ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нах хьийзийна ФСБ-н хилла белхахо набахтера хенал а хьалха маьршаваьккхина


ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центрехь нахана тIехь къизаллаш лелийна аьлла, стохка кхел йина Центран белхахо Цороев Мустафа хенал а хьалха араваьккхина набахтера. Шен Телеграм-каналехь бина цунах хаам Iаткъам бинчийн адвокато Сабинин Андрейс. "ТаIзарх вала аьтто хиллера цхьахволчу бехкевечун, полковник лаьттинчу Бековн, ша цомгуш ву аьлла, тоьшалаш а кечдина. Ткъа ФСБ-н белхахо Цороев хенал а хьалха маьршаваьккхина", - дийцина юристо.

2016-чу шарахь ницкъахоша йиттина вийра 50 шо долу Долиев Мохьмад ГIалгIайчоьнан экстремизмна дуьхьало латточу центран гIишло чохь. Оцу гIуллакхан хьокъехь дIалецира регионерчу "Э" Центран куьйгалхо Хамхоев Тимур а, цуьнца цхьана пхи полисхо а, ишта къайлахчу сервисийн цхьа белхахо а. Талламан версица, Азербайджанерчу вахархочунна йиттинера цара, цул тIаьхьа цуьнгара Audi A6 машен а, мобилан телефон а дIаяьккхинера. Ишта декхаревинера иза 800 эзар сом дала, нагахь санна бахам юхабезахь шен.

ТIаьхьа талла даьккхича, нахана тIелатарш дар, шайна даржо лучу бакъонел а тIехбийлар, къизаллаш лелор аьллачу артиклашкахь бехкаш дехкира царна. Ишта гучуделира шаьш вийначу Долиевна а, цуьнан хIусамнанна Точиева Маремна а тIехь цара ницкъбина хилар а. ГIуллакх толлучу заманчохь тIекхийтира кхи а Iазапаш лелийна эпизодаш.

Стохка аьхка кхелахоша сацамбира: "Э" Центран хиллачу куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна 7 шо, цуьнан гIовс лаьттинчу Хандогин Сергейна 3 шо, Центран белхахошна Аспиев Iийсана а, Безносюк Андрейна а 5, 5, - 6 шераш, Беков Алиханна 10 шо, Сунжа кIоштан полицин декъан хьаькамна Беков Мохьмадна 3 шо, ФСБ-н белхахочунна Цороев Мустафана 5 шо хенаш тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG