ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльдерханова Зайнап. Нана а, халкъ а резадинарг...


Дудаев Муса
Дудаев Муса

ЭЛЬДЕРХАНОВА ЗАЙНАП

Нана а, халкъ а шена резадинарг…

Нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллах, нохчийн доьзалах, маттах дехха къамелаш деш Iен аьтто хилира сан Мусаца 2008-чу шеран бIаьста. Нохчийн мотт Iамо безий, ца безий бохучу шеконаша «бӀарзвинчуьнга» бохура Мусас: «Шен дахар ишттачу хаттарна тIекхаьчначо, ша а, шен ворхIе да а нохчий хилар я цахилар къасто дезара. Ваха а хьакъ дац иштта весаниг».

Ткъа гIиллакх-оьздангаллах доьзначух элира: "Шуьнехь шиъ велахь, царах цхьаъ воккха хила веза, ткъа кхоъ велахь, царах цхьаъ тхьамда хила веза"…

Ненан весеташ

ТIееънарг гуьйре хиллехь а, амма товбецан (сентябрь) бутт бовха беанера 1957-чу шарахь. Ломахь йолчу нохчийн ярташца дуьстича, къаьсттина йовха хетара Соьлжа-ГIалахь. Мацаллий, къизаллий генарчу Казахстанехь йисира. ХIинца-м Соьлжа-ГIалин бахархойн аьттонна дIасалела ехкина трамвайш а яра. Делахь а, Элистанжара жима стаг, цу хенахь абитуриент, гIаш лела Iемина вара. Баккъал а дийцича, трамвай тӀехь дӀасаваха ахча ца хуьлуш а догIура денош...

Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультете деша веанчу Мусага хабар кхаьчнера кхуьнан нана, Макка, цIеххьана гIелъелла‚ аьлла. Макка кога-ира ца хIутту 20 шо дара. 1937-чу шарахь, Мусан да, Iабди, лоцучу дийнахь, чекисташа тоьпан бух биттина, букъ сецна, кога ца хӀотталуш, меттахь хан йоккхуш яра иза…

Соьлжа-ГIалахь «Родина» кинотеатрана гуонаха жуьгтийн куп яра, шех "Еврейская слобода" олуш. Шена вевзачу жуьгтичуьнгара вилспет а яьккхина, цIехьа гIоьртира Муса. Сиржа-Эвла кхаьчча, шегара вилспет цхьана нахехь а йитина, нехан бошмашкахула, ког ма-боллу, уьдуш, Элистанжа кхечира иза.

ГIийла Iуьллуш карийра цунна шен нана. Кхаа дийнахь кхетамчохь йоцуш, халачу цамгаро лаьцначу Маккас ши бIаьрг схьабиллира, шен коьрте Муса охьалахвелча. "Хьо вац иза, Муса?!", – набарха санна, халла къаьсташ, элира цо. "Хьо деша ваха воллу, ма боху соьга? Цхьа поэт а тоьар ма вара вайна. Хуур хьуна. Хьайна луъучохь дешалахь, амма ца доьшуш ма Iелахь, хIаллак хир ву хьо".

ШолгIа дехар иштта дара ненан: "Хьайн ден лар лахалахь. Дала гIо дийр ду хьуна".

Нанас дIасалистинчу ойланийн хIордах кхин цхьа "дехар-тулгIе" а хьаьдира кIентан лере:"Дуьненан хIуманах а Iехалой, улле яьккхина кхечу къомах стаг а йолуш ма гайталахь хьо, я сан кошан барзе а ма хIотталахь, хьайн халкъан Iадатех хаьдда вахахь...".

...Декъаза вац-кха да-нана резадинарг. Церан догъэцнарг, царна муьтIахь хилларг ирсан да ву дуьненахь а, эхартахь а.

Ненан весеташа вира Мусах дика кIант, дика да, дика накъост, дика артист.

Артистан бералла

Дудаев Муса 1938-чу шеран чиллин (февраль) беттан 16-чу дийнахь Веданан кIоштарчу Элистанжа юьртахь вина. Цуьнан да Дудаев Iабди Нохчийн дуьххьарлерчу поэтех цхьаъ вара. 1937-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 24-чу дийнахь НКВД-н хьадалчаша "Советийн Iедална дуьхьал болх беш ву" аьлла, лаьцна дIавигнера. Цунах дерг хааза дисира 1991-гIа шо кхаччалц.

Ткъа Дудаев Iабдина оццу 1937-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 2-чу дийнахь тоьпаш тоьхна хиллера.

Бераллехь дуьйна могашалла ледара йолуш, эгIаза кхуьуш вара Муса. Дуьнен чу а валале, ненан кийрахь волуш, Iабди лаца баьхкинчу салташа лазийна вара иза. Нохчийн агана вилла йиш йоцуш, гаьнгали чохь кхиийра иза. Шен кхо шо кхаьчча бен такха а ца волавелира. Нохчийн халкъ махках доккхучу шарахь ялх шо кхаьчна вара Муса.

Луларчу хьехархочо дечигах йина говр яра цуьнан, чIогIа дукхаезаш, ловзош. Цхьаъ бен йоцу и тайниг 1944-чу шарахь керта лилхинчу салташа, когаш а кегдина, йитира.

Халла, дехарш а дина, Элистанжара Шела охьайогIучу салтийн салаз тIе йиллира Мусан вежарша шайн нана.

Нанас ша меттахь Iилла йисинехь а, доьзал кхабар цхьанна а тIе ца дожош, ша кхобуш бара. Кхекхех кетарш а, пхьуьйшаш доцу хIуманаш а тоьгура цо. Мусана а тегнера цо цхьа жима, кIайн кетар. Нана тIехь йолчу салазна тIаьхьаведча, кетаран тIомах ког а тасабелла охьавуьйжира Муса. ЦIерабохучу "халкъан мостагIийн" ворданашна ха деш вогIучу эпсаро ласттийна шад туьйхира:

"Встать, звереныш!"‚ – аьлла, тIе а чевхаш. Ларамаза цуьнан коьртара куй агӀорбаьллачу минотехь и эпсар зуда юй хиира Мусана. Гуьмсерчу шалонашна тIеховшийра хIорш.

ХIетахь ца кхийтира кIант оцу дешнийн маьIнах, амма дахаран дорцана дуьхьал цунна некъ гайтинарг, ницкь белларг "Встать, звереныш!" омра а хилла, чекхделира…

Казахстанерчу Ново-Алексеевка поселкехь охьабиссийра ДудаевгIар.

Мусан вежарий Iибади, Зайналбек, Майрбек колхозе балха бахара. Деша аьтто ца хилира церан, амма воккхахволчу вашас, Iибадис, деха ца дуьйцуш, сацам бира: "Мусас деша деза!" – аьлла.

Массо а хIуманна тIехь похIма долуш хьалакхуьу Муса. Сих-сиха карладоккхура цунна ша «Iедалан мостагIчун» кIант хилар, амма дикачу наха дог а оьцура, гIо-накъосталла а дора.

Доьзалан Iуналла деш, шайн цIийнан а, доьзалан а дукь шена тIелаьцна‚ дIахIоьттира ткъе диъ шо долу Мусан воккхахволу ваша Iибади.

МусагIеран доьзал беха Ново-Алексеевка Iер-вахарна аьтто болуш яцара, цундела меттиг хийца лууш хьаьвзира воккхахволу ваша. Уллехь догIуш хи а долуш, Новая-Москва юьртахь хIусам лехира цо шайна. Оцу хенахь Iибади Хобдински кIоштахь трактористийн тоьллачу бригадин бригадир вара.

1948-чу шеран гуьйранна «Новая-Москва» колхозан председатело гIо а дина, цхьа лаппагIа ийцира цара шайна. Аьхка, белхи а бина, битаме далийра цара и цIа.

Жима, керла кIотар яра Новая-Москва. Мусана дукхабезало, шаьш санна, цхьа а бехк а боцуш махках баьккхина шайн лулара немцойн доьзал. Упперт фамили яра ненан Мариян а, йоьIан Матильдин а.

Безамца дагалоьцура Мусас цара шена кечбеш хилла немцойн къоман "Штрули" цӀе йолу кхача. ТIаьхьо, дуккха а хан-зама яьлча, Моздок гIалахь ехачу Матильдина телевизор чохь "Белое солнце пустыни" исбаьхьаллин фильмехь бIаьргкхетча, вевза шайца Казахстанехь Iийна жима «квартирант». Яхана зама дагалоьцуш, йоьлхуш Iийна хиллера иза.

1956-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 11-чу дийнахь, Хобдахь 10-чу классехь доьшуш Муса а витина, Нохчийчу цIабирзира ДудаевгIеран доьзал. Цуьнан 10-чу классехь дешар юккъе бен ца кхаьчнера, Муса цIавалаве аьлла, нанас Майрбек Казахстане дӀахьажийначу хенахь.

Даймахке дукха сатийсина Муса 1956-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 28-чу дийнахь Оренбурган вокзале вогIу. ЦIерпоштахь Соьлжа-ГIала богӀу беха некъ бан волало кIант. Мацах, ша жима волуш, 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь, арабаьккхина декъаза некъ карлабуьйлуш, дагалецамаша дог чахчош вогIу иза.

Цкъа а, цхьана а дийнахь шен дагара ца яьллачу Элистанжа, шен дайн махка, кхочуш вара иза.

1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 4-чу дийнахь, Соьлжа-ГIаларчу вокзалехь сецначу цIерпошта тIера охьавуссу шен Даймохк, шен къам, стиглара малх-бутт санна къегаш, дуьхьалхIиттина волу нохчи.

Шела кхочу, юха гIаш Элистанжа чувулуш, геннара шен вешех, Iибадех, бIаьргкхета. Цуьнца накъостий а хуьлу. Овкъаршлахь жижиг а доттуш, садоӀуш Iаш хиллера уьш. ТIаьхьо хаьа Мусана Iибадин накъостий бевзаш болу яздархой Ошаев Халиддий, Мамакаев Мохьмаддий, ткъа иштта Нохч-ГIалгIайн Республикин Iедалан белхахой хиллийла.

Оццу 1957-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь кхелхира Мусан нана.

Ленинграде деша вахар

Соьлжа-ГIалахь деша ваха Муса кечам беш волчу муьрехь, Ленинградерчу А.Н.Островскийн цIарахчу институтан векал вара Нохчийчохь актерийн факультете деша дIабига нохчийн а, гIалгIайн а кегийрхой вовшахтухуш.

Цхьана дийнахь хьехархойн институтан юкъараIойлин уьйтIахь шен накъосташца хиъна Iаш вара Муса. Кегийнах, шайна юург эца дагахь, кепекаш вовшахъетташ бохкуш, ДаьргIара Мусан накъосто Зортас элира:

– Муса, "Ленинан некъ" газет тIехь хаам бу, ма боху, нохчийн кегийрхой Ленинградерчу театральни институтан актерийн факультете деша бахийта вовшахтухуш бу аьлла.

– "Актерийн" бохург хIун ду?

– Суна-м ца хаьа, амма иза хьан хIума ду аьлла-м хета‚ ахь оцу хьайн хелхаршца тхан коьртан хьеш дIа ма эцна!

Соьлжа-ГIалахь хилла йолчу Кировн цIарахчу парках "Трек" олура хIетахь кегийрхоша. Цигахь цхьаьна а кхетий, шайн самукъадоккхуш, хелхаран бал а боккхуш, иллеш а олуш, шайн «хьуьнарш» къуьйсуш Iара нохчийн кегийнах.

Мусаний, Зортиний тIе церан кхоалгIа накъост веара, Дишни-Веданара Дунаев Денилбек. Цо элира:

– Валолахь, хьох историк хир вац. Хьо айхьа дуьйцург дийцина валале, бераш урокехь набарш а еш Iийр ду. Хьуна оьшушрг Культурин министерствехь ду!

Цигахь шаьш дахкаран бахьана а хаийтина, шолгIачу дийнахь музыкальни училище кхечира накъостий. Конкурсах чекхбовла баьхкина республикин маьI-маьIIерчу кIошташкара хаза, товш кегийрхой бара. Шен дагахь: "Мича ваха воллу хьо, Муса? Гой хьуна, кегийнах, мел куьцехь, хаза, лекха, товш бу, ткъа хьо, хьайн фуражкица лерича а, цхьа метр бен вац...". Училищен актови зала чохь дIахIоттийна когаш тIехь цхьа кIайн «яьшка» гира Мусана. Иза рояль хиллера.

– Внимание! – аьлла, нуьцкъала аз долу цхьа онддачу дегIехь стаг хьалагIаьттира. Иза чIогIа хьекъал долуш, оьрсийн а, нохчийн а меттанаш дика хууш, ша тIехьаьжна буьрса хеташ хиллехь а, амма оьздангаллах, яхьах, дикаллах дог дуьззина стаг хиллера. ТIаьхьо ерриге а Нохч-ГIалгIайн Республикехь вевзаш дIахIутту иза. Яздархо-драматург Хамидов Iабдулхьамид вара иза. Абитуриенташка олу цо:

– Нохчийн къоман театрехь болх бан кегийрхой хоржуш ду тхо. Ленинградера веанчу вайн хьешехь, Александр Николаевичехь, ю шун фамилеш.

"ДIаязвала ца кхиъначо хIун дан деза?" – аьзнаш девлира. Иштта Дудаевн фамили юкъакхийтира оцу дӀаязбинчарна.

– Нохчи вуй хьо? – хаьттира Хамидовс.

– Ву дера, хIинццалц-м, – элира ас.

– Аз-м дика ма ду хьан. Мичара ву хьо?

– Веданан кIоштарчу Элистанжара ву-кх.

– ХIай-хIай, вуьззина нохчи ву хьо-м, гарехь, – элира Хамидовс, ткъа зала чохь белар иккхира, хIунда аьлча, "вуьззина" нохчи, мох баьлча вадор волуш, гIийла вара.

Мусас М.Ю.Лермонтовн "Смерть поэта" байт йийшира, юха А.А. Фадеевн "Молодая гвардия" повестера Кошевой Олеган монолог а.

– Дика ду, тоьар ду. Ткъа иллеш олий ахь? – дара хаттар.

"Муьлхачу къоман илли хаза лаьара шуна, цигонийн, украинийн, я «вайниг"? – хотту Мусас.

Комиссина юккъехь волчу кхоалгIачу стага (Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин министр Татаев Ваха хиллера иза) хотту:

– Нохчийн илли ала хаьий хьуна?

– Хьожур ву.

Зал юха денъелча санна хетара, Мусана тIекхаччалц цхьаьнгга а ца аьллера я нохчийн я гIалгIайн илли ала. Нохчийн мукъамехь илли элира цо:

"Малхо ма дуьйцу шен дагара,

Батто ма дуьйцу шен дагара,

Аса-м ца дуьйцу сайн дагара,

Сайн деган декъахо воцу дела".

Иштта, дагахь а доцуш, театран институте деша хIоьттира Муса. Бераллехь хийлазза, ца Iебаш, хьежнера иза исбаьхьачу Ленинградан суьрташка. ХIетахь хIорш бехачу Казахстанерчу юьрта почтехула цхьаццанга кхочура и суьрташ, ткъа цаьрга дийнна юрт, хьожуш, чекхйолура. ХIинца, воккхавеш, лаьттара иза гIарадаьлла девзачу доккхачу Нева хин берда йистехь.

Шен дахарехь мел хилла къинхетаме адамаш, накъостий, хьехархой, гергара нах дагалоьцура цо... Массо а даг чохь кхуьнца Ленинградехь вара. Нохч-ГIалгIайн актерийн тобанехь воккханиг Дакиев Мохьмад вара. Деша а доьшуш, "Предпортовый" олучу юьртабахамехь картолаш чуерзош къахьоьгура цара. Мохьмада, дикачу дас санна, дола дора шен накъостийн. ХIора суьйранна картолаш гулйора цара. Уьш дIа а юхкий, шайна оьшу сурсаташ оьцура. Дешаран хьалхара курс токхе яьккхира. Цул тIаьхьа Мохьмад, зуда а ялийна, студентийн юкъараIойлера дIавахара.

ТIаккха, бакъдолу "студентийн дахар" дIадоладелира. ГIараяьлла евзаш йолчу "Белое солнце пустыни" цӀе йолчу исбаьхьаллин фильмехь Мусас дуьххьара дакъалецира. Дакиев Мохьмад оцу фильман шолгIа режиссер вара. Мохьмад бахьана долуш йоккхачу кинемотографин хьаьрме кхечира Муса. Цунна даима а дагахь лаьттира цо шеца лелийна гIиллакх, шена мел дина вошалла.

Деца "цхьаьнакхетар"

Юуш а юуш а ца юуш йоккхучу студентийн хенах бала хилира. 1960-чу шарахь могашалла эша а, гIора кIезиг диса дуьйлира дегIехь. Институтехь оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш волчу Успенский Всеволода хьехар дира Мусана, Салтыков-Щедринан цIарахчу библиотеках пайдаэца аьлла.

Иштта, цхьана дийнахь Ленинградерчу библиотеке вахара Муса. Зал яьсса яра. Книгийн ишкапана уллехь лаьттачу цхьана воккхачу стагах бIаьргкхийтира кхуьнан. Шен де дика дича:

"Гамаржоба, генацвали!" – елира цо.

Гуьржий хиллера иза. Мусас, ша кху библиотеке гуттар а вогIучух сурт а хӀоттийна, хаьттира:

– Скажите, у Вас есть сборник стихов Абди Дудаева?

– Кажется, есть, посмотрите в картотеке, – дара жоп.

Муса, когашкара са а даьхьна, бIаьргаш хих а дуьзна, висира.

Амма "картотека" хIун ю ца хаьара цунна. Эхь хийтира, шена и хӀун ю цахаарна. ТIаккха, хӀара воьхна шена вайча, воккха стаг ша хьаьжира ша бохучу метте. Iабдис язйина жима книжка схьакховдийра цо Мусага.

Даг чохь иккхинчу лазарх хих бIаьрхиш а хуьлуш, стоьла тIе охьаэгара тIадамаш.

Иштта, дагахь а доцуш, шен деца "цхьаьнакхийтира" Муса.

Ненан весетах цхьаъ ша кхочушдина хийтира...

Мусан да, Iабди, шен итт шо долчу хенахь дас, Дудас, Хонкара деша вахийтинера. Цигахь 11 шарахь Стамбул а, Анкара а гIалийн хьуьжаршках Ӏамийнера цо Iаьрбийн а, туркойн а, гIажарийн а меттанаш. 1922-чу шарахь Нохчийчу цIавирзича, цунах поэт хилира. ХIетахь схьайиллинчу школашкахь нохчийн мотт хьоьхуш болх а бира.

Шен дуьххьарлерчу байтийн гулар 1927-чу шарахь зорбане йоккху цо. Тахана дозаллица карладаккха лаьа:

Дудаев Iабди "Серло" (хIинцалера "Даймохк") газетехь болх бина хилла хилар.

Кхолламаш мерза ца хилла нохчийн интеллигенцин хьалхарчу могIарехь хиллачеран.

Ден цIаро а, ненан весеташа а дIалелавора Муса. Ленинградехь дара иза. ДIаяла езаш экзамен а йолуш, мацалло гIелвина институтан паркехь долчу гIантахь, наб а озийна, висира Муса. Юха, ша цхьана дийнахь сарралц набйича санна, кхеравелла, хьалаиккхина, институтан неIаре хьаьдира.

Доккхачу дегIахь, тIамехь а хилла украинец вара хьехархо.

Аудитори чоьхьаваьлча, ша тIаьхьависаран бахьана дийцира Мусас. Iамийна хIума дацара. Мусана 1 сахьт хан а елла, аравелира хьехархо.

Ткъа цо шен коьртехь хилла йолу ойла охьаязйира. Шайн дена ша оьрсийн маттахь язйина "Отцу" байт яра иза. Иштта ду цу тIера дакъа:

"Откликнись на голос сыновний, отец,

Коль сердце в тебе еще бьется!

Быть может мой зов – сердечный гонец

К уставшему слуху пробьется".

Май 1960 шо Ленинград.

Муса – актер

Зама цкъа а сецна яц. Тен уьйриг санна, шераш тIехьерчош, схьагулло хан-зама, Дала хьуна цхьанна лерина зама.

1962-чу шарахь, кхиамца дешна а волий, Ленинградера цIавоьрзу Муса.

Цо театрехь а, кинохь а къахьегар лораза ца дов. Нохчийн махкахь жима а, воккха а Муса вевзаш, дукхавезаш хуьлу. СССР-н яккхийчу киностудешкахь, Мусас дакъалоцуш яьхна: "Белое солнце пустыни", "По следам Карабаира", "Кольцо старого шейха", "Волчья яма", "О странностях любви" и. дӀ.кх исбаьхьаллин фильмаш, езаш тӀеоьцу хьовсархоша, лаккхара маххадабо кинокритикаша.

Ерриг ткъе ялх фильм ю, Дудаев Мусас ролаш ловзош, яьхна. Кинохь санна, театран сцени тIехь хуьлу цуьнан баккхий кхиамаш.

Хакишев Русланан "Песня Вайнахов" спектаклехь тхьамда ву иза, О.Иоселианин а, Р.Хакишевн а «Когда рушится мир» спектаклехь Доккин роль ю цо ловзош, Хамидов Iабдулхьамидан "Бож-Iела" спектаклехь Бож-Iела хуьлу цунах.

Оьрсийн сийлахь-воккхачу А.С.Пушкинан "Пир во время чумы" пьесехь Пушкинан а, Г.Лоркин "Кровавая свадьба" спектаклехь Iожаллин роль а ловзайо Мусас.

Тоьллачарех ду Н.Гоголан "Женитьба" спектаклехь. Дудаев Мусан Анучкинан ролехь дакъалацар а.

Йиш йоьхна еара зама

СССР пачхьалкх, вайн баккхийчу наха олуш ма-хиллара, "стоьла тIехь" йохийра. Нохчийн махкахь кегари болабо тIеман къайлахчу режиссераша. Нохчийн халкъ шина декъе декъало ХХ-гӀа бӀешо чекхдолуш.

Нохчийчохь "Конституцин къепе" дӀахIотто араволу Ельцин Борис.

Теш хиллачара дийцарехь, Сибрехахь лайнарг дицдеш, бала беара нохчийн махка а, халкъе а.

1995-чу шеран хьалхара буьйса тIеман дуьххьарлера буьйса яра. Соьлжа-ГIала сийначу цIарах йогуш яра.

1999-чу шарахь болийра шолгIа тIом. Нохчийн мохк шозза белхийра. Эзарнашкахь маьрша нах хIаллакьхилира. Дуьне ма-дду дIасадаржийра нохчийн халкъ. Дудаев Муса шен доьзалца Москва воьду. Москвахь а маьрша баха ца буьту нохчий, массанхьа а лоьху «чеченский след», дагахь а доцучохь кара а деш.

Мусан кIентий Саяддий, Анзоррий балха хIотта йиш йоцуш вара, дукхахболу нохчий санна. Деэшначу хенахь, кху харц дуьненахь ишттаниг муха нисло техьа аьлла хеталур долу тамашийна де догIу Мусан кхолламе... Россин Федерацехь а, Москвахь а болчу бизнесменашна юккьехь дика вевзаш волчу дуьненаюкъарчу индустриальни банкан генеральни директоро Арсамаков Юнуса, телефон а тухий, ша волчу дIакхойкху иза.

Мусан дахар-Ӏерана хьал девзинчул тӀаьхьа Юнуса а, цуьнан вашас Абубакара олу:

– Хьо цхьана а метте вахийтина, вайъа йиш яц тхан. Москвахь хIусам оха оьцур ю хьуна.

Юха, цхьа бутт баьлча, шайга кхойкху цара Муса.

Москвана юккъехь йолчу керлачу хIусаман догIанаш ло АрсамаковгIара Дудаев Мусан доьзална.

Шена оцу кепара дика, оьзда дегнаш долу нах бовзарна, Далла хастам беш, вехира Муса.

ЦIахь дина сий мерза ду

Хийцамаш Мусан кхоллараллин декъехь а хилира. 2000-чу шарахь Нохчийн Республикин пачхьалкхан Х.Нурадиловн цIарахчу къоман драматически театран гастролаш хилира Германехь. Германера Бремен гIаларчу театрехь "Женитьба" спектакль яра бекарг (март) беттан 8-чу дийнахь. Сцени тIехь роль ловзочу Мусан кийра морцуш, дог долчу агIор ов детта дуьйлира. Шен накъосташка Докаев Султане, Омаев Дагуне ала кхиънарг: "Со дIаволуш ву шуна. Со лахь, кхузахь ма виталаш...".

Дуьххьара орцахбевлларш тIекхиънарш театран лоьраш бара. Мусана сцени тӀехь инфаркт хилла хиллера. Цул тIаьхьа Бремен гIалин больницехь Мусан дагна чолхе операци йира, Iожалла цахиларна дийна а висира.

Оццу 2000-чу шарахь Кавказан къаьмнийн Культурин фестиваль яра луларчу ХIирийн махкахь йоьдуш. Машен чохь шен накъосташца вогIучу Мусана кхин цкъа а инфаркт хуьлу.

Къилба-ХIирийн республикал дозанехь шайна кьоман кхачанаш а бохьуш дуьхьалбаьхкинчу нахана тIехвоккхий‚ Ольхетово кIоштарчу больнице кхачаво белхан накъосташа Муса. Къилба-ХIирийн Республикин Президенте хаам кхочу, цунна везаш волу артист шайн кIоштарчу больницехь ву, олий.

Юккъе цхьа де бен ца дулуш, Буру-ГIалин тоьллачу клинике дехьавоккхуьйту цо Муса. Товбецан (сентябрь) беттан 30-чу дийнахь дара цунна шолгIа инфаркт хилча. Ткъа эсаран (октябрь) беттан 6-чу дийнахь хIирийн театран сцени тIехь Н.Гоголан "Женитьба" спектакль ю. Сценарица, шен хан тIекхаьчча‚ Муса гучуволу сцени тIехь.

Зал юьззина болу хьовсархой хьалагӀоьвттира гIаьттира Нохчийн Республикин гIараваьллачу артистана Дудаев Мусана! Хьовсархошна шайн хаамийн гӀирсашкахула хиъна хиллера Муса 6–7 де хьалха инфаркт а хилла, Ӏожаллах хьалхаваьлла хиларх. Ша бахьанехь спектакль юкъах ца ялийта цо гойтучу хьуьнарна ларам бира оцу наха.

Иштта вара Муса

Нохчийн мотт кIорггера хууш, адамашкахь адамалла хила лууш стаг вара Муса.

– Къоначаьрга, доьзал кхуллучаьрга, хIун эр дара ахь? – аьлла, шега хаьттича, Мусас, дукха еха ойла а ца еш, элира: "Безам я декхар аьлла, къастам бан дезахь, декхар ду коьртаниг. Далла хьалха, нанна хьалха, доьзална хьалха, юьртана хьалха. Бусалба дог долу стаг дахаран маьIна ца карош вуьсур вац. БIаьргашна къегинарг деза, куьйгашна атта дерг, ткъа хаттахь, даге хатта деза".

Соьлжа-ГIалахь хиллачу студентийн театран директор вара Муса. Нохчийн пачхьалкхан университетан актерийн факультетехь хьоьхуш а вара. Цунна хьалха шо стенна хьехадо, бутт бен ца баьккхинехь а, къоначарна и хан дика школа ца хуьлийла дацара.

Литература а, сценин искусство а езархошна Муса, дика гочдархо санна, вовзара. Цо оьрсийн маттера нохчийн матте гочйира оьрсийн а, Европин а яздархойн-классикийн говзарш. Коьртачу декъана А.С.Пушкинан кхолларалла яра цо нохчийн маттахь йовзийтинарг. Цуьнан балхах боккха пайда а ийцира "Пушкиниана" спектакль хIоттош.

Иштта вара шеца даима а йолчу хазачу забаршца вайна дукхавезавелла актер. Даима велавелла, самукьане хеташ, амма шен кийрахь къайлабаьхьна дуккха а гIайгIа-баланаш худуш, Далла дуьхьал вахана Муса.

Цуьнан бакъдерг синан кIоргера мохь-лазам, дехар-орца, кхайкхам-сатийсам ца хоьира вуьшта а кIезиг ца лазийначу даг чу. Вайна уллехь, дехьа-сехьа ков-кертахь вехарг а, веллачу дийнахь бен ца вевзаш а нисло вайна хийлазза.

Ткъа билггал дерг – Муса интеллигенцин тоьлла векал вара. Цунна бевзара ша коьрта туьллучу куйнан мах. Иза кхоччуш вевзина вац нохчийн халкъана.

"Керла Муса" гур ву цо деш хиллачу хелхаран, шел тӀаьхьа цо йитинчу кхоллараллин тидам бича, маьӀна дича, цуьнан доьзал, бевзича. И санначух аьллера Алиев ГIапура: "Маржа яI, къонахий – боданехь седарчий!".

Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н, РСФСР-н а халкъан артист Дудаев Муса дӀакхелхира 2016-чу шеран хьаьттан (август) беттан 6-чу дийнахь, ша дакъалаьцна спектаклаш, кинош вайн дагалецамашна а юьтуш.

XS
SM
MD
LG