беттан 15-чохь.

Иштта дIаболабелира тахана шен 7 шо дуьзна Шемара тIом.

ХIетахь, Шемин тайп-тайпанчу гIаланашкахь дуьхьалонан акцешка адам арадийла доладелча, ткъа Асадан нуьцкъалийн структураш уьш къарбан гIерташ, царна дуьхьал таIзарш дечу муьрехь цхьанна а ца моьттура, цу гIаттамах вайнзаманхьлера уггаре а къизачех а, бехачех а, я чакхе а, я машаре некъ а ца го тIом хир бу аьлла.

Ца моьттура цхьанна а и тIом сел дера, сел шуьйра, сел шога нохчех хьакхалур бу аьлла. Цул хьалха а, цуьнца нийса а ОвхIанехь а, Иракъехь, Либехь а хилла тIемаш санна генара, телевизионехула гинчул бен кхин герга ца гIуртуш йолу конфликт а хилла, иза а буьсур бу аьлла хеталора.

Амма, мел тIаьхьа а, 2013-чу шарахь и тIом кIезга я дукха нохчийн тIом а хилар къаьстира, цкъа хьалха иттанашкахь, тIаккха бIеннашкахь а нохчийн къомах нах цу тIамо шена юккъеийзон буьйлабелча.

Нохчийчуьра а, Москохара а, Европерчу пачхьалкхашкара а дийна доьзалшца вайнах Шема дIаиха буьйлабелча.

Цкъа юхьанца Шемара тIом Асадна дуьхьал гIаттам а, мохк Баас партин режимах маьрша баккхарехь къийсам а болчу хенахь, я вуьшта аьлча, тIеман ши агIо – Асадан агIой, гIаттамхойн агIой - бен йоцучу хенахь цу тIаме бахначу нохчийн цхьа бахьана дара цига баха. Асадна дуьхьал къийсамехь дакъалацарца цуьнан коьртачу гIорторна Путинна а, Оьрсийчоьнна а дуьхьал къийсам бар.

Ткъа Шемара хьал чолхе мел доьрзу а, гIаттамхойн могIарш бекъа мел ло а, ткъа режимна дуьхьалчу гIаттамах глобале динан тIом мел хуьлу а бен-бен дирзира нохчий Шемарчу тIаме буьгу бахьанаш а.

2014-чу шеран аьхка Шемахь бусалба Халипат кхоьллина, массо а бусалба стаг цу Халипатан куьйгалхочунна БагIдади Абубакарана байIат дан декхарийлахь а ву, шен кадолушв ерг Шема хиджрат да дезаш а ву аьлла дIа а кхайкхинчул тIаьхьа дагахь а доцучу барашка дирзира Шема хьевддачу нохчийн терахь.

Еккъа цхьана Европерчу пачхьалкхашкара эзар сов стаг вахара дуьненчохь уггаре а баккхийчу Iеламнаха емал ечу ша шех "Исламан пачхьалкх" олучу ДАIИШ тобанан могIаршла верзархьама Шема. Царна юккъехь зударий а, бераш а, ур-атталла кхианза зудбераш а дара.

Тахана цу нехан цхьа дакъа я тIемашкахь дийна я бомбашна кIелахь делла. Цхьа дакъа ша шех "Бусалба Пачхьалкх" олуш хиллачу тобан къизаллаш ма-ярра гича, дедда кIелхьараделира, амма кIелхьарадаьллачул тIаьхьа шаьш юхабирзинчу пачхьалкхашкахь кхеле озийна.

Цхьаццаберш хIинца а ДАIИШах дисинчу цинцашлахь тIом беш ду. Ткъа бисинарш, доккхачу декъехь зударий, бераш, Иракъехь а, Шемахь а лийцина, набахтешкахь бохкуш бу.

Шина тIамехь оьрсийн эскарша ца бойъуш бисинарш, наноша тIамах бовдийна хийрачу мехкашкахь кхиош хилларш, дуьйцу а ца хезначу хийрачу лаьттарчу генарчу меттигашкахь даиманна бисар а, бIеннашкахь кегий бераш байлахь дисар а, къона зударий жоьра бисар а – Шемарчу тIамо нохчийн къомана юккъехь дитина жамI.

Амма иза хилла а ца Iа.

Радикалечу исламхойн идеологин цамгаро дийна цхьа чкъор лацар а ду нохчашна Шемарчу тIамо бинчу тIеIаткъаман цхьа дакъа. Рибат, тагIут, бакъия, царех терра цхьа могIа дешнаш а дахкийна Шемарчу тIамо нохчийн маттана юккъе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG