ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьпаш тухур-те я йисина хан набахтехь яккха еза-те?


Иракъан кхелан сацаме лаьдоьгIуш 50 Оьрсийчоьнан яхархо ю

Оьрсийчуьра орамаш долу ах бIе зуда ю Иракъан набахтешкахь шайна ен йолчу кхеле ладоьгIуш Iаш. Цхьа а дегайовхо яц, уьш кIелхьарабевр бу ала.

Кху деношкахь пачхьалкхо елла дIаяллалц набахтехь яккха хенаш кхайкхийра Дагестанерчу 21 шо долчу Магомедханова Эльвирина а, 26 шаре яьллачу Исмаилова Алисина а. И шиъ кхеле хIоттийнера, низамаш хьоьшуш дозанашкахула дехьаяларна а, Иракъан а, Шеман территори тIехь экстремистийн тобанашкахь латтарна а.

Изза кхел кхайкхийра Францин яхархочунна а. Ткъа Азербайджанан а, ГIиргIазойчоьнан а яхархочунна, и шиъ юьйш сацам тIеийцира.

Дагестанерчу шина йоьIан наной апелляцеш чуяла дагахь бу шайн доьзалийн хьокъехь – ши кIира хан ю царна арз кеч а дина, кхеле дIакхачо дисинарг.

Кхечу пачхьалкхашкара чубаьхкинчу зударийн хьокъехь БагIдадехь карарчу беттан 29-чохь кхелан кхеташо дIахьур ю. Радикалан тобанех дIа а кхетта, церан могIаршкахь латтар мархдаьлла царна.

"Газета.ру" хьосто яздарехь, 50 Оьрсийчоьнан яхархо ю шайн кхеле хьоьжуш. Соьлжа-ГIалахь дахначу кIиран 18-чу дийнахь гулбелла хиллачу Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а бахархойн гергарнаш а хила тарло царлахь.

Iедале орца дехначу 30 наноша лоьху шайн йоьIарий, беран бераш, хетарехь, Иракъерчу набахтешкахь а, вуьшта йийсарехь а лаьцна латто.

Цара гIо дехнера Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а, шайн бераш цIа дерзадахьара аьлла.

Иштта гергарчара сатуьйсу, Иракъан президенто Масум Хьаврани Мухьаммад Фуанис шайна гIо дийриг хиларх а.

"Оха къинхетам бар доьху къоначу нанойх а, церан доьзалех а. Гергарчу Малхбале церан цIийндайша Iехийна, тилийна уьш бигина хиларна", - аьлла, яздина ду Хьавронин цIарах Иракъан векалалле дахьийтинчу кехата тIехь.

Оьрсийчуьра маса зуда ю Иракъан набахтешкахь, билггал хууш дац хIинца а.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанера пачхьалкхан эскарша схьаяьхначу территорешкахь лецна БагIдадерчу юккъерчу маьждигехь латтош 57 оьрсийн яхархо а, 100 церан бер а ду аьлла, хааме даьккхинера байначу баттахь "Керланаш" агенталло. Царлахь бара Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а, Москохара а, Башкирера а, Брянскан кIоштара а, иштта кхечу регионашкара а зударий.

Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхочо, "Объектив" организацин куьйгалхочо Саратова Хедас бIеннашкахь ду элира шега бахархошкара кхаьчна дехарш-кехаташ.

"Тхан организацин базехь дехаршца даьхкина кехаташ ду, шайн зударий а, бераш а схьалахар доьхуш. Цара лоьхурш 2 эзар гергга стаг ву. Дукха хьолахь, кегийн бераш а, церан наной а бу лоьхурш", - аьлла, дийцина Саратовас.

Иштта бакъонашларъярхочо бахарехь, Къилбаседа Кавказера хилла ца Iа и нах тIекхиа гIертарш: "Кхечу Оьрсийчоьнан регионашкара зударий а бу цара лоьхучарлахь. СНГ-н мехкашкарчу бахархойн цIераш а ю хIоттийначу тептарехь".

Саратова Хедас билгал ца даьккхира, маса Къилбаседа Кавказера яхархо ю тахана шайн гергарчара лоьхуш, хаьттича – организацехь церах бакъйолу статистика яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG