ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Баттахь 1,3 миллион бен ца доккхуш ваха мел хала ду


Магомедов Назим

Махкарчу хьолан юкъаметтигийн министр Газаров Алексей вуно доккха хьал долуш стаг ву, Канадехь эцна цIа а ду, шен бераш дозанал арахьа а кхиадо цо, боху Ставрополерчу журналисташа.

"КоммерсантЪ" газета дара Газаров "Iораваьккхинарг", аьлча а, Канадера 160 квадрат метрах лаьтта цуьнан доьзалан (цигахь дехачу деа берах шинна тIеяздина) цIа довзийтинарг. Амма декларацеша кхин дуьйцу – цаьрга ладоьгIча, берийн долахь яц, царна Канадехь баха лаьцна ю и хIусам.

"Регионийн депутаташ юкъаралло шайн болх, дахар тидаме лецарх боьлла боцчух тера ду. Цундела цара шайн бахамаш ширъеллачу кепашца хьулбо халкъах, атта хуьлу гучубаккха", - аьлла хета политологна Галлямов Iаббасна.

Цундела ду ГазаровгIара – майрачо а, зудчо а шайн бахамах долу сурт 2013-чу шарахь дуьйна хIитто йолийначу декларацешкахь кеп-кепара гайтар.

Оццу 2013-чу шарахь цхьаьнакхетта и шиъ. Ловзар дирзина ши бутт баьлча, Газаров хIоттийра Ставропол мехкан хьалан юкъаметтигийн министр (министр имущественных отношений).

2013

Газаровн долакхаьчна хьал - 17 625 271 сом, ткъа балхахь а йоцчу цуьнан зудчо даьккхина 1 580 000 сом. Еза машенаш ю шиннан а. Берашна лаьцна Канадехь ду 150 квадрат метрах лаьтта цIа.

2014

Газаровн долакхаьчна хьал - 7 386015 сом. Цуьнан зудчо даьккхина 6 018000 сом. Декларацех тешийла делахь, йоьхкинчу петарх кхаьчна ахча а ду оцу терахьашлахь. Амма оццу шарахь ГазаровгIеран доладолу 601 квадрат метр лаьттан дакъа а, 174,4 квадрат метр цIа а. Куц-кеп ден салон а йоьллу оцу шимма. ХIинца декларацехь цуьнан инарла директор ю Газаровн зуда.

2015

Шарахь гудинчу хьолан барам: Газаровс даьккхина 1 776 054 сом, зудчо - 358 620,26. Зудчух кхин ца олу "инарла директор". Кхо бер а ду церан.

2016

Хьал кхин дукха а ца гулдаделла. Газаровна кхаьчна 1 5I6 145 сом. Зудчо даьккхина шарахь 358 620 сом. Тидамбича го, стохкалерра терахь ду зудчунна яздинарг. Бакъду, хийцамаш хилла Канадерчу берийн. ЦIийнан барам бац хIинца 150 квадрат метр, иза 160-не кхаьчна, шех цIийнах а ца олу кхин "таунхаус" ("гIалин кепара цIаьлг"), олу – "цIа".

2017

Газаровн долахь ю LEXUS LX 570 машен (Оьрсийчохь лаххара мах - 6 861 000 сом), даьккхина цо шерачохь 3 602 218 сом. И машен чохь кхобу меттиг ю зудчунна тIеязйина, ткъа ша зуда яц долахь машен йолуш а. Министр волчу майрачо даьккхинчул а дукха ахча даьккхина зудчо шарахь - 4 367 069 сом. И ахча цунна даьккхина, гарехь, Ленинан майданарчу №3 цIа чохь латточу хазаллин салоно. (Ала дашна, майра ву луларчу Ленинан майда, 1 цIа чохь болхбеш – Iедалан а, мехкан Думин а гIишло ю иза). Зудчо оццу 2017-чу шарахь дIакъевлина шен салон, цул тIаьхьа стенга балха хIоьттина хууш дац.

2018

ХIинца яц Газаровн машен, иза зудчунна тIеязйина. Амма кхиина цIийнден хьал 16 238 581 соьманна. Ткъа балхахь а йоцчу зудчо даьккхина 884 322 сом. Оцу шарахь доьалгIа бер хилла церан. Канадерчу берийн бен дац лаьцна лелош цIа.

"Кавказ.Реалиин" аьтто белира Газаров-жимахчех цхьаъ схьалаха – воI. Иза баккъал а ву Канадехь, Онтарио провинцерчу Оквилл гIалахь вехаш.

Интернетерчу цуьнан агIоно ца гойту мел зIе ю цунний, министр волчу дений юкъахь. Ткъа вина меттиг ю, социалан машано бахарехь, Ханты-Манси махкара Когалым гIала. 2000-лагIчу шерийн юьххьехь цигахь депутат лаьттина цуьнан да. "ДоттагIашла" язвина а ву Газаров-воккхахниг.

Газаровн Канадерчу шолгIачу доьзалхочух лаьцна информаци карийна яц цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG