Маршо Радио (оьрсийн сервис)
Шайн коллега лаьттина Скрипаль хIаллакван Солсбери гIала баьхкина хилла Оьрсийчоьнан шпионаш "Боширов" а, "Петров" а, аьлла, Британи даржийна йоллушехь яьккхира талламийн "Беллингкэт" организацино хьалхарчун бакъ цIе – Оьрсийчоьнан тIеман министраллан урхаллерчу (ГРУ) иччархочун Чепига Анатолийн. Ткъа мила ву "Петров" хааза дуьсуш дара юкъараллехь, евзина хIинца оцу иччархочун цIе а.
Полковникан Чепигин а санна, йовзуьйту "Беллингкэто" СкрипальгIарна, Сергейна, а цуьнан йоIана Юлияна а, дIовш делла хила тарлучу шолгIачу шпионан ("Петровн") бакъ цIе - эпсар Мишкин Александр.
Британин полицино, "Новичок" дIовшца СкрипальгIар байа гIоьртинарш "Петров" а, "Бошировн" паспортца махка веъна хилла кхин цхьаъ а ву бахахь а, Оьрсийчоьно харц до уьш шен шпионаш хилар. Цушимма шаьш чIагIдарехь, Солсбери гIала туристаш санна вахана хилла и шиъ.
"Боширов" – иза Уссурийскера, цигахь иччархочун доьшийлах чекхваьлла Чепига велахь, "Петров" ву, хьостанаша дийцарехь, Архангельскерчу медицинан академехь дешна тIеман лор, иччархо, подполковник я полковник хила тарлуш волу Мишкин Александр.
"Беллингкэто" бахарехь, Чепига а санна, Москох дехьаваьккхина ГРУ-но Мишкин 2010-чу шарахь, цигахь делла цунна (вукханна а санна) керла паспорт – "Петров Александр" цIарца. Веха меттиг а хилла паспорта тIехь ГРУ-н хIусам язйина – Хорошевски шоссе, 76Б. 2014-чу шарахь елла цунна Москох петар.
Официалехь Оьрсийчоьнан куьйгалло ца довзийтина "Беллингкэто" бинчу талламах шена хетарг.
"Новичок" дIовш Солсбери а кхачийна, цигахь даржоро эккхийтина скандал марсаяьлла йоьдучу юкъанна нисделла кхин а массех пачхьалкхехь Оьрсийчоьнан шпионаш лецар, махкахбахар.
Кхушеран б1аьста Голландино цIехьахьажийра виъ Оьрсийчоьнан вахархо - Моренец Алексей, Серебряков Евгений, Сотников Олег, Минин Алексей. Цигарчу тIеман министро Бейлевелд Анк дIахьедира, уьш ГРУ-н эпсарш а бу, интернет-гIирсца шайн министраллан къайленаш яста а гIиртина, аьлла.
Иштта бехкейо Оьрсийчоь шен шпионийн гIоьнца Голландера Индонезе доьду кема 2014-чу шарахь Украинан стигалахь чудаийтар толлуш Амстердамо гулйина материал а, Оьрсийчуьрчу спортхоша доппингах пайдаоьцуш хиларх долу документаш а лачкъо гIортарна. Кремло ийечу кибератакаша даккхий зенаш до дуьненна а, дIахьедина дукха хан йоццуш Атлантикан тIеман альянсан (НАТО-н) инарла секретаро Столтенберг Йенса. Альянсан декъашхойн шеко яц Голланди а, Британи а бакъ хиларх, аьлла цо, дехна Оьрсийчоьне дуьненаюкъара низам лардар.
Карарчу хенахь Европан Барт кечлуш ю Оьрсийчоьнна керла санкцеш дуьхьалъяха, уьш хьакхаяла тарло Европе кхачош йолчу газан биргIанийн "Nord Stream – 2" асанан проектах.