Наьсаран кIоштахь дIалаьцна ГIалгIайчуьрчу тайпанийн Кхеташонан куьйгалхо Ужахов Малсаг. "Медиазоне" лаьцначун кIанта Ужахов Руслана дийцарехь, пIераскан Iуьйранна шина машенахь ницкъахой баьхкира церан хIусаме. Шайгара кехаташ а ца гойтуш, Ужахов Малсаг машена а хаийна, "комитете" вуьгу аьлла, дIавигира, дийцина цо.
Нальчикерчу Талламан комитете вигина хила тарло иза аьлла, хьостаца къамел динчу Ужахов Малсаган адвокато Куриев Жабраила. Адвокато чIагIдарехь, хьалха а кхоазза талламчас хеттарш дан тIекхийкхина вара иза, протестхойн полицица хиллачу тасадаларийн теш вина цунах.
Еаридийнахь Магасерчу кхело 20 эзар сом гIуда хьарчийра Ужахов Малсагах, стохка аьхка хIоттийначу протестан акцехь хилла ву аьлла. Кху беттан юьххьехь Магасан кIоштан кхело Зазадоккху-баттахь хIоттийначу митингехь дакъалацарна шолгIа а гIуда туьйхира цунна, 150 эзар соьман барамехь.
ГIалгIайчоьнан коьртачу гIалахь Магасехь митинг хилира Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш шайн латта нохчашна дIаделла бохуш лелачу нехан. Иза шолгIачу дийнахь а дIаяхьа дагахь хилла цуьнан цхьаболу декъашхой дIасалохкуш дуьхьало йинера цу акцин декъашхоша. Цунна бехке болу нах лоьцуш бу хIинца а ГIалгIайчохь.