Юсупов ИбрахIим
Маларчин мах
(эпиграмма)
Хьан хечин киснахь ду шиша,
Хеча-м ю заръелла, тиша.
ЦIийбелла, кхохкийна мара
Лууш бу ахь къаьркъа мала…
БIаьргаш ду хьан чIогIа сутар,
Къаьркъане сатуьйсуш гуттар.
Кхачадо мел доккха шиша,
Къурд барца ахь цхьацца-шишша.
Цул тIаьхьа хьо-м сихха веха,
БIизвоьлла хан йоккху ехха.
Юрт ю хьо сийсазвеш, кхаьрдаш,
Хьоьл сийлахь хеталуш хьаьрдаш.
Хоттане, 1976 шо