ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскаре бахар хьарам дина нохчий


Юха а эскарехь гIуллакх дан кегийрхой вовшахтоха гIоьртира Нохчийчохь

2000-чу шерашкахь, Нохчийчохь тIемаш марсабевллачу заманчохь дуьйна а юкъадаьккхинера эскаре ийзор. Хьалхара эскаре кхойкхурш спортан дакъошка дIанисбан сацамбинера. ГIаттамхошлахь лелла ву я вац толлура хIора а арме хьажо билгалвьккхинарг.

2001-2002-чу а шерашкахь маса дерзийра эскаре гIуллакх дан нохчий вовшахтохар. Иштта сихонца юха даймахка а берзийра уьш. Эпсаршца даим а конфликташ лаьттара церан хьалялан юург йоьхуш, куьйгалхошна дуьхьал буьйлуш, шайца цхьана болчу эскархошца девнаш латтош. Бунташ лелхийтинчарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш а ийдира, амма тIаьхьо дIакъевлира.

Масала, 2004-чу шарахь Нохчийчуьра верриг а эскаре хьажийнарг 39 жимстаг вара. Цхьа башхалла яра кхузахь - уьш массо а Нохчийчоьнан территори тIехь гIуллакх дан витира.

ТIаьхьо Нохчийчуьрчу тIеман коммисариате шарна эскаран гIуллакх кхочушдан а, контрактца а вовшахтоха болийра кегийрхой меттигерчу комендатуре а, прокуратуре а, ишта 42-чу дивизин дакъошка а.

2014-чу шарахь Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, тIейогIучу хенахь республикера массо а жимстаг декхаревийр ву Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх дан аьлла. ХIетахь буьйцурш бара армех баха сатесна масех эзар нохчийн жимстаг.

Амма мухха хиллехь а, хIинццалц схьа цхьа формале хIума дар-кх эскаран гIуллакх. Аьлча а, кегийрхой вовшахтухура Нохчийчохь куп тоьхна тIеман дакъош дIадузархьама. Республикан тIеман комиссаран Джейрханов Ахьмадан зерашца, 2016-чу шарахь эскаран гIуллакх даллал вара Нохчийчуьра 86 эзар стаг.

2017-чу шарахь юха а тIехтаса дийзира арме вахийтар. Нохчийн куьйгалло дIахьедарца, тIеман дакъошкахь вовшахтийсадаларш мел а ца хилийтарца доьзна дара и.

ХIетте а оцу шеран гурахь юха а дийцадаьккхира меттигера нохчийн бераш Оьрсийчоьнан кхечу регионашка армех хьийсор, къаьсттина луларчу мехкашка - Краснодаран а, Ставрполан а, ишта кхечу кIошташка а.

2018-чу шеран бIаьста а, гурахь а Нохчийчоьнан куьйгалхочо ши омра арахийцира, федералан Iедалша нохчий арме хьийсорах бинчу сацамах пайда а оьцуш.

Нохчийчоьнан комиссариатан информацица, кху шарахь Iалашо яра махкара 70 жимстаг Майкопе а, БуьритIе а, Волгограде а, Севастополе а, Къилбаседа Кавказерчу гIаланашка а арме хьийсо. Ерриг Оьрсийчохь лелачу эскархойх низамна юкъара Нохчийчоь а ца яккха интерес ю республикан Iедалхойн.

Амма кхи цхьа хIума а ду кхузахь, цу кепара дехкарш бахьана долуш республика мел ю дIасадаржийна, нохчийн Iедалхошна муьтIахь долу дакъош дIадуза таро хуьлу.

Къайлахчу хьосташа даредарца, Нохчийчохь Росгвардин могIаршкахь гIуллакх дан висса луучу 250 эзар сом охьадилла деза. Ткъа республикерчу хьелашка ладоьгIча, и Iаламат беза мах бу.

Эскаре баха хан кхаьчначу кегийрхойн гергарчара дийцира, шайн бераш Оьрсийчу гIуллакх дан баха шайна ца лааран бахьанаш. Царна хетарехь, Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь чекхбийлина эпсарш хила тарло бухахь, ткъа цара ницкъбан тарло церан доьзалшна.

Ишта са ца тоь дайн-нанойн, шайн кIенташка Къилбаседа Кавказан регионашкахь хан яккхийтина ца Iаш, Сибрех а, Генарчу Малхбале а уьш дIахьийсорна кхоьруш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG