ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Facebook-ан болх толлуш бу Iамеркехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Iамеркан Махбарехула йолчу федералан комиссино таллам болийна Facebook-о бечу белхан хьокъехь, цо Cambridge Analytica-ца лелийна къаметтигаш бахьана долуш.

Комиссино толлур ду 2011-чу шарахь арадаьлла указ Facebook-о кхочуш дар хьокъехь долу хаттар. Цу указца а догIуш, и социалан маша декхарелахь бара, Facebook-ах пайда оьцучу нахах лаьцна хаамаш кхоалгIачу агIоне дIабалале цу нахера бакъо яккха.

Facebook-ан векалша хаам бина ББС корпорацин корреспонденте, Cambridge Analytica компанега муьлха информаци дIаелла бохучух лаьцна хаттар кхачаре ладоьгIуш ду шаьш аьлла.

Цу юкъана кхоалгIа де ду Facebook-ан акцеш яйлуш йолу. Иштта и бахьана долуш цхьана дийнахь Facebook-ан долахочуьнан Цукерберг Маркан дайна 6 миллиард сов доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG