ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталин террорхо ву аьлла Кадыровс


Гуьржийчу а ваьхьна, лаьтте кховдо веза Сталин Иосиф, иштта дIаволла веза Ленин а аьлла Кадыров Рамзана "Интерфакс" агенталлаца хиллачу къамелехь.

"Стенна оьшу Сталинан каш Москохна, Кремлна гергахь муххале а? Мел Оьрсийчоьнан нах хIаллакбина, тIехь ницкъ бина, набахтешкахула чекхбийлина цуьнан бехканна. 300 000 нохчо а, гIалгIа а вийна цо шен заманчохь", - карладоккху Кадыровс 1944-чу шеран депортаци дага а лоцуш.

"Цуьнан омраца бераш, къаной, зударий байина, ярташ ягийна. Иштта турпалхо ву-кх иза! Суна шайтIа, зуламхо, тиран ву-кх иза! И ву-кх террорхо! Цуьнан цIе хезча вуон хуьлу суна, цуьнга боцчу безамна хьацар туху сан куьйгашна", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

ЦIечу майданахь мавзолей чохь Iуьллу Ленин Владимир дIаволла везар а хьахийна цо. "ХIунда ницкъ бо цуьнан докъанна тIехь? ХIоразза а цунна тIехь цIано латтош, и мумий стенна латтош ю? Хьанна оьшу и, эвлаяъ ваций иза?!", -боху Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG