ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн сардам. Мисаран тоба йиса мегаш ю, Салахь а воцуш


Нохчийчоь - Салахь Мохьамед а, Кадыров Рамзан а "Ахмат-Арена" стадионехь, Манг. 10, 2018
Нохчийчоь - Салахь Мохьамед а, Кадыров Рамзан а "Ахмат-Арена" стадионехь, Манг. 10, 2018

Мисаран футболан федерацино шайн футболхошна дуьненан чемпионатехь дакъалацуш куп тоха хаьржинарг Нохчийчоь хилар бахьана долуш, къоман тобанна юкъара дIавала мегаш ву цуьнан коьрта седа – Салахь Мохьамед, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Кадыров Рамзанца сурташ дахийтарна а, Соьлж-ГIалахь хиллачу цхьамогIа акцешкахь дакъалацарна а бакъонашларъярхоша шена критика яр бахьана долуш, 26 шо долчу "Ливерпулан" форвардо Салахь Мохьамеда сацам бина Мисаран къоман футболан тобанна юкъара дIавала.

Цуьнах лаьцна кIиранан дийнахь а, оршотан дийнахь а хаам бира CNN телеканало а, Associated Press агенталло а, цIе ца яьккхинчу хьасташна тIе а тевжаш. Маца дуьйна дийр ду Салахьа иза дуьйцуш дац: оршотан дийнахь иза, цхьа буьрка чу а тухуш, левзира СаIудийн Пачхьалкхан тобанна дуьхьал. Мисаран футболан федерацин векалша а, Нохчийчуьрчу Iедало а чIагIдо, Малхбузерчу зорбанан гIирсаша арахецна хаам бакъ долчуьнца догIуш дац бохуш.

Дуьххьара дуьйна дина гIалат?

Харц хир дац аьлла хета, адамийн бакъонаш талхош ву бохуш критика ловш волчу Кадыров Рамзанна Мисаран футболан тоба Соьлж-ГIалахь тIеэцар, Путинна чемпионат Оьрсийчохь тсанна хIума ду аьлча.

Мисаран футболан федерацин декъашхой реза хилира Нохчийчохь шайн тобанан база хилийта, и харжам нийса бац бохуш, эксперташа шаьш варе деш доллушехь.

Соьлж-ГIала дукха генахь ю мисархой ловза баха безаш хиллачу кхаа гIалана – Екатеринбургана а, Петарбухна а, Волгоградна а. Мисаран тоба, юкъара жамI 1:4 а долуш, ийшира хаьлхарчу шина ловзарехь. И бахьана долуш, хенал хьалха чекхйелира цунна дуьненан чемпионат.

Белш лазийна волу Салахь ца левзира хьалхарчу матчехь. Ткъа шолгIачу ловзарехь цо пеналти туьйхира Оьрсийчоьнан тобанна кевнашна чу.

Кадыровна Мисаран тоба тIеэцар санна мехала ву Мисарна Салахь Мохьамед. Цу махкарчу зорбанан гIирсаша яздо, пирIон Тутанхамон дIаваьккхинчул тIахьа, Салахь уггаре а вевзаш волу мисархо ву бохуш.

Ткъа хIинца цу историн декъашхошна зе дан мега Оьрсийчохь хиллачо. Салахь юкъаозийна цунна оьшуш доцчунна. Мисаран тоба юхаяла мега "Ахмат" клубца доттагIаллан ловзар дIадахьарх. Ткъа "Ливерпуло" пайда эца мега хIоьттинчу хьолах, тIебогIучу беттан 22-чохь Дортмундерчу "Боруссица" ловза кечлуш шайна оьшуш волу Салахь сихха цIавигар Iалашонца.

Кадыровца сурт а, "лараме махкахо" а.

Мисаран тоба Соьлж-ГIала кхаьчначул тIаьхьа шолгIачу дийнахь, Мангал-беттан 11-чохь, сурташ гучудевлира Нохчийчохь уггаре Iаткъаме волчу, Iамеркан санкцешна кIеллахь волчу шина стагана, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, парламентан спикерна Даудов Мохьмадна а, юккъе хIоьттина Салахь а волуш.

Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларйечу вовшахтохараллаша критика еш ю ойла цхьаьна ца йогIу нах хьийзорна, шайна юкъахь "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб а волуш, Кадыровна а, ткъа иштта ФИФА-на а, Мисаран футболан тоба дIатаръян Соьлж-ГIалана бакъо яларна.

​The New York Times газето яздарехь, Салахьца суьрташ дахийта дагахь Кадыров ша вахана хилла иза вехачу хьешан хIусаме. Кеманца некъ бинчул тIаьхьа садоIуш волу Салахь, меттара а гIаттийна, валийна цо "Ахмат-Арена" стадионе.

Мангал-беттан 15-чу дийнахь, Уругвай тобано эша а бина, Екатеринбургера мисархой Нохчийчоьнан коьртачу гIала юхабирзича, цу дийнахь 26 шо кхаьчначу Салахьна елира 100 кила йозалла йолу торт. НТВ-но дийцарехь, иза дара "нохчийн футболйезархоша даийтина совгIат".

Мангал-беттан 22-чу дийнахь Кадыровс шен резиденцехь тIеийцира Мисаран къоман футболан тоба. Коьртачу минотех цхьаъ яра Салахьна "Нохчийчоьнан лараме махкахочуьнан" цIе ялар.

Associated Press агенталлан хьастано дийцарехь, и гIуллакх дара, шех "политикан симболх" санна пайда эцарна реза воцчу футболистан собар кхачийнарг. Цу агенталлана хетарехь, Кадыровн имиджо а, шена реза боцчу нахаца цо къийсам дIахьош радикалан кепаш лелош хиларо а вочу агIора Iаткъам бан мега Салахьан карьерина, кIеда бусулба динан векал санна иза лелачу Ингалс пачхьалкхехь.

CNN хьастанна хетарехь, Нохчийчохь тIеэцаран кепо Iаткъаме хьоле хIоттийна Салахь: цунна ца тов, футбол а йоцуш, кхечу хIуманца шен цIе яхар. Иза дуьхьал ву цхьаьна стеган политикан имидж кхуллуш шех пайда эцарна.

Салахьан а, Мисаран тобанан куьйгаллан а, нохчийн Iедалхойн а реакци.

Салахьа цкъачунна цхьана а кепара комментари ца йина, Нохчийчохь ша цу кепара тIеэцарна ша реза воцуш ву аьлла, зорбанан гIирсаша бина хаамаш бахьана долуш.

Салахьан метта Мисаран тобанна юкъара иза дIаволуш ву бохург харц дан гIерта цу мехкан кIоман тобанан а, Нохчийчуьрчу Iедалан а векалш.

CNN бинчу хаамца, Мисаран футболан федерацино динчу дIахьедарехь альлла ду, Салахьа "и хаттар делегацин цхьана а декъашхочуьнца дицаре ца дина" аьлла.

Мисаран тобанан официалан дIахьедарехь аьлла ду, и дуьйцург "бух боцуш" хиларх лаьцна. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан секретаро Каримов Iаьлвис аьлла, Салахь Мисаран тоба йита дагахь ву, Нохчийчуьрчу Iедалхоша шена тIех сов терго ярна бохург "харц" а, эхь доцу бакъдоцург" а ду аьлла.

Ша цхьа Кадыров бен вуй-те бехке?

Мисарарчу спортан журналистана Заки Валидана хетарехь, Салахьан демарш, Кадыров шен политикан имидж тоян футболхочух пайда эца гIортарца йоьзна хилла ца Iаш хила а мега. Масала, цо дагайоуьйту кху шеран Оханан-баттахь хилла истори. Мисаран футболан федерацино Салахьан сурт тоьхнера шайн мехкан футболан тоба дIасалелочу кемана тIе. Салахь реза вацара шен сурт Мисарарчу мобилан зIенан компанин логотипана уллехь хиларна. Цуьнан контракт ю кхечу мобилан телефонийн компаница.

Федерацин куьйгалло, Салахь къинтIера а ваьккхина, дIадаьккхира цуьнан сурт кемана тIе латийначура.

И ца дийцича а, Салахь реза вацара Мисаран тобанан куьйгалхоша дуьненан чемпионатана кечдалар вовшахтохарна. Кху беттан 20-чохь Мисрарчу журналисто Зидан Карима яздира Твиттерехь, Салахь вуно оьгIазвахна вара, Мисаран футболан федерацин белхахоша футболхошца цхьаьна Оьрсийчу 100 сов бизнесхо а, бевзаш болу нах а балорна, цхьа а дуьхьало а йоцуш, ловзаршна кечлучу процессана уьш тIе а буьтуш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG