Элдин Микаил
Гуьйренан мукъам
Буьйса…Беттаса… Гуьйре…Беттасин даточу боданехь техкаш, набаро Iехийна Латта ирсечу гIенаша хьоьсту. КIайчу тIулгийн пиллигаш тIехь тулгIенаш-пIелгаш ловзадеш жимчу шовдано балочу гIайгIанечу мукъаме ладоьгIуш лаьмнаша шайн ойланаш йо. Ткъа гуьйре… Гуьйрено Iаламах болчу шен хьегамах лаьцна, шийлачу Iаьнан кIайчу марчонах лаьцна, шен йист йоцчу лазамах, сингаттамах лаьцна дагардуьйцу ойланечу Батте.
Цуьнан дашо чIабанаш шен даточу пIелгашца кхалош, ловзош, Батто леррина ладоьгIу гуьйренан шабаршка. Ша-шена тIаьххьара Iожаллин узам беш угIучу цхьалхачу гила-берзан аз хезаш санна хетало. Амма и сингаттаме узам сан иэсехь, сан даьIахкийн тIамаран иэсехь бека, хIара эвхье тийналла къахка ца еш. Цу суьртан теш хилла волу со, – «Буьйсанна, стигалан кораш дIаделлалой, Делан къинхетам лаьтта Iена», – бохучух кхета.
Кху инзаре-исбаьхьчу, эзарнаш шерашкара санначу буьйсанан цхьаъ бен воцу мурд хуьлу сох. Сан дахаран бодане а, сирла а мIаьргонаш, шайн устазан тезетахь камил-муридаш санна, чехкачу зуькаран горгачу чIагарехь хьийза. Сан къинош, Iазапан къизаллин бахьана шайх дина бохуш, къаьхьачу балхамца тийжа. Сан тамашийначу синна къахета сан къинойх.
Со… Со ойланаш еш ву. Дуьненан йистте кхаьчнарг вухавирзина боху, иштта сан ойланаш а, сан дахаран йистте а кхочий, юхайоьрзу. Ткъа ахьа-м хьайн бIаьргийн серло сан даг чу Iенайо. Ас хьоьга дагардуьйцу сайн цхьаллех лаьцна, сайн цхьалла лазаме ечу хьан бIаьргех лаьцна… Iуьйранна тоьпаш тоха кхиэл хиллачу зуламхочо санна, кхин ца дийца бахьана а ца карийна, дагардуьйцу ас хьоьга.
Ахь соьга леррина, дуьненахь тIаьххьара санна, сан бIаьргаш чу хьоьжуш, хьайн хазчу бIаьргех Iанаоьху ирс а, лазам а сецош, сема ладоьгIу. Ткъа со-м кхузара, хьо а эцна, генна дIавахана… Дагалецамашка… Цкъа мацах вайшиннан хиллачу дашочу дуьнен тIе… Ас юьйцу цу дуьненахь лаьттина гуьйре. Вайшиннан дуьненахь вайшиннан гуьйре цкъа а ма ца йоьлхура суна дашочу бIаьрхишца. Вайн лараш дуьненах дIаловчкъо гIерташ, цо кузаш туьссура-кх дерриге а лаьтта. Ткъа догIа-м… Адамийн къинойх дуьне цIандан гIерташ санна тIедоьлхура и сирла догIа.
Йийсарехь кхиъна лечарчий стигланан маршонах санна, къиношлахь дехаш долу адамаш цу цIеналлех уьдура. Детица кхелина гIабали юьйхича санна, цу мелчу догIано йолчул а хазйина, суна йоьлура хьо. Хьой, хьан дато догIий бен кхин хIумма а доцчу дуьненахь сайн ирсах со ца Iебара. Амма и гуьйре-м ца хиллера цхьа мIаьрго бен, эзар шарахь лаьттича а цхьа йоцца мIаьрго бен хир яцар-кха иза. Со-м вайшиннан ирсечу дуьненчуьра Iожаллин тIемаш тIехь дожалийн ловзарга бал баккха вигира сайн къизчу кхолламо.
Соьца дисира хьох лаьцна ирсе а, лазаме а гIенаш. Цу гIенаша валийна со хIинца а хьо йолчу. Хьан ойланна муьтIахь боцуш айкх буьйлучу бIаьргаша дуьйцу суна хьан дагара. Ткъа ас ойла йо: «Ирсечу нехан дагалецамаш наггахь бен ца богIу хьеший бу-кх, кхин а ирсечу, хиндолчун дуьненахь уьш беха дела», – олий.
Айса сайга хаттар до ас: – «Дагалецамаша лаьцна волу со ирсе вуй-техьа кху даточу буса хьоьца?» – олий. Цхьалхачу берзан угIар сайн иэсехь чIагIлуш хаало… Лерина хьан бIаьргаш чу хьажча Iаьпказ чохь гIайре санна, лазам чохь дуьне Iаббол болу безам го. Со ца кхета… Берзан угIар, чIагIлой, сан лерехь дека… ТIаккха ас ладугIу. Махьшаран-майданахь кхиэл кхайкхочу Малике, шен цIе яьккхинчу сино санна ладоьгIу ас хьан даге. Сатийсамо гIелдина доьлху хьан дог.
Стигланийн шело санна, йист йоцуш, бух боцуш, хьан IиндагI хиллачу сатийсамо гIелдина доьлху хьан дог. Хьан даго дуьйцу соьга ша ловчу Iазапах лаьцна. Со ца кхета… Сан даьIахкийн тIамаран иэсера йогIуш, шен алунах богучу сецначу бIаьргашца сан бIаьра хьоьжуш, сан лерса Iадош, Iожаллин узам беш угIа хIутту цхьалха гила-борз. Со кхийти…
Кху даточу буьйсанан йоьхна аьнгалин тийналла йоьху ас Деле. Тийналла… Тийналлин цхьа мIаьрго лойша суна!.. Со кхийти… Хьо ирсе… Маьрша… Со кхийти…