Бексултанов Муса
Лазам
Кхуо тилпо кисана йиллира, пIелг таIийна, машен хьала а латош – накъосташа кхайкхинера кхуьнга, хIума а кхоллуш, жимма цхьаьна Iийр дара вай, биллиард а тухуш, волахь, аьлла.
Уьш кхуьнан хьалха хиллачу хьешеш бисина бара, цхьаберш кхунна товш а боцуш, хIетте а, цхьаьна хьерчаш ханъяйарна, гIалаташ а ца хьехош, куьг а тесина, Iадда битина.
Кхуьнан уьш чIогIа дукха а бара цхьана хенахь, хиллачех хIинца – ган лууш – цхьа-шиъ бен а ца вуьсуш.
Хьо жима а, къона а волуш, дог даьстина лелачу хенахь, цIара тIе сагалматаш санна, шортта гуллора хьан уьш, хьоьгара цхьацца гIо оьшурш я ала дош, кхин я важа. ТIаьхьо юха дIа а бовра, жимма а шайна чу са деъча, ахь шайна динчу диканех мотт-эладита а даржош.
Цул хала хIума а ца хиллера – цу мотт-эладитанал хала, – хьо харц-бакъ къасто воьлча, бехкениг хьо а хуьлуш.
Машен йохлуш а йитина, – лаьхьан бутт бара, шийла а къаьсташ, – цхьайолу бедар хийца дагахь хIара чувахча, йоI Iара, буйнахь цхьа кехат а хьерчош, билхина гуш ши бIаьрг а болуш.
Цхьаъ хир ду-кх кхуьнан дахарехь а, хийтира кхунна, дейтта-пхийтта шо долчу йоьIан, шен безамаш а, халахетарш а, массеран а санна хIетахь, хьуна езачунна хьо а ца везаш.
ХIара йоьIан ненаца къаьстина кхо шо дара, кхин дIа иза лан а ца елла, цуьнан саьхьаралла, писала а, нехан бахамаш кхунна тIехбоьттуш, хIара мел ца вешачу нехан.
Коьртах куьг хьокхуш, йоI жимма те а йина, ша стенга воьду а аьлла, аравелира хIара, маьркIажан шийла хIо а хаалуш.
Минутке охьакхочуш, машенаш яра сецна гуш, тIаьхь-тIаьхьа тIеоьхучара хьо юкъе а вуллуш. И хьал иштта лаьтташ а дара, кIирнах шозза-кхузза нислуш.
– Хьо ма хьело? – зIе туьйхира Iарбис, ахсахьт гергга ханъяьлча.
– Хьаькимаш тIехбовллалц, Минуткехь совцийна, – элира кхуо.
– Вай, эцца автовокзалехула, Заводской, Карпинке хьала а ваьлла…
– Тидам а боцуш, – хадийра кхуо.
Машенаш дIаюьйлаелира, «пIапI-пIийпI» дарца, кIайн Iаь а гIуьттуш биргIанашкахула.
– КIант, хIорш-м хьо схьакхаччалц ца Iаш, шун дассо гIерташ бара хьуна, – элира Iарбин зудчо, – ас бIар дIа-м ца белира! – аьлла.
– ХIорш-м, хьаха, бу сийдоцуш нах, – забар йира кхуо, накъосташна мара а кхеташ.
Юург охьахIоттаяллалц, цхьацца дуьйцуш а Iийна, стоьла гонаха охьаховшуш, Iарбига цхьамма зIе туьйхира.
– ВаIалайкум салам… ву, чохь ву… ши-кхо стаг… Iалви, а, Лема а, Хаважи а… вола тIаккха хьо а, – Iарби охьахиира.
– Мила ву иза? – хаьттира Лемас.
– И вара иза-м… мила вара иза… Нурди, – элира Iарбис, кхуьнга схьа а хьаьжна, – схьадал, зуда, оцу чуьра кхин цхьа гIант, Нурди а ву вогIуш, – аьлла.
Кхунна ца тайра Нурдин цIе яьккхича, хьалагIаьттина дIавахча, нийса а хир доцуш.
Ледара боьрша яра иза чIогIа, кхеран юьртара а йолуш, сагIадоьхург санна, цхьаццанна тIаьхьа а тийсалуш, юха цуьнан аьтто боьхча, Iодикаяр а доцуш, кхин хьаьвда а лохуш шена, иза хесторца, важа вуьйцуш, шен гуй доцу йовсар санна, массарна а хьесталуш лелаш.
Кхуо чIогIа гIо а дира цунна, шоллагIа тIом дIабирзина дика ханъяьлча, кху Iарбис дехар а дина, ша волчу дIавуьгуш, машен а елла – наха ахчанах бен луш йоцу, – квартира эца аьтто а беш. КIант деша а вахийтира, цхьа кепек а ца йоккхуьйтуш, бархI эзар Iаьмеркан ахча доьхучохь.
ХIара дIаваккха хьовзийча юха – кхуьнан меттиг шайчунна езаш, – кхин бахьана а ца карийна, харжамаш байтира лакхара охьа, шайх волу цхьаъ кхуьнца хIоттош.
– Накъостий, – элира кхуо, белхалой схьагулбина, кхунна уллехь важа кандидат а волуш, – накъостий, вай цхьана хаза къа а хьийги, хала хан а яра, хIинца-м мелла а аттачу даьлла гIуллакх… сан массо а хIума нисделла а хир дац, со мел дан гIиртинехь а, сайн дан аьтто берг дан-м гIиртира со шуна… шен рицкъ дерг хоржур ву-кх аша, – аьлла.
Уггар а хьалха дош доьхуш, Нурди хьалагIаьттира, деллахь хIинца со хасто волу-кх хIара, ма ца оьшура-кх иза кхузахь, аьлла, кхунна дага а доуьйтуш.
– Ахь дина кхин гIо а ма ца хаьа суна-м, белхалошна дIало, аьлла, Iедало предприятина схьаеллачу машена тIе шопар-м вахийтира ахь со… квартира оьцуш, ахь юхалург елла и кепекаш ас, кредит а эцна, банкана проценташ а токхуш, хьуна юха дIа а елла. Оцу чуьрчу кIантах лаьцна хьо цхьаъ ала гIерташ велахь, сан кIант цхьа а кхоъ доцуш, ишкол яьккхина а вара…
– Со ректор-м вацара хьуна цигахь! – элира кхуо, вела а луш.
Зала чухула белар дахара.
Вукхунна кхаж тесира, ца таса а ца баьхьаш.
Харжарца декъал а вина, хьалха белхаш мичахь бина ву хьо, хаьттира кхуо, иза шена цхьанхьа а цкъа а гина воций а хууш: жима стаг вара, гIеметта а хIоттаза.
– Белхаш шорта а, дукха а бина, – элира вукхо, цIе яккха шен цхьа меттиг а йоццушехь, шек дIа а ца хуьлуш.
Нурди, керла хаьржинчо, кхо бутт баьлча, эккхийна хиллера, миска, цо шена кхарна тIехь айкхалла дан валийначунна хIара айкхалла эцна а вахна.
Юха Iарби веара кхунна, хIара гIеххьа болчу балха хIоьттича, хьо къинтIера ваккха шена, бохуш, дийнахь а, буса а зIе етташ, гIад-амал дайина-кх сан оцу Нурдис, бехке со а вара, хьоьга цунна гIо де, аьлла, веъна хилла волу, олуш.
– Со къинтIера ваьлла алахь цуьнга, Iарби, иза суна тIе а ца валош, кхин балха оьцур вац а ала, – элира кхуо Iарбига, иза Iарбин ненахойх геннара цхьаъ вуй а, хIара шен нанас хьийзош вуй а хууш.
Юха иза муха – и Нурди – шайх иза схьа муха кхийтира а-м ца хиира кхунна, цул тIаьхьа, дIакхаьччохь иза бухахь каравар бен, я, хьожа кхетча санна, миччахь а шуна тIе а кхочуш.
Кхуо цуьнга хIумма а ца элира, иза цул тIаьхьа шена гича, хьо ду-дац, аьлла я кхин цо а ца хьахийра, хьалхачул чIогIа гIовгIане хуьлуш, синкъераме хилар бен.
ХIара юха, цу балхара дIаваьккхича, цхьа кIеззиг кхечу балхахь а сецна, шозза-кхузза балха ваха гIоьртира – зам бен ца оьцура, ткъе ши-кхо шо долчу бератIорзан зам бен, «мама», аьлла, дош яздан ца хуучу цунна дерриг а моз а дуьсуш, кхунна – алапал совдаьлла –малхехь якъо жирг а ца кхочуш.
Машенан биста кхаччалц, дерриг а хIума дIа а доьхкина – ши чоь йолу квартира-м йитира кхуо чохь Iен, – мебель а, куз а, пхьегIаш а, юьртара шен дакъа а, – йохка-эцар лелочу шен доттагIчуьнга и ахча юкъадуьллуьйтуш, сецира хIара тIаккха, цо шена лучу ткъе итт эзар соьмах кхачам беш, цхьа аьтто баллалц, аьлла.
Нурди чоьхьавелира, воккха велавелла, массарна а маракхеташ, лакхахь ваьлла, охьа а хиъна.
Кхунна иза цкъа а иштта гина а вацара хьалха, хIинца санна, иштта эвхьаза сакъераделла я лакха волуш, охьахиъна а.
Цхьа хIума-м ду хьуна кхуо лелорг, хийтира кхунна.
ХIума а йиъна, парггIата чай а молуш, хIорш цхьацца дуьйцуш Iаш:
– И тхан хилла нус сийсара сан хьаькиме Байхане маре ма еъна! – элира цо, бIаьрг тIе бIаьрг хIоттош, кхуьнан юьхь тIе а вогIавелла.
– И мила тхан… хьан… шун нус? – хаьттира Хаважис.
– ХIокху хьенехан хилла зуда Нурседа ю-кх! – кхунна тIера бIаьрг а ца боккхуш, хьалхачул а чIогIа къежира.
Вуьйш кхиале, оцу сохьта кхеттачу кхуо:
– Йитина зуда маре йоьдуш ца хуьлу? Хьо ма чIогIа цецваьлла, сте хIума маре яхча… хьан нана маре а яхна вина вац хьо! – элира, алу кхаьллича санна, кийрахь сийна цIе а леташ.
ТIаккха юха, кхин къамел юкъадалале, цхьа эвхьазо-о – цкъа а ша шена магийтина ца хилла долу – анекдот дийцира кхуо, массарел гIадвахана, «кIахь-кIахь» дарца, вела а луш.
Нурдин юьхь кхуьйлира, къайллаха хIара лар а веш; кхуо кхин а, кхин а дийцира и эвхьаза анекдоташ, воьлучуьра ца соцуш, ши тIара вовшах а детташ.
Хаважис а дийцира кхин. Iарби: «Армянское радио спрашивает», – аьлла, дийца волалушшехь, Нурди хьалаиккхира, ша тIаьхьавуьсуш ву, ваха везаш ву ша, аьлла, чуьра ара а тасалуш.
ХIара кхийтира, иза шена веъна хиллийла, шега «кхаъ» баккха, дог датIо, юха шегара цхьаъ далахь, ша нахе вийца а.
Масех парти биллиардах а левзина, йоI ша ю – бахьана доккхуш, – дIаваха аравелира хIара.
Арахь дерз догIура.
Кхуо кучан логера нуьйда яьстира машена чу хаале, хIаваъ ца тоьаш санна хетта.
Легаш дакъалора.
Юха цигаьрка дагаеара, ши шо хьалха йитина йолу.
Кхунна вевзара Нурседа хIинца маре яхнарг. Вовзарал совнаха, иза кхуьнан нуц лаьттина а вара пхи-ялх шарахь, шегахь хилла кхуьнан шичин йоI яллалц, хIара волчу балхахь а волуш.
Кхуо балхара эккхийра иза, хIора Iуьйранна шен белхан машена чуьра – иза кхуьнан шопар вара – зударийн месаш, шпилькеш, ахкарш лехьо кIорда а дина: шеца и тайпа эвхьазло ца езара кхунна цхьаннан а, невцан цIарах йолчу хIуманан, муххале а.
Ненашича кхуьнца ийгIира, нуц балхара дIаваьккхина, шен аьлла.
Кхуо бахьанаш а ца дийцира ша иза эккхоран, стаг вацахь а, боьршачу цIарах ю-кх иза, аьлла, хиэташ, мотт бинарг ца хила.
ХIара машена чу хиира, кор охьа а дохуьйтуш.
Жимма Iийра, букъ дIа а тоьхна, цигаьрка лохуш санна, шен дегIах куьйгаш а детташ.
Цигаьрка яцара, да велла йисарг, хIинца чIогIа оьшуш йолу, цхьа тамашийна кхетам бара я кхетамах кхиа гIертар, хIинц-хIинца шена довза доладеллачу кху адамийн дахарх цец-эргIал а волуш, кхеран хьаьгIнех, Iасаллех, хьо шайх тера хIунда вац, бохуш, хьо шайца охьанисван гIерташ, шайх къаьсташ ца хилийта, хьо писа ваккха, лай ван хьох: «тхан хилла нус сийсара маре ма еъна», – бохуш, хьо юьхьIаьржа хIотто, хьо гIелван, эшо, хоттала хьакха, цIунала…
Маржа, хьо оьшуш бен доьрзург ца хилла-кх кху дуьненан цхьа хIума а, мел чIогIа хьо тийсавелча а… хIумма а хьашт ма дацара, долчух Далла хастам а беш, марзонашца дахаделча… ца Iийра-кх, саца бахарх, ша аьлларг толо гIерташ, бага лееш, дуьхьал луьйш, кху нахах таръяла лууш, кхеран бахаме, дарже кхача, кху тIаьхьарчу шерашкахь хьолана хьерабевллачу нехан хьарамчу дарже кхача.
Таронца ца хилча, – сица, ойланца, дагца хилла а – цхьа шорто я кхачо, цхьа ийман доцчу доьзалера зуда яло мегарг ца хиллера-кх, шена ваха зуда, шеца яхо а… и писалла – сица, дегIаца дIайоьлла хилла и писалла – дIа ца йолуш, дуьне кхана духуш санна, садууш, меца каетташ… цIена зуда а ма яра ша, мохк балош хьо варах, юьхьIаьржа а хIоттор воцуш… амма цIийнадена шел хала зуда Дала кхуллур а яцар-кх кхин, тIеетташ лаьтташехь, шен бетаIуьрг ца сацош, дуьхьал луьйш, къийсалуш хьоьца, хьан дашал а, хьол а тола гIерташ…
Цхьана дийнахь иштта, иза луьйчуьра кхин ца соцуш, цо ша холчу хIоттийча, кхуо туьйхира цунна чIогIа, оьгIазалло бIарз а вина.
– Со хьоьга, хьан ахча а ду, хьо хьаьким а ву, аьлла, еъна яра, шийтта шо сайл воккха волчу къанвеллачу стаге, хьо оьшуш а ца еънера! – элира цо, цергаш тIеттIа таIийна, мостагIчуьнга санна, цабезамца схьа а хьаьжна.
Кхуо дог а даьттIа, сихаллехь цIе тесира, хьайна хьаштъерг кху чуьра дIаяхьа ши де хан ю хьуна, олуш, чуьра дIа ара а ваьлла.
Ши де а даьлла, хIара юхавеъча, ша санна, цIена чоьнаш а цIанйина, мел йолу хIума юьттуш, ито а хьаькхна, дуьххьала шен хIумнаш а эцна, дIаяхана хиллера, кхуо шена иййинчех цхьа хIума а ца хьош. КIант а вигнера шеца дIа, кхо шо долу кIант, ворхI шо кхаччалц шеца кIант ма къийса аьллахь хьайн дега, олуш, йоIе.
Цуьнца цхьа хийцам хилла хилча санна хийтира кхунна, цо дитинчу дешан ойлайича, хIусамца цо лаьцна хиллачу гIиллакхан а…
Цуьнан иштта дIаяхарх хорам хилла хIара ша а лийлира тIаккха, шена ду-дац ца хиъначу цуьнан тIаьххьарчу гIиллакхо дог кIаддина, ойла хьаьшна.
Ткъа хIинца юха, эхI, хIинца цу цIерга хьан кхоьсси-те иза я иза ша хьенан хIуьттаренна, мича бекхамна, шен хиллачу мершича йоьIан – елла елахь а – эмгар хила, шен шина беран маьхчийн хьомсара дензуда а… мила ву-те цунна и хьехнарг, иза цу новкъа яьккхинарг мила… кхуо хIун дан деза-те кхузахь, хIун ца дан, мила вен-ваккха…
ХIара кхунна цхьа юьхь хийтира, дерриг а схьагушдерг – кху дахаран чаккхенан юьхь, сел инзаречу, цакхетачу кху дахарх ведда гена вала, кху нахах цIенна дIахада, дIахьулвала, дIалачкъа: «Суна иштта хала, иштта Iовжаме, хIара гIело суна иштта хала хир юй хьайна хиъна хиллехь, ца дан там бар-кх ахь иза – хьайн чон меха доцу марел, мIеран меха доцу, хьайн мачин айрин меха…», – шен шабарш хезира кхунна.
Юха ша-шех меттавогIуш, машен а латийна – цхьанхьа-м ваха везий а хууш, мича воьду а вицвелла – меллаша новкъавелира, ца тешаш, бакъ ца деш я даго тIе а ца оьцуш.
ЙоI, голаш бете а оьзна, ши куьг коьрта кIела дуьллуш, йижина Iуьллура дивана тIехь, цхьа а тIетесна хIума а йоцуш.
Хьешан цIа чуьра одеял эца кхуо стогар хьалалатийча, цIенкъахь кехатцуьргаш гира кхунна, йоIа буйнахь хьерчийначу кехатан дакъош. Схьаэца дагахь куьг кховдийча, этIийна хилла сурт дара, йоьIан ненан бIаьрг а, бат а гуш.
«Цунах йоьлхуш хилла-кх хIара – дагатесира – нана маре яхний а хиъна, шен маьхчийн дензуда хила».
ТIе одеяла таса, аьлла, хIара йоIанна охьа тIе лахвелча, йоI цIеххьана самаиккхира, дада, аьлла, кхуьнан вортанах схьа а хьерчаш.
ЙоI йилхира, саца ца луш, кхуьнан кучан кач а тIадош, «хиъ-хиъ» дарца, дегI а кхийсалуш: «со ишколе… ас муха, дада… хаттахь, ас хIун эр ду…»
Кхунна йоIах къахийтира, дуьне довза кхиале сел хьалхе гIайгIа евзинчу…
ЙоI йоьлхура, буьйса а яра, догIа а дара корах лиэташ…
29.11.2017 шо