Дукха хан йоццуш ГIалгIайчоьнан куьйгалхо "къоман цIартIера воссош" хьаьвзинчу муфтина Хамхоев Iисана шена таIзардина Пятигорско
ДIадаханчу шоьтадийнахь Къилбаседа Кавказехь бусалбанех жоп лучу Пятигорскерчу урхалло рогIехь йоцчу кхеташоне кхайкхийра шен куьйга кIел болу Дагестанан, Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан, ХIирийчоьнан, ГIебарта-Балкхаройчоьнан, Кхарачой-Чергазийчоьнан, Адыгейн, Краснодар а, Ставропол а мехкийн, ГIалмакхойчоьнан муфтеш.
Коьрта Iалашо яра "Iеламчина лела догIучу хотIехь" лелаш "воцу" гIалгIайн муфти Хамхоев Iиса кхетамчу валор, Нохчийчоьнца доза къуьйсучу боламан декъа а гIерташ, иза ШарIан кхелехула политика листа вийлар емалдар. Амма ца веанера Пятигорске Хамхоев.
"Ма-оьшшу ца ларйо цо я динан мехаллаш а, я дайн гIиллакхаш а" бохуче кхечира шайн гIалгIайн коллега кхеташоне цаваро дарбина муфтеш.
Сацам бира шогга – Iедалан балханна новкарлонаш ярна, шен доцчу гIуллакхашка кхийдарна ханна Къилбаседа Кавказан бусалбанийн координацин центрера дIаваьккхина Хамхоев.
2004-чу шеран аьхка вира Хамхоев Iисах ГIалгIайчоьнан муфти. КхозлагIа оццу дарже юхахаьржира иза 2014-чу шарахь.
Шайн мехкан президентца Евкуров Юнус-Бекца Iоттавелла схьаварца вевза иза децIахь а, арахь а. ГIалгIайчуьрчу бусалбанашца веттавалар хьарам дира Хамхоевс стохка бIаьста. Ткъа цабезам буьйлира муфтиний, мехкадений юкъа дуккха а хьалха – Хамхоев шозлагIа шен гIентахь чIагIвинчу 2009-чу шарахь.
Дуккха а хьалха хаийтира Хамхоев Iисага ша цунна резайоцийла Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташоно. Ткъа меттигерчу Iедало хIетахь иза бехкевира къам гарадаккха гIортарна.
2015-чу шарахь гIоьртира Евкуров иза даржах ваккха. Амма реза ца хилира муфтиятан декъашхой. РогIерчу шарахь махкахь муфтият хир йоцу хьал нисдан хьаьжира Евкуров – амма низамца ца беара и некъ, цо юхадаьккхира ша низамхошка хьажийна дехар.
ХIоьттинчу хьоло шина декъе бекъна гIалгIайн маьждигийн имамаш а – "евкуровнаш", "хамховнаш". Стохка шегахьа боцу имамаш а хуьйцуш, маьждигаш дIалеца вуьйлира муфтий. Макхахь вевазаш волчу Iеламчин-имаман Чумаков Хьамзатан маьждига чуьра Хамхоев эккхочу а кхечира хьал.
Евкуровца ша бечу "тIамна" юкъа Нохчийчоьнан Iедал озон а гIоьртира гIалгIайн муфти. Нохчийчохь цунах вира "салафийашца даьллачу девнехь" эшнарг – хууш ду, иштачу къовсамехь эшна стаг Соьлжа-ГIалахь вазвой тIеоьцийла.
Муфтин гIоьнчас Хаштыров Мохьмада ца лору Пятигорскехь Къилбаседа Кавказерчу бусалбанийн урхалло бина сацам шайна кхераме. Цунна гарехь, Хамхоевн муфтешца лела юкъарло данне дац доьхна, бинчу сацамна бухахь политика ю, цо ца хедийна муфтешлахь долу гергарлонаш. Ткъа шена Хамхоев Iисана хетарехь, Евкуровца юкъарло эгIаро кхоьллина, цхьа а мах боцу сацам бу Пятигорско бинарг.
Делахь а, кхетарш кхета, Хамхоевс дукха хан йоццуш, нохчашца долу мехкан доза къуьйсучу боламца доьзна ГIалгIайчоьнан парламентан депутаташ ШарIан кхеле кхайкхар кхераме прецедент юйла. Iедале джаьккхича, стагга а тIекховда йиш йоцу низамхо ву депутат, цу тIе – лелаш яц Оьрсийчоьнан конституцина герагахь ШарIан кхелаш.