Хатуев Iабдул - Хьамид
Чекхъели сан йоца бIаьсте
Чекх ели сан йоца бIаьсте,
Доьлхуш ду гуьйренан дерз.
ЧIир йоцуш вай вовшах къаьсти.
Хеди сан пондаран мерз.
Олхазарш дIатийна бен чохь,
Беснеш тIехь Iийдало хи.
Хьан дешнийн къахь йисна дагчохь,
Вай цхьаьна доьлур дац кхин.
ТIомара лахлуш ду леча,
Оллийна, лазийна тIам.
ХIинца хьо хьоьстур ю кхечо,
Кхечо хьан туьдур ду гIан.
Доьлхур ду буьйсанна орцахь
Вай лахьте кховдийна ирс.
Эрна ду вай довлар орцах,
И шелдеш йиллича йис.
Ас, хIетте, баркалла боху
Ахь овкъарх латорна суй.
Даьгна дог юха ца догу,
Церг хьекхорх, я къийларх буй.
Хир ю хьоьх тешаме гIортор,
Хаздина хьеннан а цIа,
Iалашбеш хьеннан а корта,
Цунна чу диллина са.
Т1аьхьара алар:
Хьоьх къастар мел хала хилла,
Ирс доцу безаман цIе.
Вита со воьжначохь Iилла,
Ма гIерта кхин суна тIе.