ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьайбахехь мемориал кхолла дагахь ву Кадыров  


"Омра дина дицдан" филман сурт.
"Омра дина дицдан" филман сурт.

1944-чу шарахь Чиллан-баттахь дерриг а къам махкахдоккхуш дийна боллушехь багийначу нехан сий-ларам беш нохчийн шира эвла Хьайбах Iиллинчу меттехь дагалецаман комплекс кхолла дагахь ду Нохчийчоьнан Iедалш. Цунах лаьцна республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бира ша бIаьргтоха ГаланчIожан кIошта ваханчу хенахь.

Мехала сацам бина ша, бахархой багийна Хьайбахехь дагалецаман комплекс ян, бохуш вара иза. И дIахьедар шена тIе тидам бохуьйтуш ду, нохчийн къам махкахдаьккхина де Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Нохчийчохь хьахош ца хилар тидаме эцча.

Луларчу ГIалгIайчоьнан куьйгалхоша хIора шарахь хьуьнар гойтуш вовшахтуху Чиллан-беттан 23-чохь цхьацца бохаман мероприятеш. Амма Нохчийчуьра Iедалш тIаьхьарчу шерашкахь юхадаьлла дара, цу денца йоьзна цхьана а кепара акцеш ца еш.

Маситта шо ду Нохчийчохь депортацин де формалан кепара Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIатеттина. Цу дийнахь Нохчийчохь хьехош дерг хуьлу Республикан халкъийн дагалецаман а, баланан а де. Гарехь, и сацам боьзна болчух тера ду Чиллан-беттан 23-чохь ерриг Оьрсийчохь официалан кепара даздеш эскаран де хиларна.

Делахь а, цуьнга хьажна доцуш, луларчу Дагестанехь бехачу нохчаша дIахьо цу дийнахь бохийна махках бохуш кхелхина шайн махкахой дагалоцу мероприятеш. Изза до кхечу пачхьалкхашкахь бехачу нохчийн диаспораша а. Цхьаболчара и акцеш тIеоьцу Нохчийчоьнан Iедалша бинчу сацамна уьш реза ца хиларан акцеш санна.

Нохчийн историкаша ма диццара, Хьайбах нохчийн къам дохийна Сибрех дахийтаран симбол хилла ца Iа. И меттиг йоьзна ю нохчийн къоман ширачу историца. Ягийначул тIаьхьа кхин цкъа а юхаметтахIоттийна яц и юрт.

Ткъа хIинца Кадыровс цигахь мемориал кхолла сацам бар цуьнан ойла хийцаеларца дузу цхьаболчу социалан машанашкарчу комментарийн авторша. Кхечарна хета Кадыровс мемориал кхолла сацам бар чарпен шовкъехь яьккхина гIулч ю аьлла, Соьлж-ГIалахь хилла депортацина хьажйиан мемориал Iедалша гIалин юккъера дIаяккхина хилар дага а лоцуш.

1944-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь цамгаро лаьцна меттахь Iохку къаной а, зударий а, бераш а НКВД-н салташа дагийра Хьайбахехь говрийн божалан чохь. Цу бохамах лаьцна историко Коканаев Руслана къахьегар бахьана долуш режиссеро Эркенов Хьусайна 2014-чу шарахь кино яьккхира, "Омра дина дицдан" (Приказано забыть) цIе а йолуш. Амма иза гайта бакъо ца елира Оьрсийчохь, цо къаьмнашна юкъахь хьагI-гамо кхолла мега аьлла.

Дагадоуьйту, 2004-чу шарахь Чиллан-беттан 24-чу дийнахь Европан парламенто даре дина хилар 1944-чу шарахь нохчий махкахбахар геноцидан акт хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG