Бомба йоьллина аьлла, Махачкалара коьрта маьждигчуьра нах арабаьхна шоьтадийнахь.
"Джума-маьждигчохь бомба ю аьлла, телефон тоьхнера. ГIаттийначу полисхоша го лаьцна гIишлонна, чуьра нах арабаьхнера", - дийцина Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша.
Территори жIаьлешца а, минашца а теллинчул тIаьхьа лоьлхуьйтурш ца карийна аьлла урхаллехь.