ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Алибина тIе когаш а хьаькхна, чувоьлли иза..."


Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело шен сацам бина 23 шо хьалха Буденновск гIалана тIелатарна бехке вечу Нохчийчуьра шина вахархочун хьокъехь.

Ма дарра аьлча, цул хьалха хиллачу Ростовера тIеман кхело бина сацам хийца а ца хуьйцуш битина цо, хIораммо чохь даккха дезачу шерашна тIера шиъий, кхоъий бутт дIа а боккхуш.

Белялов Рамзанна 15 шо тоьхнера, хIинца 14 шой 9 буттий, ткъа Маздаев Мохьмадна 13 шеран метта 12 шой, 10 буттий.

Белялов Рамзан 23 шо хьалха Басаев Шамалан тобано Буденновскерачу дарбан хIусаманна динчу тIелатарехь дакъалаьцна аьлла дIалаьцнера 2014 шарахь Iан тIехь.

Гуьмсехь эчиган некъа тIехь болх беш волу иза шен вевзина аьлла, тIекхайкхинера Буденновскехь закъалтан чохь хиллачу цхьана тешо. И терракт хуьлучу хенахь Башкирехь гIишлошъяран белхашкахь хилла аьлла, шортта иза даре деш нах а, документаш а доллушехь, чувоьллина ву иза, аьлла дийцира цуьнан адвоката Загнойко Сергейс: "Алиби тергал ца дина. Вуьшта аьлча, алибина тIе когаш хьаькхира.

Цигахь бара тIекхойкхучу агIонан теш бу бохурш. Уьш а, бакъдерг дийцича, кечбина бара ала дезарг олуш. Башкирера бухгалтерера кехаташ а, 1995 шарахь Стигалкъекъа - баттахь дуьйна долу уьш а дацара тидаме эцна.

Иштта тIе ца ийцира цуьнца болх бинчара а, цигара бухахь болчара а и терракт хуьлучу хенахь шаьш цхьана дара болх беш аьлла. Кхело аьллера ша ца теша. Ткъа, 20 шарахь цхьа а ца вевзинчарна хIинца вевзинарг тоаме хилира уьш бехке а беш сацам тIеэца".

Лаккхарчу кхело бинчу сацамна реза бац цу шиннан гергара нах а. Белялов Рамзанан вашас Халида бахарехь, цунна тIера дIабаьккхина 3 бутт буьйцучохь дац, и гIуллакх Европан кхеле кхачо Iалашо ю цуьнан: "Харц луьйш бу-кх уьш. Иза цигахь ца хиллийла массарна хууш а ду. Шортта тоьшаллаш ду. Ростоверчу кхелехь цуьнца хилла оьрсий а бу. 14 дийнахь хилла ю и терракт 1995 шарахь. Рамзан мичахь вара хаьттича, кху меттехь тхоьца вара болх беш, иза шайца вара телевизоре хьожуш бохуш, и тоьшаллаш дешшехь шайн дезарг хьалха а даьккхина, хан тоьхна, чувоьлли цара иза. Дала мукълахь, адвокат цIа ма кхаьчча, цуьнгара кхеллан сацам схьа а эцна, вовшахтоха деза кехаташ вовшах а тоьхна, Европерчу кхеле чулур ду-кх ас".

Шина тIегIанехь кхело бинчу сацамна латкъам бан кхин цхьа некъ бу хIинца низамца болу. Цул тIаьхьа Европерчу кхеле доьду и гIуллакх. Кассацин латкъам бу иза. Кхелехь гIуллакх луьстуш дуккха а харцонаш яра аьлла, уьш дIакховдо еза леррина комиссига.

Нагахь санна, цара иза къобал дахь, гIуллакх юхьанца дуьйнна юхалиста дезар ду. Амма ша ца теша боху адвоката Загнойкос иза иштта хир ду аьлла: "Низамца дуьстича, иза ца хуьлу олийла дац, ткъа зеделларг тидаме эцча, ас боху шуьга вайн кхелаш бакъо тIейоккхуш яц".

1995 шарахь Басаев Шамал коьртехь волчу тIемалойн тобано дIалаьцнера Буденновск гIалара дарбан хIусам. Хиллачу штурмехь 129 стаг веллера, 300 сов лазийнера.

И теракт хиллачул тIаьхьа Оьрсийчохь низам тIеэцнера террорхошна луург дийр дац аьлла.

ХIетахь дуьйнна 26 нохчо ву тайп-тайпана хенашна набахтешка чувоьллина оцу тIелатарехь дакъалаьцна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG