ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьонке дахана бераш (туьйра)


(Нохчийн халкъан туьйра)

Цхьа бераш хилла хьуьнах хьонке дахана. Дукха хьонка а карийна, иза боккхуш Iаш, хIорш хьебелла, хьуьнах бода боьлла. Хьуьнах берзалой а хилла угIуш.

Бераш лахахьа а дитина, воккхаха воккхаха волу кIант лекхачу попана тIеваьлла, чуваха цхьа а цIено, я меттиг карайой хьажа.

ДIай-схьай хьаьжча цунна цхьа цIийнан лаппагIа гина. Цу цIийна неIарга баьхкина хIорш.

НеI схьа а йиллина, доккха ешап дуьхьал даьлла кхаьрна, яккхий кIомсарш а йолуш, кегийна еха месаш а йолуш, тIеюьйхина эттIа хIуманаш а йолуш.

- Чудуьйла, Бабин бераш, - аьлла, чудигина цо уьш.

ТIаккха кахьар хьовзийна ахьар а даьккхина, кIегарчашна тIетесна мижаргаш а деттина, беттина газанан когаш-корта а баийна, дIадийшийна цо бераш. Ткъа ша, пеша чу яккхий гоьргаш а ехкина, йоккха цIе а латийна, пеша хьалха охьабиллинчу боккхачу тIулга тIе доккха урс а хьоькхуш, иза ирдеш охьахиъна иза.

Берашка схьа а дирзина ешапо аьлла:

- Вижнарг мила ву, вижазниг мила ву?

Воккхаха волчу кIанта аьлла:

- Вижнарг а, вижазниг а дера ву со.

- Хьо дIа хIунда ца вуьжу? - хаьттина ешапо.

- Тхан нанас хьаста а хьостий, ара а дохий, цIенна гонаш тийсийтара тхоьга, тIаккхий бен наб ца кхетара тхуна, - жоп делла кIанта.

Ешапо, ара а даьхна, юха чудалийна бераш.

Юха а охьахиъна ешап урс ирдан. ТIаккха хаьттина:

- Вижнарг мила ву, вижазниг мила ву?

- Вижнарг со ву, вижазниг а дера ву со, - аьлла воккхаха волчу кIанта.

Ешапо хаьттина:

- Хьо дIа хIунда ца вуьжу?

- Тхан нанас буьйсанна цацана чохь хи а дохьий иза мала дора суна, тIаккхий бен наб ца кхета суна, - аьлла кIанта.

Ешап, цаца а эцна хитIе дахана. Хи оьцуш схьакхачале Iений иза чекх а долий юха доьдуш, иштта хIара леллашехь буьйса дIаяьлла.

Сахилча, ешап цIадале, кIант, шен йижарий а, вежарий а эцна, цIавахана. КIадделла делкъан хан хуьллучу хенахь цIадеъна ешап дилхина, дилхина делла боху.

ГIулдий - булдий царна, кай - бож вайна.

XS
SM
MD
LG