ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

The New York Times: Скрипалан дIаьвшен тIелетар дина химин говзанчо


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Британерчу Солсбери гIалахь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн коьртачу штабан коьртачу талламан урхаллан полковник хиллачу Скрипаль Сергейна дIовш даларо гойту иза динарг химин говзанча хилар. Цунах лаьцна яздина The New York Times газето, эксперташна, тIе а тевжаш.

Талламхошна хетарехь, дIовш хьаькхна хила мега Скрипалан хIусаман неIаран тIома тIе.

Скрипаль дIабаханчу баттахь дIакхачийнера дарбанан цIийне, Солсбери гIалахь махбаран центран уллехь цунна во хиллачул тIаьхьа. Цуьнца цхьаьна клинике охьайиллина ю цуьнан йоI Юлия а.

ББС-ин кхерамазаллан хаттаршкахула волчу корреспонденто дусту хилларг Литвиненко Александр верца. ФСБ-н белхахо хилла волу Литвиненко вийра Лондонехь 2006-чу шарахь, полоний олу дIовш а малийна.

Скрипаль а, ткъа иштта Iилманча Сутягин Игорь а, кхин а оццу бахьанца чувоьллина ши стаг, Запорожский Александр а, Василенко Геннадий а, хийцира Iамеркехь гучубевллачу Оьрсийчоьнан шпионех 2010-чу шарахь. Царна юкъахь вара Арахьарчу Талламан сервисан (СВР) инарла-майор Васенков Михаил а, Чапман Анна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG