Магомедов Закир
ХIолливудан а, спортан а "седарчаша" сагатдо Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочух
Дуьненан футболан чемпионат йолаелча, Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгаллехь лаьттина бакъоларъярхо Титиев Ойб дIахецар доьху кампани яржа мега.
Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а цхьаьнакхетараллахой дагахь бу оцу боламна юкъа, гоьбевлла футболхой боцуш, бевза актераш а, эшаршлакхархой а, къаьмнийн жигархой а оза.
Соьлж-ГIаларчу цхьана бакъоларъярхочо "Кавказ.Реалига дийцира, боламехь дакъалацар дехна Нохчийчуьрчу жигархошка а аьлла. Амма вуьйш реза ца хилла "шайн дахар кхерама кIел кхосса".
"Тхан аьтто бац дакъалаца – доьзалш а, гергарнаш а ма буй тхан. Ца еза проблемаш цхьанненна а. Амма барт хилла компани йолийначийн цхьацца бевзаш болчу актерашца а, спортсменашца а. Роналду а, Мадонна а декъабахка тарло боху", – элира цо "Кавказ.Реалига".
Тхо зIенедевлира массех дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн цхьаьнакхетараллашца. Амма ца елира цара Титиев Ойбан агIо лоцуш гIатта тарлучу компанин хьокъехь комментари.
Human Rights Watch юкъараллан Оьрсийчуьрчу директорна Локшина Татьянина хетарехь, мехала ду алссам гоьбевлла нах Титиевна орцахбахар.
"Комментари яла со кийча яц цкъачунна. Цхьаъ ду, вуно чIогIа оьшу Оьрсийчуьрчу а, дуьнетIерачу а юкъараллийн тидам Титиевца йоьзначу ситуацина а, "Мемориал" Нохчийчуьра арайоккхуш латтарна а тIеберзор" – боху Локшинас.
Мангал-беттан 14-чу дийнахь йолалур ю Оьрсийчохь дуьненан чемпионат. Футболах ловзур бу массийтта гIалин стадионашкахь, амма яц церан декъахь Къилбаседа Кавказера гIаланаш. Бакъду, чемпионат йоьдучу юкъанна Соьлж-ГIалахь совца дагахь бу Мисарара футболхой. Оцу юкъанна, актераша, спортхоша, жигархоша Титиев хьахош компани йолаяхь, юхуррий-те Iедало Нохчийчохь дерриг а дика ду бохуш кхуллу имидж?
"Хаийла шуна, иза [имидж] цкъа а ца яьзна безачу ХIолливудерчу актерех я гоьбевлла бевзачу футболхойх, царна хетачух", - дIахьедира "Кавказ.Реалиига" Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министро Умалов Жамбулата.
"Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а кхел ю, цо бен зуламхо вац я чувуллуш а, я бехкевоцург арахоьцуш а", - хадийра Умаровс. Иза тешна ву, Титиевца доьзна "Оьрсийчоьнна дуьхьал йолош йолчу компанина" тIехьа Iамеркан Штаташ лаьтташ хиларх.
"Титиев зуьйш бу талламчаш. Цунна духьалбаьккхинарг жима бехк бац, шен бакъо къовса цунна Iедало луш аьттонаш а бу. Оха дуккхаза а баьхна, Нохчийчоьнна лаьа иза маьршаволийла. Иза тIех дукха хьехаво массанхьа а, нохчашна кIордийна цуьнан цIе йохуш. Йолалуш йолу дуьненан чемпионат цуьнан цIарца йозар – иза Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, цуьнан уьйраша а Оьрсийчоьнна дуьхьалъяьккхинчу агрессин юьхь ю", - аьлла хета министрна.
Кхушеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь лецира Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхо Титиев. Ханна жима а воцчу оцу бакъоларъярхочун машенчохь нароктикаш карийна шайна, аьлла даржийра ницкъхоша. Ша Титиевс а, цуьнан накъосташа а иза бакъ ца до, наркотикаш полисхоша кхийсина машенчу, боху цара.
Титиев лацарца долийра Къилбаседа Кавказехь "Мемориална" дуьхьал зуламаш дан. Дечкен-беттан 17-чохь Несарахь цIетесира центран офисна. Дечкен-беттан 23-чохь цабевзарш ягон гIоьртира Дагестанерчу "Мемориалан" офисан машен. Зазадоккху-беттан 28-чохь ХIинжа-ГIалахь бевзашбоцучара йиттира офисан лидерна Дациев Сираждинна.