ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин юхахаржарца декъал стенна ца вина Трампа?


Оьрсийчуьрчу харжамашка шийла хьоьжу дуьне

Вовшийн къобал а еш, 197 пачхьалкх ю дуьнентIехь. Юха а президентан дарже харжарца Путин таханенна декъал ца вина царех ткъеха сов пачхьалкхо бен. Йисинарш цкъачунна "ладоьгIуш" Iа.

Яц Оьрсийчоьнан "керла" президент къобалвечаралахь Прибалтикерчу кхаа пачхьалкхах цхьа а. Яц Гуьржийчоь. Яц Украина.

Европерчу пачхьалкхех Кремле Путин декъалвеш телеграмма яхьийтина Германино, Венгрино, Сербино, Босни-ХIерцоговино, Италино. Кремлан сайто Путин декъалвиначийн могIара язво Францин президент Макрон Эмануэл а.

Амма иза бакъ дац, я Францин а, я ерриг а Европерчу а прессехь ца боху Кремлехь хьалхалерра долахо висар Парижо къобалдина. Оьрсийчуьра бевдда Британе баьхкинчу нахана химин герзца зен дар муха нисделла талла аьтто бар дехна Макрона Путине, иза бен а ца боху, масала, Франспресс агенталло къамелах лаьцна далочу тоьшаллехь.

" Конкуренци йоцчу хьелашкахь"

Дешан маршо, гуламаш, цхьаьнакхетарш лакъийна хиларе терра, конкуренци лелаш йоцчу хьелашкахь дIабаьхьна Оьрсийчохь президентан харжамаш, боху оршоьтадийнахь ша динчу дIахьедарехь Европан кхерамзаллехула а, цхьаьнаболхбарехула а йолчу организацино (ОБСЕ).

Харжамашкахь тоьллачу Путинна кхечу кандидаташначул дукха эфиран хан елира телерадиокомпанеша, билгалдоккху Организацино. Харжамийн компани йолалуш кандидаташка язбала гIиртинчех цхьаберш чекх ца бовлуьйтуш юьстахбитира, нах ницкъаша харжамашка лоьхкуш, харцонаш Iораяха гIерта тергамхой лоьцуш меттигаш яьхкира, боху дIахьедаро.

"Трамп лерина вац Путин декъалвеш телефон тоха"

Путин харжамашкахь тоьллийла хууш ду, амма иза декъалвеш телефонехула къамел дан дагахь вац Iамеркан президент Трамп, аьлла КIайчу ЦIийнан векалол Гидли Хогана.

Бахьана кеп-кепара туьду тергамчаша. Юкъара ду дукхахболучарна хетарг: ишта а гIорийна лаьтта Iамеркан-Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш шелйина деношкахь Британехь, химин дIовш а делла, шпион-оьрси Скрипаль Сергей а, цуьнан йоI а, ингалса полисхо а дарбан цIийне кхачоро. Хиламца Вашингтонна Кремлан лар го, Лондонна а, кхийолчу Европан шахьаршна а санна.

"Советан Iедал леллачу лаьтта тIехь уггаре боьха харжамаш"

Чекхбевлла харжамаш маьрша, нийса, цIена бара олуш ца ваьлла Путинца къийсабеллачу кандидатех цхьа а. ХIораммо а хазийна шена гина сакхташ.

Собчак: "Вай кхерадала ца деза кху харжамаш санначу барамах - кандидаташна цхьабосса прессе кхача йиш яцар, административан ресурсна духьаллатта дезна хилар…"

Явлинский: "Тхо кхетара хIара барам бакъ-харжамех тера боцийла".

Грудинин: "Советан Iедал доьхча дисинчу лаьтташ тIехь уггаре боьха харжамаш".

Жириновский: "Демократи яц, я паччахь, коммунисташ болуш а ца хилла – пачхьалкх ю вайн иштта".

Ракеташ, яккхий тоьпаш юьйлу дозанехь...

Путина харжамаш бирзича динчу омранех ду тIекхочучу бIаьста рогIера кегийрхой эскаре бигарх лаьцна даржийна омра.

Оршоьтадийнахь Оьрсийчоьно ракеташ, артилери тIеман Iаморашка яьхна. Декъаялийна, дуьнено емалдешшехь, ша "маршаяьккхина " Абхази, Къилба ХIирийчоь, ГIирма. Пачхьалкхан дозанашкахь даржийна и эскарийн ловзарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG