ТIаьххьарчу пхеа шерачохь лакхадаьлла Оьрсийчуьра бовда луучу кегийрхойн терахь. Пачхьалкхерчу бахархошна хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) динчу зерашца, кхечу пачхьалкхашка дIасабаха лаам болуш бу 18 шарера 24 шаре бевлла 31 процент кегийрхой, хааме даьккхина РБК агенталло.
Массо а бахархошлахь бинчу хаттамехь 10 проценто дIахьедина, шайна Оьрсийчуьра дIабаха лаар. Бахархоша къасточу пачхьалкхашлахь ю Германи. Цигахь дIатарвала хьаьгна ву 16 процент. Цунна тIаьхьа хаьржина Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а, Испани а, Канада а, Итали а.
Дукха хан йоццуш "Левада-центро" бинчу талламашца, хIора Оьрсийчуьра пхоьалгIа вахархо ву мохк дIатаса лууш. Иштта хаттамо къастийна, махкара араволу паспорт долуш царлахь доьалгIа дакъа бен цахилар а, бахархойн кхоалгIа дакъа бен дозанал арахьа хилла цахилар а.
Эксперташа билгалдаккхарехь, пачхьалкхера доккхачу декъанна арабовла лаамберш кегийрхой а, таро йолу респонденташ а бу.