ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дерриг а фронтна! Дерриг а толаман дуьхьа!


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Карарчу беттан 13-чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIадаьхьначу цхьанакхетарехь критика йина шен режим емалъечу Малхбузехь бехачарна.

Регионан урхалхочо дIахьедина меттигерчу хаамийн гIирсийн болх катоьхна дикаллица жигарабаккха беза аьлла. Медиан болх хийцар тIедиллина Кадыровс шен хьалхо хиллачу гIоьнчана Дудаев Ахьмадна.

Делахь а, оцу декъехь коьртаниг иза хир вац, жоьпалла кхочушдийр ду республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада (Лорд). Дудаевс шен "Грозный" телеканалехь ара мел хоьцучу контентан терго латтор тIедиллина цунна.

Оппозицин ницкъийн векалшца дебаташ дIаяхьа гIоьртира дуьххьара зорбан, къоман политикан министр Умаров Джамбулат. Амма аьтто ца белира цуьнан цу тIехь.

Гоьваьлла нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо шен метта охьахао гIоьртинера иза, амма масийттазза цо ша кIелвитинчул тIаьхьа, юхавелира министр. Кадыровн терго йоцуш дуьсийла яцара иза.

ТIаккха орцах веара Умаровна Даудов, кхи дIоггара тешаме масал цо а ца гайтира. Делахь а, къамелаца зорбан министрел а гIоле вара парламентан спикер, хIетте а эшна висира.

Цул тIаьхьа дискусси юкъа оьрсийн журналист Шевченко Максим озоро а гайтира, толам блогерехь бисина хилар.

Итт дийнахь иттех кхеташо дIаяьхьира Кадыровс. Цу цхьанакхетаршкахь шен болх нийса бовзийтар, Iорабаккхар хьоьхура цо журналисташна.

Оцу хьокъехь махкарчу "Грозный" телеканалан активца дийцина ца Iаш, министрийн кабинетан декъашхошца а вовшахкхетар хуьлура Кадыровн.

Къаьсттина Нохчийчоьнан куьйгалхочунна халонга даьлларг дара, шен мостагIчуьнца дебаташкахь шен агIончийн ницкъ ца тоар, республика юхаметтахIотторехь дас Кадыров Ахьмада мел доккха дакъа лаьцна публикана дIахаийта.

Ичкерин агIончийн "шалхо" а гойтуш, хаамийн гIирсийн болх эвсара баккхар тIедожийра цо шен репортерашна тIаьххьара хиллачу кхеташонехь. Схьахетарехь, идеологин мостагIашна дуьхьал яккха дагахь бу уьш йоллу административан ресурс.

Кадыровс билгалдаьккхина, оцу бинчу балхах ша жоп Дудаев Ахьмадера санна, хIора болийначу "информацин тIамехь" дакъалоцуш мел волчуьнгара доьхур ду аьлла.

Регионан куьйгалхочо Ичкерин агIончаш эшон хан а елла шен журналисташна, - буьйцург бу кхо бутт.

Догйовха ву Кадыров "Иллюзия" программа дIахьош волчу Ахмадов Чингизах. Цуьнан программе богIучу хьешаша дуьйцу, мехкан урхаллехь лаьттачу Iедална товш долччу кепехь, 90-чу шерашкахь республикехь хиллачу хиламех.

Соьлжа-ГIаларчу цхьахйолчу лакхарчу доьшийлан хьехархочунна Асланна хетарехь, меттигерчу политикан элитан жигаралла "шен дех вон дош алар Кадыровс лазамца тIеоьцуш хиларца доьзна ду".

"Кху заманан Нохчийчохь Ахьмадан цIе легендашна юкъахьарчийна ю. Цхьадерг нахана дагадогIучуьнца бIостане нисло. Меттигерчу телевизионехь кхи дуьйцуш хIума а дац, Кадыров а, цуьнан доьзалш а хестор бен. Оцу суьрто дарбо бахархой. Дукхахберш телевизоре хьовсуш а бац. Республикехь тоххара мила ву а ца хиъначу Тумсон роликаш йийцарейо тахана", - дуьйцу къамел дечо "Кавказ.Реалии" портале.

Адвоката Садаханов Заурбека билгалдаккхарехь, шайн оппоненташка ладогIа цалаар, уьш шайн мостагIий хетар а - Кадыровн а, цуьнан агIончийн а ишта специфика ю

"Оцу шина а политикан ницкъашна (кадыровхошна а, Ичкерин агIончашна) юкъахь даим а хилла къовсаме дуьхьалхIоттар. ХIинццалц цхьа пассиве гуш дара и. Нийса ца хета суна оппоненташа вовшашка маьттаза къамелаш деш, вовшийн цара аьшнашбеш. ЛартIахь ца хета суна, вовшашна дуьхьал ницкъ гIаттош а", - чIагIдо адвокато, къийсаме яьллачу шина агIоне дискусси яр томехь, гIиллакхехь хилийта бохуш, кхайкхам а беш.

Материалан автор Билалов МаIаз ву, "Кавказ.Реалии"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG