Делахь а, шайгарчу хьелашна латкъамаш ца беш, шайн ма хуьллу халонаш эшош cхьабогIу бахархой.
Керлачу хIусамашкахь атта доцу дахар
Даим хатт лаьтта некъаш, доцу хи, тоькаца хьоьгу бала - ишта ду-кх керлачу гIишлошчуьра дахар. Коьртачу шахьарера ара а валале, Бишкекан йистошкахь лаьтта ишта сурт. Iа тIедеачхьана кхи тIе а чолхе даьлла бахархойн дахар.