ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Йист йоцу мIаьрго


Элдин Микаил
Йист йоцу мIаьрго

Харц-дуьненан харц хилар ма Iорадели-кх тховса… Я сан гIорасизалла ю те иза орца доьхуш?… Хьайн мелаша-малийкаша вочух лардеш долу синан пекъар, Йилбазо ловзочу хьайн къинойх къахеташ тийжачу буса ма гIорасиз хуьлуш а хилла-кх…

Дуьненна букъ берзийна, Далла дуьхьал вирзина эвлаяъ санна, ямартчу тешамна букъ берзийча, цхьаллин гIорасизалла юьсуш хилла-кх. Гезгамашош санна, суна гонаха бустамаш дохуш, сох хьерчачу кху даточу догIано, дуьне кхуллуш а, дохош а, Дала ша делхадо бохуш, шабаршца тийжамаш беш ма холчу хIоттийна-кх со.

Сан сица мотт бийца хуучу кху догIано шен дуьххьарлерчу тIадамчуьра дийнна дуьне доха а дой; юха цу дохийначу дуьненна тIера сагIийна кхин а эзарнаш тIадмашчуьра дуьненаш дохадо-кх. Дахаррий, Iожаллий цхьана хьостанера ши шовда дуйла мичара хуур ду кху догIанна и хьоста ша хилча?

Адамашна гечдар доьхуш, Далла хьесталуш доьлхучу малийкийн цIенчу бIаьрхих кхолладелла ду те хIара суна тийжаш долу догIа?
Кхуьнан цхьаллийга хьоьжуш, кхуьнан тийжаме ладоьгIча-м…, хIара цIенна цхьа гIайгIа ю. Я лурвоьллачух чIир санна, сох хьерчачу кху байлахьчу гуьйренан гIайгIа ю те иза? Заманан барамца юьстича, бIаьргнегIар тоххал бен йоцу хан эзар шаррал яхйи-кх суна кху догIано…, гуьйрено…, ахьа…

Кху гIарпечу* маьркIажехь, къастар дазделла, маьргонах марзо оьцуш сецна дей, буьйсий гой хьуна? Ирсах Iаба эзар шо хан елча, цхьана маьргоннал бен хир яцара-кх церан безамна, ткъа ирсе цхьа мIаьрго эзар шаррал яхйо... Уьш вовшех хьегаран ирс а, къастаран лазам а бу-кх хIара сийна маьркIаже…

Вовшех ца Iебаш, серло боданах хьерчаро гIелйина маьркIаже, цициган кIорни санна, хьасталой, хьан когаш кIел юьжу. Ткъа вайшинна гонаха субтийн* зикар деш хьийзачу гIа-патарша шабаршца елхайо шаьш эца ца кхиъна дахаран марзо. Кочачу йоIа, ша езачу кIантана санна, хьестаро ша дагийча, кху дуьнено малханна букъ берзош, догIанна тIетевжина, ойланийн йийсарехь лаьтта-кх хьо.

Хьайн хазаллин куьзга хиллачу сан бIаьргаш чу хьоьжу хьо. Анайист санна йист йоцу хьайн гIайгIа го-кх хьуна. Иза хьайгара схьаэццал со хилча, хьайх хьега дог а, хьайга тийса са а дитахьа суна...
Кху дуьнено, цIеххьанчу хьоло сонтабаьхначу Iесачу нехан хьошалло тIевисначу некъахочунна санна, сан синна ницкъбечу кху харц-дуьнено ма чIогIа хьагI леци-кх соьца.

Шен берриг а некъ синойн цхьанакхетарш, дIасакъестарш доллушехь, эзарнаш шерашкахь шийлачу аналлехь ша бечу некъа тIехь, хьоьца, хьан лазамца, хьан лаамца берта а дахана кху мIаьргонехь сеци-кх хIара дуьне.

Ткъа хьо?… Хьо а ю-кх со кху гуьйренан мизан-терзан тIехь латта а вуьтуш, сан са дадийна ялсамане а яхана, цу йист йоцчу генара схьа, жоьжахатин лазам шайна чохь богучу сан бIаьргаш чу хьоьжуш.
Хьан ойланаш… Хьан ойланаш – хьан дагалецамаш.

Со цIарах вагош, хьо йохъеш, суна лазам, хьуна тешам луш, хьан гIенийн дуьненахь сан амат кхуллуш болу хьан дегалецамаш, вайшиннан дегнийн лецамаш… Хьан ялсамане… МIаьргонийн эзарнаш шерашкахь, сан сине кхойкхуш хьан са тийжар долу ялсамане... Дала суна йовзийтина, амма ас букъ берзорна оьгIазло еш суна хьарам йина ялсамане...

И ялсамане хьоьца, хьан сица хир ю, цо хьуна сатийсаман марзо а, тешаман исбаьхьалла а лур ю. ХIинццалца хьан кIайчу куьйгаша-хуталша кху дуьненахь сецийна со, туьран дитта тIехь пелхьо санна, хьан дуьненний, синойн дуьненний юккъехь лаьтта. Хьан бIаьргийн Iаьмнех техтасса кечделлачу хих леттачу алуно жоьжахатехь дажал санна вагор ву-кх со.

Кху харц-дуьненна айса букъ берзийча суна хьан бIаьргаш сайна гур бу ма моьттура. Сайн, синойн дуьненахь, хьомсарчу гуьйренан бIаьрхих айса йоьттинчу гIалий чохь хьо карориг хиларх тешнера со. Амма хьан деган исбаьхьчу ялсаманенна сан синан Iаьрше йихкина хилла. Суна юьсург – гуьйренан безамо хьистина цхьалла…

Ткъа хIинца, хьайн лазаман зIенашца дихкина сан дог, хьан бIаьрхин цIергахь дага а дитий, хIара йист йоцу мIаьрго хадаехьа. Дуьненан, эхартан дозанаш къаьстачохь, гIайгIане гIарол а хилла лаьттачу стовно шен бIаьрхиш-буьртигаш цIечу муттах Iеночу буса, шен некъан тачанна тIехь къинойх ловзу дажалш а гуш абаде хьаьддачу сан синна хийрачу кху дуьненахь ма сецавехьа со.

Ас сайн цхьаллане дIахьур ма ду хьох хьегаран Iазап. Поллан тIемаш санна левзинчу хьан кIайчу куьйгийн ховхалла, сан дуьне техкийначу хьан боларан аьхналла, со ирсах тешийна хьан деган мукъамаш, сан деган къубба хиллачу хьан бIаьргийн ойлане хьажар…
Дагалецамийн саьхьарчу дуьненахь сатийсамаша вагош, сан хьомсара гуьйре суо хьеста дуьненчу мосазза йогIу цуьнга хьо хоьттуш, иза догIанах елхош, сиртан тIай санна гатлучу сайн кхолламан новкъа цхьаллица суо воьдуш, сайца дIахьур ма бу ас хьох хьегаран лазам…

Кху даточу догIанан тийжамах а ийна екаш йолу синойн назма хезий хьуна? Хьан дуьненний, шайн дуьненний юккъехь, хьох хьега, гуьйрене сатийсса, цхьаллица висначу суна, сан дог хьостуш олуш ю-кх цара иза. Деган кхоллам упхан тIе кхаччалц бен ца хиларх, синан кхоллам мизан-терзан тIе кхаччалц ма бу.

Обарган белшаш тIе Iожалла санна, сан гуьйренан белшаш тIехиъна догIу шийла Iа гой хьуна? Мацъелла берзан кIеза санна, сингаттаме угIучу шийлачу дорцо, полланах хьерча гезгамаша санна хьерчаш, маракъуьйлуш, шен гIоргIачу куьйгашца хьоьстуш, жоьжахатин алуне сатассал шийлачу дуьнентIе дуьгур ду-кх сан акха са, со…

Цкъа а цхьалха ца хуьлучу цхьаллин кхоллам бу-кх иза… Уггар цхьалхачу цхьаллин а ма ю ойланаш, сатийссамаш, ойланаш…
Сан ойланаш… Сан ойланаш а ю-кх сан йоцуш санна соьца шийла...

Кху заманан эрда тIехь сан са а дитий, гIурбан-сагIа доккхуш ас хьайна делла сан экаме дог хьайн гIенийн кIайчу тIемашца хьулдехьа. Iесачу синна сиртан тIай санна яхъелла хIара дешин, Iазапе мIаьрго цкъа лаьтта бIаьра хьажий хадаехьа… Ма холчу хIоттий-кх со йист йоцчу кху къастаран мIаьргоно… Хадаехьа хIара мIаьрго… Хадаехьа…
__________
*ГIарпе – (волшебный)
*Субат – (дервиш)

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG