ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь полисхоша йиттина доьзалхочух йолчу нохчийн жимачу зудчунна


Венера полици. Архивера сурт.
Венера полици. Архивера сурт.

Венехь доьзалхочух йолчу нохчийн жимачу зудчунна тоьхна полисхочо, яздо Кавказ.Реалиино. Болчу хаамца, ши-кхо де хьалха махкара арабаха хьакъ долу Австрехь беха нах лоьху полицин белхахой чулилхина хилла 25 шо долу нохчийн зуда ехачу хIусаме.

Оьрсийчу дIахьажо Iалашонца, полисхоша лоьхуш хилла цуьнан да-нана. ХIусамах хьожуш бохку уьш новкъарло ян гIоьртина, шен гергарчаьрга телефон тоха гIертачу зудчунна.

Эшам хиллачу зудчо дийцарехь, полицин белхахочо, куьг а лаьцна, пенах тоьхна иза, пIелг а кагбеш. Цул тIаьхьа жима зуда дIакхачийна Венерчу клинике. Цигахь хенал хьалха доьзалхо вина цо.

Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло таллам болийна хилларг бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG