ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев Аюбах лаьцна спектакль гойтур ю


Титиев Аюб
Титиев Аюб

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочух Титиев Аюбах лаьцна гайта спектакл кечъеш ю Театр.doc. Кхааридийнахь YouTube-хь хьажа таро хир ю цуьнга Москохарчу хенаца - суьйранна ворхI сахьт даьлча.

Кху шеран Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна латтош ву бакъонашларъярхо Титиев Аюб, наркотикаш бахьанехь. Титиевс а, цуьнан белхан накъосташа а полисхоша марихуана цунна тесна ю боху.

Титиев дIахецар доьхуш, кхайкхамаш бира Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъарчу а политикаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG