ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов Iилман Воккхачу стаге


ВОККХАЧУ СТАГЕ
Юсупов Iилман

Хьан деган хуттургех дIалетта шираллин энаш,
Ах-сема хуьлу хьан къоьжачу ойланийн наб.
Лазамийн шелоно гIорош шен экаме пенаш,
Сиркхонех хьеший бан Iемина хьан дегIан гIап.

Дахаран хьашташа бос биъна юьхь-сибат огуш,
Хьан иэсан Iинчуьра схьахьоькху хебаре мох.
КIайн корта - чиркх бу хьан къаналлин буьйсанехь богуш,
Серло а ца лучу цо муха вийр ву хьо вох?..

КъорIанна юккъехь хьан весетан кехатан косташ
Суранийн доьзалх шайн къайленаш тешийна Iа.
Некъашца тIаьхь-тIаьхьа жимделла хьан ларийн хIосташ
Дуьненан букъ тIера ма дойла кесталгIа дIа.

Оьмаран йист лаьцна лаьтташ ду хьан шерийн маьIна,
Кхалхазчу уьйраша гIорасиз гIортораш еш...
Шена чохь ойлано сийсаден жамIаш а IаьIна,
КIур тийса хIоьттина хьан дагалецамийн пеш.

Цхьалла бен теш воцу сингаттам хьайн байбархьама,
Кхетамна дарба деш, сих-сиха ахь доIа до...
Беран бер ду моьттуш хьайн денош ловзаден зама
Лехначу голаш тIе и хийшо марзвелла хьо...

Юсупов Iилман нохчийн поэт ву. Цо чекхъяьккхина Нохчийчохь юккъера школа а, А.А. Ждановн цIарах йолчу Ленинградан пачхьалкхан университетан историн факультет а. Белхаш бина школехь, газетийн а, журналийн а редакцешкахь, иштта Нохчийн Республикан Ичкерин дешаран а, Iилманан а министерствехь министран хьалхарчу гIовсан даржехь. Юсупов Iилман поэзин ворхI книгин автор ву: «Заманан мазлагIа» (1991), «Доьналлин маьждиг» (1997), «Иэсан гIу» (1999), «Нохчийн кхерч» (шведийн маттахь, 2011), «Илли а, мухIажаралла а» (гIазакхийн маттахь, 2015), «Хьан кхерчан суй» (2015), «Иэсаца къамел» (2016). Юсупов Iилманан байташ араюьйлу нохчийн, оьрсийн, украинхойн, болгархойн, шведийн, ингалсан, испанхойн меттанашкахь. 2001 шарахь дуьйна эмиграцехь ву иза. Карарчу хенахь Швецехь вехаш ву. 2015-чу шарахь Швецин пачхьалкхан яздархойн Союзо шен могIаршка дIаэцна Юсупов Iилман.

XS
SM
MD
LG