ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бексултанов Муса. Ирча Iуьйре


U
U

Бексултанов Муса

Ирча Iуьйре

Воккха стаг Къаьхьир, туька ларъеш, хехь вара, цу балхана динчу жимачу цIалгаI чохь буьйсанаш йохуш. ЦIалг туькана уллохь дара, геннара гуш, котамийн куьрк санна, жима а хиэташ, мелла а букар ца таьIча, дегI ма-дду хьаланисвала аьтто а боцуш: Къаьхьир ша лекха стаг а вара, ши метар гергга гIоьрташ.

Аьчкан пеш а лаьттара чохь, хих дуьзна ведар а дара, наштаран тас а долуш; вижа-гIатта аннех йина цхьа готто терхи а гуора.

Цу буса – аьхкенан буса, – маьркIаж-ламазана тIаьхьа, жимма дIатаьIна а Iиллина, кхин стогар ца латош, пхьуьйра ламазана корта а тоьхна, пеша мехкадаьттан тIадам Iанош, цIе хьалаоьзна, пеша тIе чайник а хIоттийна, пхьаьрсан аьрру гуола кIела гIортош, агIорваьлла, суьлхьа даккха волавеллачу Къаьхьирна, шен кора хьалхахула чекхволучу цхьана стагах бIаьрг кхийтира.

Стаг вехха – когел хьалха корта гучу а болуш, – меллаша чоьхьавелира, салам дала а вицлуш. Къаьхьир ша Iуьллучуьра хьалахиира, Iабдул-ВахIаб а вевзина.

– Ахь хIун леладо, ва къонах, къу санна, тиэбаш, дуй, салам-Iалам а ма дац хьан?! – бегаш бира Къаьхьира, юха, Iабдул-ВахIаба шега делла салам схьаоьцуш, иза мара а воьллина.

– Жимма луьйш-олуш, хьоьца хан йойур яр-кх, аьлла, сехьавели-кх со, Къаьхьир, хIокху аьхкенан заманахь, дIатаьIна а валале, Iуьйра-ламазана гIатта везаш ма-хуьлий, – элира Iабдул-ВахIаба, – чохь кхин хIума-м дац, йоккха стаг юй ирахь? – олуш, хьакха-хьакхалуш, хьалаваьлла, Къаьхьирна уллохь, терхи йисте охьа а лахвелла.

– ДIаIаш ю, дуй, йоккха стаг а, Алхьамдулиллахь, дика лела кху сохьта, – элира Къаьхьира, «цхазз»деш, кIежъяккха йолаелла чайник цIенкъа охьа а хIоттийна.

– Иза дика ду, иза дика ду, – сацавелира Iабдул-ВахIаб, ша хIун дийца деза вицвелча санна, шина куьйган пIелгаш вовшахтосуш, цхьанаэшшара корта а ластийна.

– ТIаккха, хIун ду хьо лелачухула, наха хIун боху? – иштта цхьа, хабаран зIе ца хадо санна, генаро хаьттира Къаьхьира, Iабдул-ВахIабехьа букъ а берзийна, пеша тIехь цхьаъ-м деш воллучу.

– ХIума дац... хIума ца боху... кIантера кхин хабара-м ца кхаьчна? – элира Iабдул-ВахIаба юккъехула, ша иза хIунда элира ца хууш, воха а воьхна.

– ХIара ду, ала, хIума дац кхин... бутт хьалха цхьа кехат-м деънера цаьргара, даьхнийн ферма еш ду шаьш, беа-пхеа баттахь довла там бу, бохуш, – жимачу чайник чу чай а тесна, басар доккхуш хьийзачохь вистхилира Къаьхьир.

Къаьхьирна товш стаг вара хIара Iабдул-ВахIаб, шена Дала деллачух тоам а беш, нехан воне-дикане а хIуттуш, элирий-бахарий, боху, цхьаболчу нехан долу и хабарш а доцуш, юьртарчу почтехь шен хьанала къахьоьгуш воллуш.

Баккхайчу нахаца хаза гIиллакх лелош стаг а вара ша: Дела хьан, аьлла, цкъа а и пенци схьаэца почте ваха ца дезнера кхуьнан а, цу йоккхачу стеган а...

Iабдул-ВахIаба шен белхало йоуьйтура кхеран пенци схьадохьуш, белхало дIасаяьлла хилча, ша а вогIуш, кхара куьг таIо деза кехат а хуьлуш шеца.

Мел воккха, къена я бохь тIе бохь баьлла тIеман баьчча хьо хиларх, хьайца лелочу гIиллакхо хьайл жимачуьн а жимха во-кх хьох – Iабдул-ВахIаб кхулла иттпхийтта шо жима а вара.

– ХIун боху шун газеташа, Iедало хIун дуьйцу? – хаьттира Къаьхьира, шега доттийта чай, бохуш, Iабдул-ВахIаб дуьхьалтийсалушшехь, шаьшшинна чай дотта а волалуш.

– Хьан доьшу уьш, и газеташ... гуттар а партина хестамаш, кхочушйина паланаш бен, цу тIехь дуьйцуш кхин хIума а ца хилча, – Iабдул-ВахIаба халла, велааьшна даран кеп йира, бIаьргийн хьажар цхьанаметта лацаделла а гуш.

– Иза а бу-кх цхьа болх тIаккха, шайн белхаш бийцар а, – хазийра Къаьхьира.

– Болх-м бара иза, нах хьийзабо-кх, дуьйцург цхьаъ а долуш, лелош дерг кхин а хуьлуш, – Iабдул-ВахIаба аьлча: – ХIан-хIа, хIета, хьо Iедале бакъдерг дийцита-м ца воллу, кIант! ТIаккха-м, хьо ваха, дийнахь сарралц цхьа а Iедал лаьттар ма дац хьуна, шен бакъдерг цо дуьйцуш хилча...

– Цундела хаддаза Афганистанера схьакхоьхьуш декъий ду-кх нехан керташка, кхара бакъдерг ца дуьйцу дела! – дуьххьара шена дийца луучунна тIе велира Iабдул-ВахIаб, ша беъна некъ – берза-берзо-о-ш, – цхьана хорша берзо дагахь, – беа бехк боцуш, таттабелла, цу халкъана коча а бахана, – олуш.

– Бехк боцчохь, дийна хилар а бехк ма бу, ва кIант... хьо хьераваьлла, дуй, дахка бехке хиллалц Iийча, цициг мацалла лийр ма ду! – велавелира Къаьхьир, бIаьлг болу шекар кераюкъе дуьллуш, цу тIе бIостанехьа Iайг бетта а волавелла.

– Схьагайтал, со хьажа цуьнга, – Iабдул-ВахIаба шен киснара мокха хьаладаьккхира, – кхуьнца дикох кагбала там бара и бIелиг... вуьшта, бакъдерг аьлча, атта-м и песок олу шекар хир дара вайшинна, – аьлла.

– Ахь хIун дуьйцу, ва кIант, хи малар санна, хIума ма дац хIара чай малар, дуй, хIара боккха болх а, боккха синкъерам а ма бу хуучунна, дера бу... хьалха, хаза, чайник чу хи дуттуш, хине кIеж а йоккхуьйтий, тIаккха басар а кечдой – цу юккъехула хьайн ойланаш а еш, – юха, этоне, дуй хьуна, дуй, и чай схьа а дуттуш, «тIоххехь» шекаран бIелигах кескаш а йохуш, уьш матта тIехь а ловзош, юха чайнах бехха къурд беш, дуй, иштта цхьа болх бу-кхи хIара, мискачу стеган синкъерам санна, дуй... виро, хи санна, «хир-тIур», аьлла, дIамолуш а доцуш.

– Эйт, маржа яI-кх, Къаьхьир, и Афганистан хьахаеллачуьра, аьлча, боху ас, ма доьналле лайра-кх Шалажерачу оцу цхьана галачо шен кIант цигара – Афганистанера – вийна цIавалор ...кIант цхьаъ бен а ца хиллера хьуна цуьнан... докъе дIа-м ца хьаьжира: – ХIоьттинарг Делан кхел ю, кхин хIумма а дац, – олуш, кадам схьа а эцна, нахе хаза хьал-де а хаьттина, дуьненан къамел дан волавелир-кх, – Хьенеха аьллера, Минеха дуьйцура, бохуш, –Iабдул-ВахIаба аьлча, Къаьхьир вист ца хуьлуш, ойланашка воьдуш санна, юха, метта а веъна: – Нахехь доьналлаш ма ду, Iабдул-ВахIаб, вай санна, кIезга хIумнаш ма яц нах, дуй, – олуш, корта а ластийна.

– Дера, Къаьхьир, берд хаьрцина, ши кIант а вийна – Органа чIожаца некъ боккхуш хиллера уьш, – кешнашка дIадахьа кечдина Iуьллучу оцу шен шина кIентан декъишна тIехь лаьттина да гина ма ву хьуна со, дера ву!

БIаьргех охьа хинтIадам тешна а ца богIура цу ден, дийна волуш санна, цу шинца хаза къамел а дина: – ДIаэца ший а! – аьлла, декъий дIа а эцийтина, сехьа а ваьлла, охьахиир-кх, эхартехь пайдехь хиндолу цхьацца хIума хьахадайша вайна, шайна хуучо, – олуш.

– ХIай-хIай! – элира Къаьхьира, «хIаъ-хIаъ» бохуш санна, корта хьала-охьа ластийна, кхин вист ца хуьлуш, саца а сецна.

– Цу дийнахь, Къаьхьир, цу дийнахь ца хиллачу доьналлах, цул тIаьхьа дан хIума а-м дац хьуна, дешначу наха дийцарехь... хьуьлла лакхахь Iийначу Сулайман Денин кIант, Iай, лам чохь, шен карах топ яьлла, вала а велла, буса- Iуьйкъахь дакъа цIа а кхаьчча, кхано – зударийн гIар а, нехан белхар а жимма лах а далийтина, – дакъа долчу чоьхьаваьллачу Денас, дIаэцал тIера шаршо, аьлла, шаршо дIа а айяйтина, шен кIентан ерзинчу белшах а, пхьаьрсах а бIаьрг кхетча: – Дай-ваший вала хьан, ондаваьлла а ма хилла хьо-м! – элир-кх цо, Къаьхьир, кхин вист а ма ца хилира, дIа аравелир-кх, хаза хьала а нисвелла.

– ЭхI маржа, дукха хилла-кх уьш, Iабдул-ВахIаб, дукха гина-кх вайна, дуй, Казахстан а тоьар яра хIара дуьне ца лера, кху наха вуьтуш хилча, кхара вита-м ца вуьту, бала баьхкина боцуш санна, дуьненах каеттачу... цхьа кхиниг дийцахь вайна, Iабдул-ВахIаб, дуй, валанза-м, Дела воцург, вер вацара, – элира Къаьхьира, чайнах къурд беш, стака буйнахь а сацийна.

– Дуьсур долуш ду-кх хIара, Къаьхьир, хIуъа дийцича а, жима вара, аьлла, хьо тIаьхьа а вуьтур воцуш, воккха вара, аьлла, хьалха а ца воккхуш...

Дала шен-шена елла раж ю-кх хIора а стагна... жима вара хьуна Довтагирин Ахьмадан кIант, кхечу махкахь, Урал олучу хи чу а вахна, велла цIа валийна волу.

Цу дийнахь, и дакъа цIа кхаьчча, Ахьмадца дакъа долчу чувелира со... Ахьмада, докъана уллохь саца а сецна: – Маржа, кIант яI-кх, дегаондо дIаяьккхи-кх ахь вайшинна, дегаондо йий-кх ахь хьайца! – элира-кх цу дийнахь, кхин багара дош а ца долуш, – Iабдул-ВахIаба аьлча, Къаьхьир жимма хьакхавелира, цхьаъ-м дагадеъча санна, кIелдIашхула ВахIабехьа хьажар а кхоьссина.

Буьйса, юкъал тIех а яьлла, дикка Iуьйренга лестинера, хIара шиъ цхьацца дуьйцуш Iашшехь, седарчий гIеххьа аз а луш. Беттан серло а даьллера гена, гергахь хилла бутт а жимлуш. Iабдул-ВахIаб хIета а цхьацца дуьйцуш вара, дукхахьолахь, белла нах а буьйцуш, Къаьхьира – ца ваьлла – наггахь юкъе дош а хIоттош.

Масехазза чай а мелира, Къаьхьира дуьненан къамел долошшехь, IабдулВахIаб,– волу-волу-у-ш – юха а шечунна тIе а волуш: – Элистанжарчу Буолин воI кхелхинчу тезета, кху вайн юьртара Хожа-Ахьмад, БайIелий, читода Халид а эцна, вахнера со, Къаьхьир, цхьа иттех шо хьалха. Суна хIетталц гина стаг вацара и Буола. ГIерачу дегIахь, цIен бос а болуш, хаза тамехь стаг хиллера Буола ша.

ДIагIуо, аьлла, тхо дIа а хьедина, тхоьца машена тIе схьавеара Буола. Сан накъостий юха а кадаме дешнаш а аьлла, шайна халахетар дийца хIоьттича: – Кхин кIант, аьлла, хIума-м дера дацара иза, делахь а, жимма вай аьллачунна тIехь-м вара, – элира Буолас, юьхь тIе велар дадош, юха, цул тIаьхьа...

– Ва, Iабдул-ВахIаб, собар дехьа цкъа, хьо белла нах буьйцуш ма ву суна тховса хаддаза... кхин хIума-м дац цигахула?! – Къаьхьир цIеххьана шеквелира, IабдулВахIаба ша – вуьгу-вуьгу-у-уш – цхьана хIуманна тIе вуьгуш вуйла хиъна, садеIа а соцуш.

– ВоI воцуш ву-кх, Къаьхьир... воI велла-кх хьан! – мохь иккхира IабдулВахIабе, бIаьргех хиш хьовдале, аьлла, Къаьхьир схьа мара а вуллуш.

МIаьргонаш яхъелира, шераш санна, озалуш. – Наха-м ца..., – Къаьхьиран аз дегийра.

– ХIан-хIан, дог иккхина... Тийналла лацаелира, дуьненах экха санна, ден иэсехь хан а хьаьвзаш: цкъа бер гуш, юха жима стаг, тIаккха гIеметта волу къонах а...

– Ваша хилахь суна тахана, вошалла дехьа, Iабдул-ВахIаб... йоккхачу стагана дуьхьал хIоттахь! – Къаьхьира аьлча, Iабдул-ВахIабан бIаьргех охьа хинтIадамаш керчира, цхьа-цхьацца керчаш, меллаша охьа, юха «жож», аьлла, ерриг юьхь а тIадош.

– Петар-Бухера, малх бузале, новкъа бевлла уьш, Къаьхьир... телеграмма кхечира сарахь, – Iабдул-ВахIаба, киснара схьадоккхуш, дуткъа-деха кехатцуьрг къевлира шен буйнахь. НIаьна кхайкхира, орца даккха санна, буьйсанах дакъош деш.

Моллин аз а иккхира: «АллахIу Акбар – хезаш, – АллахIу Акбар» Iуьйра-ламазе хIоьттина ши къонах а лаьттара, – маржа! – ден кийрахь цхьанхьа жоьжахати а кхехкаш, ден даг чохь – хастам а Далла, кху ирчачу Iуьйранна собар шена деллачу!

2015-2018 шш.

Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).Тахана болхбеш ву "СтелаIад" берийн журналехь коьрта редактор.

КХИН А
XS
SM
MD
LG