ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хатуев Iабдул - Хьамид. Овкъарлахь Iуьллуш ю аре


Хатуев Iабдул - Хьамид

Овкъарлахь Iуьллуш ю аре

Овкъарлахь Iуьллуш ю зезагийн аре,

Юкъ кегош хьоькхуш бу дарбелла мох.

Мила ву сатесна со цIехьа варе,

Я цхьаьнга валур вац со цигахь вох?

Ло санна оьгуш ду жималлин заза,

Гатлуш бу безначу нийсархойн гуо,

ЛагIлуш бу сан деган пондаран мерз а,

Сел аьрха ойланаш го йисна буо.

Йолало алаша, некъ хьулбарх дарцо,

Лан беза бехк боцчу гIалатийн мохь:

Даима хилла ю, хир а ю харцо,

Даима лепар бу нийсонан бохь.

Урх хецна воьду со хьийзачу новкъа:

Арцана тIехьа бу керланиг арц.

Стигал а язъелла догIанца къовкъа,

Некъаш ду, Iехаван,жIардуьйлуш харц.

Тешаме, алаша, йоха ма йоха,

Цхьа а ца лелла некъ харжарах вай.

Лакхене кхийда са, долу тIам тоха,

Битина шув къийса декъаза лай.

Овкъарлахь Iуьллуш ю зезагийн аре,

Юкъ кегош хьоькхуш бу дарбелла мох.

Сан Даймохк хьоьжуш бу со вуха варе,

Цуьнга бен валур вац со йовмал вох!

Хатуев Iабдул-Хьамид (1952-2011) — нохчийн байтанча, журналист, Нохчийн Республикан яздархойн бертан декъашхо вина 1952-чу шарахь. 1974-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет. Цуьнан дахаран некъ хедира 2011-чу шеран Дечкен-беттан 17-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG