Цхьа шо сов хан ю Нохчийчуьра вахархо Хакимов Хьамзат Волгоградерчу талламан изоляторехь латтон. Иза бехке веш ву леррина шина стагал сов адамийн могашаллана зен дарна. Нагахь и бехк кхелехь тIечIагIбахь 12 шо хан тохам мегаш ю нохчочун.
Хакимовс чIагIдо ша цхьаннех летта вац, мелхо а шена тIелеттачу нахах ларвала гIерташ дуьхьало йина ша бохуш.
Карарчу хенахь цуьнан гIуллакх ду регионан прокуратурехь. Адвокатана Атрошенко Павелна хетарехь, талламхой леррина хан яхйеш бу, ткъа бехке вина стаг цхьа а бух боцуш чохь латтош ву.
"Ялсамане" кафе веанчу стагана тIехIоьттина
2018-чу шарахь Чиллан-баттахь Хакимов тIехIоьттина хилла, кхааммо еттачу "Ялсамане" кафе веанчу стагана. Иза хилла Котово гIалахь.
Кафехь сакъоьру 3 стаг эвхьаза вала гIерташ хилла цу чохь хIумакхоллуш хиллачу стеган хIусамненаца. Юкъа а гIоьртина, нохчочо тидам шена тIеозийна. Тасадаларехь Хакимов тоьлла. 24 шо долу Шкапурин Алексей, гIортана тIера а лаьцна, унитазана чутаIийна цо. Кхин тIаьхьало йоцуш дIадирзина ларалуш хилла и дов.
Амма цуk тIаьхьа хиллачо бух биллина бехктакхаман гIуллакхана. Таллламахойн версица, 2018-чу шарахь Зазадоккху-беттан 25-хь Хакимовс урс диттина Шкапуринна а, 23 шо долчу Володькин Егорна а. Вуьшта аьлча, вуно доккха зен дина цу шинан могашаллана.
Цул сов, Хакимов бехке веш ву шена евзаш йолчу Кудрявцева Натальина уьрсаца тIелатар дарна. Бакъдерг дийцича, ша йоIа чIагIдо, шена урс тоьхнарг шен доттагI Хакимов вац бохуш. Дов даьккхина волу баккъалла а зуламхо цара ур аттала лохуш а вац, боху цо.
Натальяс дийцарехь, цу сарахь иза а, Хаьмзат а, цуьнан тIехьийза йоI а "Ялсамане" цIе йолчу кафе доьдуш хилла. Амма чубовла ца кхиийна уьш. Царна тIелетта маситта стаг. Кудрявцева гIо дан гIоьртина шен доттагIчунна Хакимовна. Амма цунна, лаьтта охьа а тоьхна, урс тоьхна. Кхин цкъа а урс тоьхна йоIанна, пехах чекх а доккхуш, иза лаьттахь Iуьллуш а йолуш.
Нохчочо дийцарехь, цунна тIелеттера 8 стаг. Церан Iалашо хилла Хакимовна а, Кудрявцевана а бекхам бан Чиллан-баттахь иккхина дов бахьана долуш цабезам кхоллабаларна.
Хиллачу латарехь Шкапурин урс хьакха гIоьртина Хакимовн логах, амма кIанта, уьрсан дитт схьа а лоцуш, схьадаьккхина оццу уьрсаца дуьхьало йина тIелеттачарна, царах шинна чевнаш а еш. Дуьхьал тасавеллачу нохчочо чIогIа хадийна шен куьг.
Прокуратурехь дIахьедар дина, "лаьцначун чов йина хууш доцучу хьелашкахь" аьлла, ткъа талламхойн аьтто ца баьлла цунна чов йина стаг мила ву къасто аьлла.
БорхIазза дуьхь-дуьхьал xӀoттop
Волгоградан регионан прокуратуро дийцарехь, талламхоша борхIазза дуьхь-дуьхьал xӀoттop дIадаьхьна Хакимовн а, цуьнца дов даьллачу нехан а. Цул сов, таллам бина инцидент хиллачу меттехь. Цундела адвокато Атрошенкос бина латкъам бух боцуш бу, боху прокуратуро.
Хакимовн дас-нанас Лечас а, Хазмана а дIахьедарш до, шайн "кIант хьийзор национализман кеп йолуш а ду, ницкъаллин структурин белхахой иза нохчо хиларна цуьнга гома хьоьжуш а бу" бохуш. Талламхошна хууш ду Хьамзат шена тIелеттачу нахана дуьхьало еш хиллий, боху цу шимма. Цара бинчу хаамца, талламхоша бухе диллина нохчочунна тIелеттачу наха дина тоьшаллаш, ткъа Шкапурина Хакимовна кхерамаш туьйсуш яхьийтина эсэмэскаш тергал а ца еш йитина цара.
Хакимовн дас-нанас дуьйцу Котовехь леррина цхьаьнакхетта зуламхойн тоба (ОПГ) хиларх лаьцна. Церан хьалханча Хьмзатана тIелеттачу нахана дан дезарг хьоьхуш ву. Цуьнан цIе хьехош а ю Шкапурина а, Хакимовс а вовше кхехьийтинчу эсэмэскашкахь.
Цу зуламхойн тобанан декъашхой боксе лелаш бу, ткъа меттигера бахархой церах ларлуш бу, уьш дуккхазза а адамашна тIелетта хиларна.
Лаьцна латточу Хакимовна тIехIоьттина нохчийн омбудсмен Нухажиев Нурди, амма гIуллакх хьалха санна кхин меттах долуш дац.