Муха еха махкахбаьхначу вайнехан тIаьхье Казахстанехь
1944 шеран Iай Акмолинск кIоштарчу гIамаршка охьабехкира, Нохч-ГIалгIайчоь а йохош, махкахбаьхна нах. Церан тIаьхьенех бу тахана Атбасар гIалахь беха иттаннаш доьзалш. Муха ду церан дахар Казахстанехь, муьлхарг бу церан даймохк царна гергахь? Хеттаршна жоьпаш делира Атбасарерчу нохчаша а, гIалгIаша а.