ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов Iилман. Иллин беснаш


Юсупов Iилман

ИЛЛИН БЕСНАШ
(сонет)
Хазахетар деъча цхьаьннан керта,
Цига хьо ас кIайнчу басахь дош.
Хир дуй хууш и массарна товш,
Кхин совгIаташ леха со-м ца гIерта.
Амма беъча цхьаьннан уьйтIа бохам,
Кхин а чехка эцца кхочу со.
Ас Iаьржачу дашца кадамбо,
Сайн доIанца човхош кхиэлан тохам.
Iаьржа, кIайн и дешнаш дIасакхоьхьуш,
Илли, васт ас дохадой-те хьан?
Сан йиш яц хьо кхечу басахь ган,
ГIенах, самах даго дуьхьал оьхьуш...
Де-буьйсанан ши бос хьоьца хилча,
Цхьа а вац хьо хетар долуш ирча...

Юсупов Iилман нохчийн поэт ву. Цо чекхъяьккхина Нохчийчохь юккъера школа а, А.А. Ждановн цIарах йолчу Ленинградан пачхьалкхан университетан историн факультет а. Белхаш бина школехь, газетийн а, журналийн а редакцешкахь, иштта Нохчийн Республикан Ичкерин дешаран а, Iилманан а министерствехь министран хьалхарчу гIовсан даржехь. Юсупов Iилман поэзин ворхI книгин автор ву: «Заманан мазлагIа» (1991), «Доьналлин маьждиг» (1997), «Иэсан гIу» (1999), «Нохчийн кхерч» (шведийн маттахь, 2011), «Илли а, мухIажаралла а» (гIазакхийн маттахь, 2015), «Хьан кхерчан суй» (2015), «Иэсаца къамел» (2016). Юсупов Iилманан байташ араюьйлу нохчийн, оьрсийн, украинхойн, болгархойн, шведийн, ингалсан, испанхойн меттанашкахь. 2001 шарахь дуьйна эмиграцехь ву иза. Карарчу хенахь Швецехь вехаш ву. 2015-чу шарахь Швецин пачхьалкхан яздархойн Союзо шен могIаршка дIаэцна Юсупов Iилман.

XS
SM
MD
LG