Нохчийн а, дагестанахойн а доза билгалдаккхарехула комисси кхоьллира кху шарахь Дечкен-баттахь. Дагестанан цIарх тобанна куьйгалла деш ву цу республикан парламентан куьйгалхо Шихсаидов Хизри, ткъа нохчашна хьалхаваьлла ву Нохчийчоьнан парламентан гIантда Даудов Мохьмад.
Карарчу хенахь Нохчийчоьнан а, Дагестанан а цхьаьнатоьхна белхан тоба болх беш ю ГIизларан кIоштахь а, лаьмнашкахь Iуьллучу БотIлих эвлан гергахь а. Доза къастош дуккха а хаттарш кхоллало меттигерчу бахархойн. Царах цхьаъ ду Къоьзан Iомаца доьзнарг. Стохка Лахьанан-баттахь Нохчийчоьнан парламентан сайта тIехь карта гучудаьллерра, берриг а и Iам нохчийн территори тIехь а болуш. Цунна реза боцуш бара Дагестанера нах. Дукха хан ялале парламентан сайто карта карладаьккхира Коьзан Iоман дакъа Дагестанан территори тIехь а гойтуш.
РогIера цакхетам хилира ГIизларан кIоштахь. Оханан-беттан 2-чу дийнахь Дагестанан халкъан гуламан сайта тIехь кхайкхам арахийцира Къилбаседа Кавказан федералан гонан векале Матовников Александре хьажийна болу. Шайна гучудаьлла Нохчийчоьно Зазадоккху-беттан 16-чу дийнахь шен кадастран чоьте эцна хилар Дагестанан 18 гектар латта. Иза нохчийн агIоно дина шайн лаамехь, яздора Дагестанан парламенто.
Цу сайтана тIе а тевжаш, и хаам баржийра Оьрсийчуьрчу дуккха а зорбанан гIирсаша. Амма, цхьа а де а далале иза дIабаьккхира парламенто. И хаам иштта дIабаьккхина шен материалашна юкъара РИА "Дагестан" олучу цу республикан официалан агенталло а.
Дагестанера юкъараллан жигархо Хадулаев Шамиль ву дозанаш билгалдохучу комиссица лелаш. ГIизларан кIоштаца доьзна хьал иштта дийцира цо Кавказ.Реалии корреспонденте.
-- Цигахь цхьа лаьттан дакъа дара, 10-х гектар. Цигахь хьалха вайчара шайна тIеязйинера маситта гектар. И дакъа дара Даудовс вайчара шайна дерзийна бохуш хьехийнарг. Ткъа 1 гектар а, 3,5 гектар а латта бахьана долуш вайна юкъахь тIом баккха оьшуш ду аьлла ца хета суна. Вайн латта иза хиллехь юхалур ду, сагатдан ца оьшу.
Делахь а доза къастош дIахьочу балхо сагатдойта дагестанахошка. Царна юкъахь ву Дагестанан куьйгалхоша, бух а боцуш, ГIизларна гергахь а, БотIлихан а, Цумадан а кIошташкахь а нохчашна латтанаш дIалуш ду бохуш яздеш волу историк Хапизов Шахбан а, юкъараллан жигархо Ниналалов СаьIид а.
Цу кеппара реза боцурш хила мега Дагестанехь доза къастош болх болабелча кхечу кIошташкахь а. Царна юкъахь ю Казбекан кIошт. Цигахь бехаш бу, шайн Аухан кIошт юхаметтахIотторехьа къийсам дIахьош болу, нохчийн аьккхий.
Официалан тIегIантIехь и меттиг Нохчийчоьнах дIатохарх лаьцна дуьйцуш дацахь а, нохчийн жигархоша дагадоуьйту иза бакъ долу нохчийн латта хилар.