ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яндарбиев Зеламха. Ас хьоьга дийцинарш дацара туьйранаш...


Яндарбиев Зелимхан
*****
Ас хьоьга дийцинарш дацара туьйранаш,
Ас хьоьга кхийдийнарг яцара хIуьттаре:
Малх гIаттон де доцуш, йисина Iуьйренаш,
Малх сацон де доцуш, де диъна суьйренаш.
Беттасин буьйсанаш, седарчийн стигланаш –
Ма гена хиллера, сан даго къийлинарш.
Дахаран анайист дуьненахь лехнарг а,
Шен даг чохь карийча, цунах ца тешнарг а –
Цхьатерра пекъар ву, цхьатерра декъаза,
Къестон а ца оьшуш - хенара, хеназа,
Леха а ца оьшуш – генара, гергара,
Вийца а ца оьшуш – ненера, дегара,
Ву хьуна, дуьххьал-дIа, хьо шех ца кхетарна,
Дог оьхьна вехачу шех хьо ца тешарна.

Яндарбиев Зелимха (1952-2004) гоьвала нохчийн байтанча а, яздархо а, политик а вара. Яндарбиев Зелимха вина I952-чу шарахь гезгмашин беттан 12-чу дийнахь. 1981-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн университетан филологан (нохчийн мотт а, литература а) факултет чекхъяьккхира. 198I-1982 шерашкахь дуьхьара байтийн гуламаш арахийцира. 1984-чу шарахь ЧИАССР-ан яздархойн бертан декъашхо хилира, ткъа 1985-1986 шерашкахь СССР-ан яздархойн бертахь болхбира. 1987-1989 шерашкахь дийшира Москох Горкий цIарах лаккхарчу курсашкахь. 1989 шарахь литературан хьехамча санна болхбира ЧИАССР-ан яздархойн бертахь. Цу шарахь дуьйна “Барт” политикан организацин гIаьнтда а вара.

Нохчийчуьрчу маршонан боламан жигара декъашхо вара Зелимха. 1996-1997-чу шерашкахь Нохчийн Республикан Ичкерин президентан декхарш кхочушдира. Оьрсийчоьнан эскарашна дуьхьал тIамехь дакъалецира 1994-1996-чу шерашкахь. 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан къайлах сервиша Дохехь терроран акт йина вийра Яндарбиев Зелимха.

XS
SM
MD
LG