Оьрсийчохь Iедал ду Къилбаседа Кавказерчу республикийн хилла куьйгалхой даржашкара уьш дIабевллачул тIаьхьа федералан структурашкахь балха дIанисбеш. Болх боцуш цхьа а ца вуьсу, муьлхачу хьолехь цо регион йитина бохучуьнга хьаьжна доцуш.
Масала, Евкуров Юнус-Бек ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун даржера дIавелира, юкъаралла екъаялар нисделла республикехь аьлла. Цигарчу бахархошна иза дагахь виса мегаш ву, дукхахаболчу гIалгIашна цатайна Нохчийчоьнца доза билгалдаккхарх лаьцна низам тIеэцна хиларца. Цу низамана дуьхьал йолийна митингаш дIайирзира, цу дуьхьалонан акцийн лидерш лецарца.
Евкуровна, инарла-лейтенент а веш, дарж делира Оьрсийчоьнан тIеман министран когаметтан.
Цул хьалха ГIалгIайчоьнан президент хиллачу Зязиков Мурада Оьрсийчоьнан президентан хьехамчан болх бира 2008-2012-чу шерашкахь. 2012- шарахь ГIадужу-баттахь дуьйна иза гIаьнта хиира Юккъерчу федералан гонан векалан когаметтан.
Балхара дIаваьккхинчул тIаьхьа Москох дика меттиг еллачу нохчех хьалхарниг вара Завгаев Докку. 1991-чу шаре кхаччалц иза куьйгалла деш вара Нохч-ГIалгIайн автономин республикана, ткъа цул тIаьхьа Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш (1995-1996 шерашкахь) Завгаевх вира цу республикехь Кремло ханна кхоьллинчу администрацин куьйгалхо.
1996-чу шарахь Марсхьокху-баттахь Хасав-юьртахь машаран барт бинчул тIаьхьа Москох гIорасиз хиллира Нохчийчоьнна Iуналла дарехь. Амма Завгаев виц ца вира Кремлехь. Иза дипломатин балха хьажийра Танзане, Оьрсйчоьнан векал санна.
Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Завгаев цIавалийра Москох. Иза хIоттийра Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметта. 2009-чу шарахь дуьйна Завгаев Докка ву Словенехь Оьрсийчоьнан векал.
2004-2007-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент хиллачу Алханов Iалус хенал хьалха дитира шен дарж. Москох дIа а вигина, иза хIоттийра Оьрсийчоьнан юстицин министран когаметта.
Дагестанехь цу тайпа аьтто ца хилира цу республикан хьалхарчу шина куьйгалхочун -- Магомедов МохьмадIелин а, Алиев Мухун а. Ши а пенсе вахийтира, федералан тIегIантIехь дарж а ца луш.
Амма кхузахь тидаме эца деза Магомедов Дагестанан куьйгалхочун даржера дIаволуш а хене ваьлла стаг хилла хилар. Ткъа Алиевх догделира Москох Дагестанна эшаме болу Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а доза билгалдаккхарца боьзна барт бар цо юкъахдаккхарна.
Тешаш дийцарехь, и бахьана долуш Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей вуно дарвеллера, Алиев Мухус ша Азербайдажанан министр волуш санна лелаш ву, Оьрсийчоьнан министр а воцуш, аьллачул тIаьхьа.
2010-чу шарахь дуьйна Дагестанан куьйгалхо хиллачу Магомедов Мохьмадсаламана 2013-чу шарахь ХIинжа-ГIалара дIавоьдуш делира Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочун когаметтан дарж.
Цул тIаьхьа Дагестанна коьрте хIоттийна Абдулатипов Рамазан 2017-чу шарахь хIоттийра Таркхойн хIордан регионерчу пачхьалкхашца юкъаметтигаш дӀакхехьарехь гуманитаран а, экономикан а хаттаршкахула волу Оьрсийчоьнан президентан леррина векал. Карарчу хенахь иза Оьрсийчоьнан векал ву Исламан пачхьалкхийн Вовшахтохараллехь.
Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо хилла Дзасохов Александр пенсе вахале хьалха хилира Шемахь Оьрсийчоьнан векал а, Къилбаседа ХIирийчоьнан цIарх Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан декъашхо а.
2014-2018 шерашкахь ГIебартой-Балкхаройчоьнан куьйгалхо хилла Коков Юрий хIоттийра Оьрсийчоьнан кхерамазаллин кхеташонан секретаран когаметта. Ткъа цу республикан президент хилла Каноков Арсен ву цу республикан цIарх сенатор.
2011-чу шарахь Кхарачой-Чергазойчоьнан куьйгалхо хилла Эбзеев Борис, 4 шарахь ладоьгIуш Iийначул тIаьхьа, эххаре а юкъатуьйхира Оьрсийчоьнан коьртачу харжамийн комиссин декъашхошна.
Гуш ма хиллара, Къилбаседа Кавказехь ша хIиттийна куьйгалхой тесна ца буьту Кремло. Бакъдерг дийцича, иза хуьлу, нагахь цара аларцана шайга бохург кхочуш деш хиллехь.