Сатуев Мохьмад. Хазалла йовзар
Мох цоьстучу лечанан тIам санна,
Тархан лаба кхийда Iинан кийра.
Инзаре сурт ган лаарна сайна,
Йисте гIоьртуш, со, цецваьлла, тийра.
Шийла мох а цу тарха тIехь цIийза,
Стигал санна, бухахь – сийна кIорге,
Валар-висар къаьстачу цу сизца
Бегош бара зезаган цIен корта.
Мохехь, цIеран кIега санна, хьаьъна,
Иза куьйга хьаста са кIамделла,
Со, дIакхевдаш, бердан йисте таьIча,
И тIулган тIам бетIи, бегабелла.
ТIам хIаваэхь, терза санна, техки,
Зезаган мах Iожаллица узуш!
Кийрахь сайн дог хаьдча санна хетта,
Со вахьийра, шийла хьацар тухуш.
Берд чухаьрцаш, зезагIинах дайра,
Суна дуьтуш маьлхан мерза дахар.
Ас цу сизехь Iожаллин хьу лайра,
Къиза девзаш кхетамехь садалар.
Эццехь суна дахаран чам бевзи,
Цуьнца юста хазалла яц, аьлла,
Со дIавоьхуш, зезаг кхин ца левзи,
Сан дахаран сизал дехьа даьлла.