Вевзаш волчу Британерчу журналисто Хардинг Люка (Luke Harding) 2007-2011-чу шерашкахь The Guardian газетан корреспондентан болх бина Москвахь. Шен Оьрсийчоьне болчу безамах а, цу пачхьалкхе вар шена дихкина хиларна шена халахетарх а, лерринчу сервисийн белхахошца ша Iоттаваларх а, Кавказехь шеца хиллачух а лаьцна дийцира Хардинга "Кавказ.Реалии" корреспонденте.
- Москва воьдуш со вуно кӀоргенза вара. Ингалс пачхьалкхаца я Швейцарица юьстича Оьрсийчоь демократи йоцу пачхьалкх юй хаара суна, амма суна некъ бу аьлла хетара цуьнан маьрша хила. Делахь а со тилвелла хиллера. Кхузаманахьлера Оьрсийчоь мафиозин репрессийн пачхьалкх ю, лерринчу сервисийн Iуналлехь йолу.
- Хьо муха кхийтира цунах?
- "Резабоцучеран маршашкахь" наха дийцара Кремло дуьйцучуьнца догIуш доцург. Нохчийчуьрчу тIаманна дуьхьал хIора кIиранах акцеш хилара Пушкинан майданехь. Амма гуш дара Каспаров Гарри а, Немцов Борис а санна болу цу акцийн лидерш маргиналаш санна тIеоьцуш хилар. Царна бакъо ца лора пачхьалкхан телевизионехь къамел дан, Iедало тайп-тайпана хIуманаш лелош сийсазбора и болам. Официалан оппозици санна хьалхатеттина яра коммунистийн парти. Амма иза Iедалехьа яра. Системина баккъалла а дуьхьал берш юьстах буьсуш бу.
- Оьрсийчоьнан Iедалшца халонаш маца юьйлаелира хьан?
- Со Оьрсийчу вахара Лондонехь ФСБ-н хилла белхахо Литвиненко Александр вийна цхьа бутт ах бутт баьллачул тIаьхьа. Шина пачхьалкхан юкъаметтигаш гIоьртина яра. Ас яздора талламах лаьцна. Цхьана дийнахь сайн доьзалца со вехачу петарчу, со цIахь а воцуш, стаг ваьллера ша цу чуваларан ларш а юьтуш. Британин векалаллехь соьга элира иза динарш Оьрсийчоьнан леррина сервисаш хила мега, соьга ладогIа гIир битина хила мега а цара аьлла.
- Хьайн балхаца дуьйзирий ахь хилларг?
-ХIаъ. Кестта со Лефортово "къамеле" кхайкхира, The Guardian газетехь араяьллачу Березовский Борисан интервью хьокъехь. Цо ша Путинна дуьхьал революци йийр ю аьллера. Iедалан дагтIера воьжначу олигархо ша хьалха а дийцинарг дара аьлларг. Со левира лерринччу сервисийн белхахоша пхоьалгIачу тIегIантIехь. Амма массерна а хаьа цу чохь подвал хиалрх лаьцна. Цу хенахь кхин тIаьхьало йоцуш дIадирзира сан гIуллакх.
- Ткъа 4 шо даьллачул тIаьхьа?
- 2010-чу шарахь Лаьхьанан-баттахь МИД-ан (Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан) пресс-департаменто тIекхайхира со. Цара шаьш реза цахилар хаийтира сан публикацешна, кхерам тесира махкара аравоккхур хилар хьокъехь. Ас жоп делира, дика ду, амма сан бераш школехь доьшуш ду, дешаран шо юккъедаьлла доьдуш а долуш, сан цIаваха аьтто бац аьлла. Суна бакъо елира Стигалкъекъа-бутт тIекхаччалц махкахь виса. Дукха хан ялале со Лондоне вахара. Wikileaks-ах а, Асанж Джулианах а лаьцна книга язйира ас. Иза кечйеш Оьрсийчоьнах а, хиллачу Советан Пачхьалкхах а лаьцна эзарнаш сихонца бина дипломатийн хаамаш бийшира ас. Книга араелира ткъа 2011-чу шарахь Чиллан-баттахь со Москох вахара сайн доьзална тIе. Амма со дIа ца кхечира. Дозанехь соьга хаам бира "Оьрсийчоь хьуна дIакъевлина" аьлла. Виза дIаяьккхира, ткъа со цIахьажийра.
- Ахь яздора Путинах а, Кремлан ахчанах а, дуьненаюкъарчу компроматех а, дуьненерчу политикан къайленех а. Кавказехь муха нисвелира хьо?
- Дуьххьара со цига вахара Думан харжамаш хиллачул тIаьхьа. Кавказерчу цхьайолчу республикашкахь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партино гулдинера 100-102 процент кхаьжнаш. Гарехь, меттигерчу харжамийн комиссешна 100 процентал сов кхаьжнаш хуьлийла доций ца хууш хиллачух тера дара. Нохчийчохь цхьа беламе хIума хилира. Меттигерчу харжамийн комиссин векало элира тхоьга 96% нохчаша "Цхьаалин Оьрсийчоьнехьа" кхаж тесна аьлла. ТIаккха цхьана репортеро хаьттира, ткъа хIун дийр ду аш рогIерчу харжамашкахь и йисина 4% схьаэца аьлла. Кадыровца цхьаьнакхийтира тхо. Тхан автобус сецира нисса некъаюккъехь. Тхуна тIееара цуьнан ковр. Массо а нисса некъа тIехь лаьттира, Кадыровс къамел дира 5 минотехь.
- ХIун дара цо дийцинарг?
- Суна дицделла. Иза мехала къамел а дацара. Дика оьрсийн мотт хууш болу корреспонденташ а ца кхийтира цо дийциначух. Меттигерчу журналисташа гочйора тхуна цуьнан репликаш, аммма тхан аьтто ца хилира цуьнга Нохчийчуьрчу хьолах лаьцна догIуш долу хаттарш дала.
- Ткъа мичара схьаэцара ахь Нохчийчоьнах лаьцна хаамаш?
- Суна бевзаш бара бакъонашларъярхой, Эстемирова йовзара суна. Иза йийна маситта де далале Нохчийчу вахара со. Официалан органашна хууш а доцуш, цуьнан хIусаме вахара со. Лулахошца къамелаш дира ас. Царах цхьаммо дийцира соьга иза герзашца хиллачу наха лачкъийна хиларх а, цо мохь хьекхна хиларх а лаьцна, гIо доьхуш. Наталья дIайоьллинчу эвлахь а хилира со, цхьаьнакхийтира цуьнан йоIаца. ЦIена ингалсан маттахь йоIа дийцира соьга шен ненаца хилларг. Иза чIогIа сингаттаме дара. Билгалдаккха догIу, Нохчийчохь хуьлучух лаьцна дуьйцурш беккъа зударий хилла хилар. Эстемирова Наталья а, Политковская Анна а, кхиберш а. Со сатесна ву Москвахь а, Соьлж-ГIалахь а Эстемирован цIарах урам хирг хиларе, иза бакъйолу турпалхо хиларна.
- Республиках лаьцна хIун ойланаш йисира хьан?
- Цигахь дицло хьо Оьрсийчохь хилар. Кхин культура, кхин кхача, ламасташ, кIеда климат, лаьмнаш. Амма Нохчийчохь Сталинан атмосфера хааелира суна. Массанхьа кхозуш ду КадыровгIеран портреташ. Да а, кIант а. Нохчий тIехдика халкъ ду, амма буьззинчу барамехь Iедалан Iуналлана кIеллахь ду.
- Кавказехь болх бан новкъарло-м ца йора хьуна ницкъаллин структурийн белхахоша?
- ГIалгIайчохь тIемалойн а, федералийн а рогIера тасадалар хиллачул тIаьхьа тIемалойх лаьцна репортаж ян сацам бинера ас. Сан цхьаьнакхета Iалашо яра гIалгIайн бакъонашларъярхошца. ТIом хилла меттиг гоне лаьцна яра, цига цхьа а ца витара. Амма ас къамел дира сайн Iалашонехь хиллачу нахаца. Тоъал материал а гулйина Владикавказе дIаваха новкъавелира со. ГIалгIайчоьнна а, ХIирийчоьнна а юкъахь йолчу постехь, кехаташ а теллина, лецира со. Лерринчу сервисийн белхахоша дIавигира со юханехьа Несара. Суна хаарехь, оццу дийнахь лаьцнера кхин цхьа корреспондент-зуда. Со левира, со шпион ву бохура. Амма ас цхьа а низам ца дохийнера, документаш а, виза а дерриг а хила ма деззара дара сан. ТIаккха эпсаро керла низамаш арадевлла элира цу регионехь, ткъа уьш ас дохийна аьлла.
Со сийсазвеш процедурех чекхваьккхира. ПIелгийн таммагIаш дохуш пхьарсашна басарш хьекхнера. Куьйгаш дила бакъо а ца луш, маситта сохьтехь полицин декъехь латтийра. Со юха а цу постехула чекхволуш салти соьгара ахча даккха гIоьртира.
ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а, Дагестан а ахкъевлина зона ю, къаьсттина кхечу пачхьалкхашкарчу нахана. Цигахь, соьца ма хиллара, шуьца хIуъа а хила мега мичча хенахь.
- Цул тIаьхьа Кавказехь хиллий хьо?
- ХIаъ. Москварчу метрохь эккхийтар динчул тIаьхьа иза динчу йоIан да-нана долчу вахара со. Со тIаьхьакхиа гIертарг дара, хIунда дина цо иза бохург. Дас дийцара, шен йоI хьекъал долуш яра бохуш.
- ТIаьхьакхиа аьтто белирий хьан?
- ШахIидийн гергарчара дуьйцург талла хала ду. Суна хетарехь, экономикан хьал а, хала дахар а ду кегийрхой радикалех дIакхетаран бух кхуллург. Iедало цу нахана дуьхьал вуно кIоршаме кепаш лелайо. Оцу проблеман мелла а кIорга орамаш ду, динан экстремизм хилла ца Iаш.
- Оьрсийчу ваха аьтто ца хилар дагахь доллуш вуй хьо?
- Ву. Суна билгалдаккха лууш ду цхьа хIума. Iедалан векалша бехке бо, со а, со саннарш а, русофобаш бу бохуш. Амма дерриг а нисса бIостанехьа ду. Суна Оьрсийчоь еза, цуьнан халкъ а, тетар а, Чехов а, Бунин а, Довлатов а, шун тIеххаза мотт а. Со цкъа а ца хилла шпион. Амма пачхьалкхо… И патриотийн "let's make Russia great again" боху ритрика, нахана хьалха моттаргIа ю. Ткъа Iедалан долара проект ахча а, Iаламан ресурсаш а лачкъор ю. Оцул тIаьхьа и ахча Малхбузехь охьадилла. Лондонан банкашкахь, масала. Оьрсийчуьрчу Iедалехь болчу нехан бераш доьшуш ду тходолчехь уггар езачу доларчу школашкахь. И школаш дукха еза ю тхуна а, амма оьрсийн Iедалхойн аьттонаш бу.
- Кавказах лаьцна яздеш вуй хьо хIинца а?
- Вац. Суна хетарехь, мехала ду хьо цигахь хилар, яздан хьо лууш хилча, тIаьхьакхиа Iедалан зорбан гIирсаш ечу пропагандана, билггала кхета бакъдерг хIун ду, харцдерг хIун ду, ахбакъдерг хIун ду бохучух. Со хIинца а хьакхало Оьрсийчоьнца йоьзначу теманех. Ас яздо олигархех лаьцна, Оьрсийчоь кхечу пачхьалкхашкарчу харжамашна юкъагIертарх лаьцна. Амма Кавказ мелла кIорге тема ю.